1
Доладалар 17:1
Делан Йозанаш
Ибраман дезткъе ткъайоьсна шо дара, Везачу Эло, хьалха а хӀоьттина, цуьнга аьлча: «Со Нуьцкъала Дела ву, Суна Ӏамал а е, хьанал ваха
താരതമ്യം
Доладалар 17:1 പര്യവേക്ഷണം ചെയ്യുക
2
Доладалар 17:5
Аса хьан цӀе хуьйцур ю: хьан цӀе Ибрам хир яц, ИбрахӀим хир ю, хӀунда аьлча Аса хьо дуккхачу а къаьмнийн да вийр ву.
Доладалар 17:5 പര്യവേക്ഷണം ചെയ്യുക
3
Доладалар 17:7
Гуттаренна а хьан тӀаьхьенашна буьсу болу барт бийр бу Аса Сайна а, хьуна а юкъахь: Со хьан а, хьан тӀаьхьенийн а Дела хир ву.
Доладалар 17:7 പര്യവേക്ഷണം ചെയ്യുക
4
Доладалар 17:4
«ХӀара ду вайшиммо барт барехь Аса тӀелоцун дерг: Аса хьо дукхачу къаьмнийн да вийр ву.
Доладалар 17:4 പര്യവേക്ഷണം ചെയ്യുക
5
Доладалар 17:19
Дала элира: «Билггала хьан зудчо Сарата вийр ву хьуна кӀант, ахьа цуьнан цӀе Исхьакх туьллур ю. Аса цуьнца Сайн барт бийр бу, цуьнан ерриг а тӀаьхьенашна гуттаренна а болу барт хир бу иза.
Доладалар 17:19 പര്യവേക്ഷണം ചെയ്യുക
6
Доладалар 17:8
Хьо тӀевеана лелаш волу КанаӀан-мохк берриг а хьуна дӀалур бу Аса. И мохк хьуна а, хьан тӀаьхьенашна а гуттаренна а дӀа а лур бу, церан Дела а хир ву Со».
Доладалар 17:8 പര്യവേക്ഷണം ചെയ്യുക
7
Доладалар 17:17
ИбрахӀим бертал вуьйжира, дагахь вела а воьлуш, цо бохура ша-шега: «БӀе шо кхаьчначу сан кӀант хир ву-те? Я дезткъе итт шо кхаьчначу Сарата бер дийр ду-те?»
Доладалар 17:17 പര്യവേക്ഷണം ചെയ്യുക
8
Доладалар 17:15
Дала элира ИбрахӀиме: «Аса хьан зудчунна Саретана керла цӀе туьллур ю. И цӀе хир ю Сарат.
Доладалар 17:15 പര്യവേക്ഷണം ചെയ്യുക
9
Доладалар 17:11
Шайн бехкечу меттера сов долу чкъор дӀахададе – иза вайна юкъарчу бертан билгало хир ю.
Доладалар 17:11 പര്യവേക്ഷണം ചെയ്യുക
10
Доладалар 17:21
Амма Сарата хьуна тӀедогӀучу шарахь хӀоккху хенахь вен волчу кӀантаца Исхьакхаца бийр бу Аса Сайн барт».
Доладалар 17:21 പര്യവേക്ഷണം ചെയ്യുക
11
Доладалар 17:12-13
КӀентан бархӀ де кхаьчча, аша иза сунтван веза. ХӀора шайна вина волу кӀант а, шаьш эцна лай а аша сунтван веза. Хьан цӀа чохь винарг а, ахь дети а делла эцнарг а сунтвина хила веза билггала. Шун догӀмаш тӀехь йолчу оцу билгалоно гойтуш болу Соьца бина барт тӀейогӀучу хенахь гуттара а хир бу.
Доладалар 17:12-13 പര്യവേക്ഷണം ചെയ്യുക
ആദ്യത്തെ സ്ക്രീൻ
വേദപുസ്തകം
പദ്ധതികൾ
വീഡിയോകൾ