YouVersion Logo
Search Icon

Яхьъя 17

17
Ӏийсан доӀа
1И дешнаш а аьлла, Шен бӀаьргаш стигала хьала а хьажийна, Ӏийсас элира: «Дада! ТӀедеана и сахьт. Гайтахьа Хьайн КӀентан сийлалла, Цуьнга а Хьайн сийлалла гайтийта. 2ХӀунда аьлча массо а адамна тӀехь олалла дан бакъо елла Ахь Цунна, Ахьа Шена беллачарна массарна а Хьо волчохь хедар доцу дахар Цуьнга далийтархьама. 3Ткъа Хьо волчохь хедар доцу дахар бохург ду: цхьаъ бен воцу бакъволу Дела волу Хьо а, Ахьа дуьнен чу вахийтина волу Айхьа леррина къобалвина волу Ӏийса а вовзар. 4Ахьа Сайна тӀедиллина гӀуллакх кхочуш а дина, кху лаьттахь Хьан сийлалла гайти Ас. 5Ткъа хӀинца, Дада, Ахьа сийлахьвехьа Со Хьайна хьалха, дуьне кхоллале дуьйна а, Хьо волчохь Сан хилла долчу сийлаллица.
6Ахьа кху дуьнен чохь Сайна делла долчу адамашна, гучуяьккхира Ас Хьан цӀе. Уьш Хьан дара, ткъа Ахьа Суна деллера уьш. Цара Хьан дош лардира. 7Ткъа хӀинца хаьа царна дерриг Ахь Суна делларг Хьоьгара хилар. 8И Ахь Суна делла дешнаш Ас цаьрга дӀаделла. Ткъа цара и дешнаш тӀеийцира. Уьш кхийтира, баккъал а Со Хьох схьаваьллий. Уьш тийшира Со Ахьа вахийтина хиларх. 9Ас доьху Хьоьга царна тӀера. Ас ца доьху дуьненарчу дерриге а адамашна тӀера, амма Ахь Суна деллачарна тӀера, уьш Хьан долу дела. 10Сан мел дерг Хьан ду, ткъа Хьайниг Сан ду. Цаьргахула Сан сийлалла гучуяьлла. 11Со хӀинца дуьйна кху дуьненахь хир вац, амма уьш дуьненахь бу. Ткъа Со Хьо волчу вогӀу. Веза Дада! И Айхьа Суна белларш Хьайн цӀеран олаллица#17:11 Хьайн цӀеран олаллица – цхьадолчу тӀаьхьа арадевллачу тептарш тӀехь: Хьайн дуьхьа. Ӏалашбехьа, Ахьа Суна белла болу уьш а, Вайшиъ санна, цхьаалла йолуш хилийтархьама. 12#Забур 40:10; Яхьъя 13:18. Со цаьрца дуьнен чохь волчу хенахь, Ахьа Суна деллачу Хьан цӀеран олаллица Ас уьш Ӏалашбира. Царах цхьа а Ас ца вайира, хӀаллакьхила везаш волу стаг воцург, Делан Йозанаш тӀехь дерг кхочушхилийтархьама.
13Ткъа хӀинца Хьуна тӀевогӀу Со. Амма хӀара Ас хӀинца Со дуьненахь волуш боху, Сан хазахетар ма-дарра, церан дегнаш чохь иза дуьззина хилийтархьама. 14Ас Хьан дош царна деара, амма дуьненна и адамаш ца дийзира, уьш, Со санна, кху дуьненара доцу дела. 15Ас ца доьху Ахь и нах кху дуьненара дӀаэцар, амма доьху Ахь уьш вонах ларбар. 16Уьш а, Со санна, кху дуьненах бац. 17Хьайн билггал долчу бакъдолчуьнца уьш Хьайн дола бахахьа. Хьан дош ду бакъдерг. 18Ахьа Со дуьнен чу ваийтаре терра, Ас уьш а хьажабо дуьнен чу. 19Аса церан дуьхьа Со дӀало Хьан дола, уьш а бакъдолчуьнца Хьан дола бахийтархьама.
20Ас доьху Хьоьга, деккъа церан дуьхьа а доцуш, амма церан дешнашкахула Сох тешар долчеран дуьхьа а. 21Ас доьху уьш берриш цхьаъ хилийта. Хьо, Сан Дада, Соьца а, Со Хьоьца а санна, уьш а Вайца хилийтахь, Со Ахь ваийтина хиларх дуьне тешийтархьама. 22Ахь Суна делла долу сийлалла Ас царна а делла, уьш а, Вайшиъ санна, цхьаъ хилийтархьама. 23Со цаьрца а, Хьо Соьца а санна, хуьлийла уьш а кхоччуш цхьаалла йолуш, дуьне тешийтархьама Ахьа Со вахийтина хиларх а, Со санна, Хьуна уьш безна хиларх а.
24Дада! И Ахь Суна белларш Со волчохь Соьца хила лаьара Суна. Царна а ган лаьа Суна Ахь делла долу сийлалла, хӀунда аьлча Хьуна Со дуьне кхоллале дуьйна а везнера. 25Бакъволу Дада! Дуьненна ца вевзира Хьо, ткъа Суна вевза Хьо. Ахьа къастийначарна а хиира Ахь Со ваийтина хилар. 26Аса гучуяьккхира царна Хьан цӀе, хӀинца чул тӀаьхьа а гучуйоккхур ю, Хьан Соьга боллу безам церан хилийта а, Со цаьрца хилийта а».

Currently Selected:

Яхьъя 17: CHE

Tõsta esile

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in