YouVersion Logo
Search Icon

Яхьъя 7

7
Ӏийсан вежарийн Цунах цатешар
1Цул тӀаьхьа Галилай-махкахула лелаш вара Ӏийса. ЯхӀуд-махкахула лела ца лаьара Цунна, цигара динан куьйгалхоша Ша вен лоьхий хууш. 2#Ӏамалъяр 23:34; Карлабаьккхинарг 16:13. ТӀедогӀуш дара Кхалорийн деза денош#7:2 Кхалорийн деза денош – Уьшялта чудерзорна лерина Далла хастам баран деза денош ду. Цу дезачу деношкахь адамаш кхалораш чохь Ӏаш дара..
3ТӀаккха Ӏийсан вежарша элира Цуьнга: «Кхузара дӀа а валий, ЯхӀуд-махка гӀохьа, Айхьа деш долу гӀуллакхаш Хьайн мурдашна а гайтархьама. 4ХӀунда аьлча ша гӀаравала лууш волчу цхьаммо а ша деш долу цхьа а гӀуллакх къайлаха ца до. Нагахь Айхьа иштта гӀуллакхаш деш хилча, дуьненна а Хьо вовзийта».
5ХӀунда аьлча Ӏийсан вежарий а бацара Цунах тешаш.
6Цунна дуьхьал Ӏийсас элира цаьрга: «Сан хан хӀинца а тӀе ца кхаьчна, ткъа шун хан гуттара а ю. 7Кху дуьненна шу ца деза бахьана дац. Ткъа Со ца веза адамашна, Ас церан гӀуллакхаш зуламе ду аьлла, тоьшалла до дела. 8Шу гӀо шайна и деза де даздан. Сан хан хӀинца а тӀе ца кхаьчна дела, Со ца воьду цига#7:8 Со ца воьду цига – кхечу тептарш тӀехь: Со цкъа ца воьду цига.».
9Цаьрга иза а аьлла, Ӏийса Галилайхь висира.
Дезачу дийнахь Ӏийса Ярушалайме вахар
10Амма Шен вежарий и деза де даздан дӀабахча, Ӏийса а вахара цига, Ша ца гойтуш, къайлаха. 11Цу дезачу дийнахь динан куьйгалхой Иза лоьхуш бара. Цара хоьттура: «Мичахь ву Иза?» – бохуш. 12Нахана юкъахь дукха хабарш дара Ӏийсах лаьцна хезаш. Цхьаболчара: «Иза дика стаг ву», – олура, ткъа кхечара: «ХӀан-хӀа вац, Цо нах лебо», – олура. 13Делахь а динан куьйгалхойх шаьш кхерарна, цхьаммо а къайлаха бен ца дуьйцура Цунах лаьцна.
14Амма деза денош юккъе дахханчу хенахь Ӏийсас, Делан цӀийнан керта а вахана, хьехамаш бира. 15Динан куьйгалхой цецбуьйлура: «Иза цхьанхьа а доьшуш ма ца гора, оццул хӀума муха хаьа Цунна?» – бохуш.
16Ӏийсас, царна жоп луш, элира: «Ас бо хьехам Сан бац, ткъа Со Ваийтинчун хьехам бу. 17Цуьнан лаам кхочушбан луучунна хуур ду кху хьехамах лаьцна, Делера ду те иза, я Ас Сайгара боху те. 18Ша-шегара бохучо шена сийлалла лоьху. Ткъа Иза Ваийтинчун сийлалла лоьхург билггал бакъ ву, Цуьнца харцо яц. 19Муса-пайхамаро ца белла шуна товрат-хьехам? Ткъа шух цхьа а цу хьехамо ма-бохху ца лела. ХӀунда лоьху аш Со вен дагахь?»
20Наха жоп делира: «Жин-м дац Хьуна чохь? Мила ву Хьо вен лоьхург?»
21Ӏийсас, кхин дӀа а къамел деш, элира цаьрга: «Цхьа гӀуллакх дира Ас, ткъа шу дерриш а цецдуьйлу. 22#Ӏамалъяр 12:3; Доладалар 17:10. Муса-пайхамаро сунтдар тӀедожийна шуна, (иза цуьнгара а доцуш, дайшкара схьадаьлла дара). Ткъа аша Далла леринчу шоьтан дийнахь а сунтдо бераш. 23#Яхьъя 5:9. Нагахь Муса-пайхамаран хьехамо бохург ца дохорхьама, бераш шоьтан дийнахь а сунтдеш хилча, Суна оьгӀазло хӀунда йо аша, Аса шоьтан дийнахь стаг верриг а цамгарх товина аьлла? 24Адамна тӀехьаьжна ма е кхел, ткъа кхел бакъонца е».
И вуй те Дала леррина Къобалвинарг?
25Кхузахь болчу ярушалаймхойх цхьаболчара бохура: «ХӀара-м вац те вен лоьхург? 26ХӀинца ХӀокхо, лечкъа ца деш, дерриг ма-дарра схьа ма дуьйцу, хӀетте а Кхунна дуьхьал цхьаммо а хӀума ма ца олу. Билггала ХӀара Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла, тешна бу те куьйгалхой? 27Амма вайна ХӀара мичара схьавеана хаьа. Ткъа Дала леррина Къобалвинарг схьавеача, цхьанна а хуур дац, Иза мичара ву».
28ТӀаккха Ӏийсас, аз а айдина, Делан цӀийнан кертахь хьехамаш а беш, дӀакхайкхийра: «Со а вевза шуна, Со мичара ву а хаьа шуна. Ткъа Со Сайгара веана вац. Со Ваийтинарг шуна ца вевза, Иза билггал бакъ воллушехь. 29Суна вевза Иза, Со Цунах схьаваьлла дела а, Цо Со ваийтина дела а».
30Ӏийса схьалацархьама лийхира наха, амма цхьанна а стага Цунна тӀе куьг ца кховдийра, хӀунда аьлча Цуьнан хан хӀинца а тӀе ца кхаьчнера. 31Ткъа тобанна юкъара дукхах болу нах тийшира Цунах. Цара бохура: «Дала леррина Къобалвинарг веача, Цо ХӀокхо гайтинчул сов гойтур юй те тамашийна билгалонаш?» 32ТӀаккха парушхошна Ӏийсах лаьцна дуьйцу иштта хабарш хезира тобанна юкъахь. Динан коьртачу дайша а, парушхоша а гӀаролхой бахийтира Ӏийса схьалацийтархьама. 33ТӀаккха Ӏийсас элира: «Кхин а кӀеззигчу хенахь Ӏийр ву Со шуьца, цул тӀаьхьа Со Ваийтинчунна тӀе гӀур ву Со. 34Со лоьхур ву аша, амма карор вац шуна Со, ткъа Со хир волчу метте шу дахкалур дац».
35ТӀаккха динан куьйгалхоша вовшашка элира: «Вайна карор а воцучу, стенга ваха воллу те Иза? Вайн махкара дӀа а бахана, грекахойн меттигашкахь Ӏаш болчу нахана тӀеваха-м ца воллу те Иза? Цигарчу нахана хьехам бан лаьий те Цунна? 36ХӀун маьӀна ду те Цо аьллачу дешнийн: „Со лоьхур ву аша, амма карор вац шуна, ткъа Со волчу метте шу дахкалур дац“?»
«Дийначу хин» шовданаш
37 # Ӏамалъяр 23:36. Сийлахь-доккхачу дезачу денойн тӀаьххьарчу дийнахь Ӏийсас, дӀа а хӀоьттина, кхайкхам беш, элира: «Шаьш хьогах долчара, Суна тӀе а дуьйлий, мала шайна. 38#Яхьазкхиал 47:1; Закри-ЯхӀу 14:8. Сох тешначун, Делан Йозанашна тӀехь ма-аллара, кийрара „дийначу хин“ шовданаш оьхур ду».
39Иза Цо элира Шех тешаш болчара тӀеоьцур долчу Делан Синах лаьцна. Ткъа царна чохь хӀинца а Делан Са дацара, хӀунда аьлча Ӏийса Дас сийлалла даза вара.
Адамийн тоба екъаялар
40 # Карлабаьккхинарг 18:15-18; Яхьъя 1:21. И дешнаш шайна хезча, нахах цхьаболчара олура: «Иза билггал ван веза пайхамар ву-кх». 41Вукхара олура: «Иза Дала леррина Къобалвинарг ву». Кхечара: «Галилай-махкара вогӀур ву ткъа Дала леррина Къобалвинарг?» – олура. 42#Дауд 7:12; Мика-ЯхӀу 5:2. «Делан Йозанаш тӀехь а аьлла дацара Дала леррина Къобалвинарг, Дауд-паччахь схьаваьлла волчу Байтлахам-гӀалара а волуш, Даудан хӀух хир ву?»
43ТӀаккха Ӏийса бахьана долуш адамийн тоба шина декъе екъаелира. 44Царах цхьаберш Ӏийса схьалаца лууш бара, амма цхьаммо а Цунна тӀе куьг ца кховдийра.
Динан куьйгалхойн цатешар
45Иштта и бахана болу гӀаролхой, юха а бирзина, динан коьртачу дайшна а, парушхошна а хьалха тӀебаьхкира. Вукхара хаьттира: «Схьа хӀунда ца валийна аша Иза?»
46Ткъа гӀаролхоша жоп делира: «ХӀинццалц цхьанна а стага ца дина-кх цу Стага динарг санна къамел».
47ТӀаккха парушхоша элира: «Шу а Ӏеха-м ца дина те Цо? – аьлла. – 48Куьйгалхойх я парушхойх цхьа а гиний шуна Цунах тешна? 49Амма оцу тобанна товрат-хьехам ца бевза, цундела Делан неӀалт ду царна тӀехь».
50 # Яхьъя 3:1, 2. ТӀаккха парушхойх волчу цхьаммо, хьалха Ӏийсана тӀевогӀуш хиллачу Нукха-Демис, элира: 51«Вайн товрат-хьехамо стаге ла а догӀале, цо хӀун леладо а хаале, кхел йо боху ткъа?»
52ТӀаккха парушхоша Нукха-Демига жоп делира: «Хьо-м вац те Галилай-махкара? Талла а таллий, хьажа, тӀаккха хуур ду хьуна, цхьа а пайхамар Галилай-махкара ца вогӀий».
Нахаца лелаш йолу зуда схьалацар#7:53–8:11 Уггар ширачу тептарш тӀехь и аяташ дац. Цхьаццадолчу тептарш тӀехь и дийцар кхечу меттигашкахь далош ду.
53ТӀаккха хӀора а шен-шен цӀа дӀавахара.

Currently Selected:

Яхьъя 7: CHE

Tõsta esile

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in