YouVersion Logo
Search Icon

Яхьъя 8

8
1Ткъа Ӏийса Зайт-диттийн лам тӀе вахара. 2ТӀаккха Ӏуьйранна Ӏийса юха а Делан цӀийнан керта веара. Берриг нах оьхура Цунна тӀе. Охьа а хиъна, Ӏийсас нахана хьехамаш бира. 3Цу хенахь Ӏелам наха а, парушхоша а цхьа зуда, сийсаза лелаш йоллучу хенахь тӀе а кхаьчна, иза цу меттехь схьа а лаьцна, яла а йина, нахана юккъе дӀахӀоттийра. 4Цара Ӏийсага элира: «Устаз! ХӀара зуда нахаца лелаш йоллучохь схьалаьцна ю. 5#Ӏамалъяр 20:10; Карлабаьккхинарг 22:22-24. Ткъа Мусан хьехамо тӀедиллина и санначарна тӀулгаш кхоссар. ХӀинца Ахь хӀун эр дара?»
6И элира цара Ӏийса зерхьама а, Цуьнгара даьлла гӀалат тӀехтохархьама а. Ткъа Ӏийса, лохха охьа а таьӀна, лаьттахь пӀелгаца яздан волавелира. 7Ткъа цу наха Шега кхин а хеттарш дича, Ӏийсас, хьала а таьӀна, элира:
«Шена тӀехь къа доцучо уггар хьалха тӀулг кхосса цунна тӀе».
8Иза а аьлла, юха а охьатаьӀна, лаьтта тӀехь яздеш вара Ӏийса. 9Ткъа и дешнаш шайна хезча, цхьаъ вукхунна тӀаьххье а воьдуш, баккхийнаш хьалха а бовлуш, уьш дӀабахара. ТӀаккха Ӏийса Ша висира цигахь, керта юккъехь лаьтташ йолчу зудчуьнца 10Корта хьала а айина, Ӏийсас элира цу зудчуьнга:
«Зуда, уьш мичахь бу? Цхьаммо а кхел ца йи хьуна?»
11Зудчо элира: «Цхьаммо а ца йи, Эла».
«Аса а ца йо хьуна кхел, – элира Ӏийсас. – ДӀагӀо хьайна, амма кхул тӀаьхьа кхин иштта долу къинош ма летаде».
Ӏийса дуьненна елла серло ю
12 # Маттай 5:14; Яхьъя 9:5. Цул тӀаьхьа юха а элира Ӏийсас нахе: «Со дуьненна елла серло ю. Суна тӀаьхьахӀоьттинарг бодашкахь лелар вац, амма цуьнан бакъдолчу дахаран серло хир ю».
13 # Яхьъя 5:31. ТӀаккха парушхоша элира Цуьнга: «Айхьа-Хьайх тоьшалла до Ахь, цундела Хьан тоьшалла кхоччуш дац».
14Ткъа Ӏийсас, жоп луш, элира цаьрга: «Аса Айса-Сайх тоьшалла деш делахь а, Сан тоьшалла кхоччуш ду. ХӀунда аьлча Суна хаьа, Со мичара веана а, стенга воьду а, ткъа шуна ца хаьа, я Со мичара веана а, я Со стенга воьду а. 15Аша адамийн ламасташка хьаьжжина кхел йо, ткъа Аса цхьанна а кхел ца йо. 16Нагахь Ас кхел еш елахьара, Сан кхел бакъ хир яра, хӀунда аьлча Со цхьаъ вац, амма Со ваийтина Да а ву Соьца. 17#Карлабаьккхинарг 19:15. Шун товрат-хьехамна тӀехь а яздина ду, шина стага дина тоьшалла бакъ ду аьлла. 18Ткъа Сайх тоьшалла Ас-Айса а до, Со ваийтинчу Сан Дас а до».
19ТӀаккха элира Цуьнга: «Мичахь ву Хьан Да?»
Ӏийсас жоп делира: «Я Со а ца вевза шуна, я Сан Да а ца вевза. Шуна Со вевзахьара, Сан Да а вевзар вара».
20Иштта къамел деш вара Ӏийса Делан цӀийнан кертахь хазнина уллохь, Ша хьехамаш бечу хенахь. Цхьаммо а схьа ца лецира Иза, хӀунда аьлча Цуьнан хан хӀинца а тӀекхаьчна яцара.
Со воьдучу шу дахкалур дац
21Юха а элира Ӏийсас нахе: «Со дӀавоьду, ткъа аша лоьхур а ву Со, шайн къиношца лийр а ду шу. Со воьдучу шу дахкалур дац».
22ТӀаккха бохура динан куьйгалхоша: «Ша-Шен вен-м ца воллу те Иза? Цундела боху те Цо: „Со воьдучу шу дахкалур дац“?»
23Кхин а элира Ӏийсас: «Шу лахарчех ду, ткъа Со лакхарчех ву. Шу кху дуьненах ду, ткъа Со кху дуьненах вац. 24Ас аьлла-кх шуьга, шу шайн къиношца лийр ду, хӀунда аьлча, нагахь Суо Верг Со хиларх шу ца тешахь, шайн къиношца лийр ду шу».
25ТӀаккха элира цара Ӏийсага: «Хьо мила ву?»
Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Аса дуьххьара дуьйна шуьга Со ву аьлларг ву-кх. 26Дуккха а дара Сан шух лаьцна дийца а, шу бехке а деш, ала хӀума а. Амма Со Ваийтинарг бакъверг ву, ткъа хӀара Суна Цуьнгара хеззнарг ду. Цу Сайна хезначух лаьцна дуьйцу Ас дуьненна а».
27Ткъа уьш ца кхийтира, Ӏийсас шайга Шен стигаларчу Дех лаьцна дуьйцуш дуй. 28Цундела Ӏийсас элира: «Шаьш Адамийн КӀант хьалаваьккхича, тӀаккха хуур ду шуна Со волуш Верг Со хилар а, Аса Сайгара хӀума ца леладар а. Ткъа Сайн Дас хьехнарг бен ца дуьйцу Ас дуьненна. 29И Со Ваийтинарг Соьца ву. Цо Со цхьа ца витина, Ас даим а Цунна луъург до дела».
30Ӏийсас бохург хезаш болчех дукхахберш Цунах теша буьйлабелира.
Бакъдолчо паргӀатдохур ду шу
31Шех теша буьйлабеллачу яхӀудхошка Ӏийсас элира: «Нагахь шу Сан дош лардеш лелаш делахь, шу билггал Сан мурдаш ду. 32Шуна билггал долу бакъдерг а девзар ду, цу бакъдолчо шу паргӀат а дохур ду».
33 # Маттай 3:9; Лака 3:8. Ткъа цара жоп делира Ӏийсага: «Тхо ИбрахӀиман хӀух а ду, тхо цкъа а цхьанна а леш ца хилла. Ахь муха боху и: „Шу паргӀатдевр ду“?»
34Ӏийсас царна жоп делира: «Баккъалла а боху Ас шуьга: хӀора къа латош верг цу къинан лай ву. 35Лай шен оьмар хаддалц веха олахочун доьзалехь, ткъа кӀант хаддаза доьзалхо хилла вуьсу. 36Иштта, нагахь Адамийн КӀанта шу паргӀатдахахь, шу билггал паргӀат хир ду. 37Суна хаьа шу ИбрахӀиман хӀух дуйла, амма шу Со вен дагахь ду, Сан дош шайна чу ца тарло дела. 38Сайн Да волчохь гинначух лаьцна дуьйцу Ас, ткъа аша а шайн дегара хеззнарг леладо».
Шун да иблисах ву
39Ӏийсана жоп а луш, яхӀудхоша элира: «Тхан да ИбрахӀим ву».
Ткъа Ӏийсас элира цу яхӀудхошка: «Нагахь шу ИбрахӀиман хӀух делахьара, ИбрахӀима дина доллу гӀуллакхаш дийр дара аша. 40Ткъа хӀинца Со вен дагахь лоьху аш, Со шуьга билггал бакъдерг аьлла Стаг воллушехь. И бакъдерг Суна Делера хезна. Ткъа аш дийриг ИбрахӀима ца дора. 41Аша шайн дас динна гӀуллакхаш до».
ТӀаккха цара Ӏийсага элира: «Тхо къотӀалгӀадина дац. Цхьа Да ву тхан. Иза Дела ву».
42Ӏийсас элира цаьрга: «Шун Да Дела велахьара, Со шуна везар вара, хӀунда аьлча Со, Делера схьа а ваьлла, кхуза схьавеана. Ткъа Со Сайгара веана вац, амма Дас ваийтина ву. 43ХӀунда ца кхета те шу Сан къамелах? Иза сан дош шуна хаза йиш йоцу дела ду. 44Шун да иблис ду, ткъа шуна а лаьа шайн ден лаамаш кхочушбан. Иблис юьххьехь дуьйна а адам доьриг ду, иза бакъдолчунна тӀехь ца Ӏийра, шеца бакъдерг доцу дела. Цо харцдерг дуьйцучу хенахь шениг дуьйцу, хӀунда аьлча иза харцдерг дуьйцург а ву, харцдолчун да а ву. 45Ткъа Аса билггал долу бакъдерг дуьйццушехь, Сох шу ца теша. 46Шух муьлхачо бехке вийр вара Со, Ас къинош летадо аьлла? Ткъа Ас билггал долу бакъдерг дуьйцуш доллушехь, шу Сох хӀунда ца теша? 47Ша Делера Волчо ладугӀу Делан дешнашка. Амма шаьш Делера доцу дела, аша ла а ца дугӀу».
ИбрахӀим хилале хьалха Со хилла
48Аьллачунна дуьхьал жоп луш, яхӀудхоша элира Ӏийсага: «Ткъа тхо бакъ луьйш дац: „Хьо шамранхо ву, Хьуна чохь жин ду“, – оха аьлча?»
49Ӏийсас жоп делира: «Суна чохь жин дац. Аса Сайн Ден сий до, ткъа аша Со сийсазво. 50Сайн сий дар ца лоьху Ас. И Лоьххург – кхел Йийриг а ву. 51Баккъалла а боху Ас шуьга: Сан дош кхочушдечунна цкъа а валар гур дац».
52ЯхӀудхоша элира Ӏийсага: «ХӀинца билггал хии тхуна Хьуна чохь жин хилар. ХӀунда аьлча ИбрахӀим а велла, пайхамарш а белла, ткъа Ахь боху, Хьан дош кхочушдеш верг цкъа а лийр вац. 53Баккъалла-м вац те Хьо тхан веллачу дел ИбрахӀимал а воккха? Ткъа пайхамарш а белла. Хьайх мила ву олу Ахьа?»
54Ӏийсас жоп делира: «Нагахь Ас-Айса Сайн сийлалла дахь, и Сан сийлалла хӀумма а доцург ду. Сан сий аша шайн Дела ву бохучу Сан Дас лакха доккху. 55Шуна-м Иза вовза а ца вевзина, ткъа Суна вевза Иза. Нагахь Ас Сайна Иза ца вевза алахь, Со а хир ву шух терра харцдерг дуьйцург. Амма Суна И вовза а вевза, Аса Цуьнан дош а лардо. 56Шун дас ИбрахӀима хазахетарца ладугӀура Со ван везачу дийне, ткъа и де ган а гира, хаза а хийтира цунна».
57Ӏийсас аьллачунна дуьхьал яхӀудхоша элира: «Хьан хӀинца а шовзткъе итт шо а ма ца кхаьчна? Хьуна ИбрахӀим гина?»
58ТӀаккха Ӏийсас элира: «Баккъалла а боху Ас шуьга: ИбрахӀим хилале дуьйна, Со волуш Верг ву Со».
59ТӀаккха тӀулгаш схьаийцира цара Ӏийсана детта дагахь. Амма Иза, царна юккъехула къайлаха чекх а ваьлла, Делан цӀийнан кертара дӀавахара.

Currently Selected:

Яхьъя 8: CHE

Tõsta esile

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in