YouVersion Logo
Search Icon

Яхьъя 18

18
Ӏийсана ямартло яр а, Иза лацар а
(Маттай 26:47-56; Марк 14:43-50; Лака 22:47-53)
1Шен доӀа дина а ваьлла, Ӏийса Шен мурдашца Кхидрун-хин тогӀина дуьхьал агӀор йолчу беша дӀаволавелира. Цу беша бевлира Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а. 2Ткъа Ӏийсана ямартло еш волчу ЯхӀудана а евзара и меттиг, хӀунда аьлча Ӏийса а, Цуьнан мурдаш а кест-кестта гуллора цигахь. 3Иштта ЯхӀуд а веара цига, шеца римхойн тӀемалойн тоба а, динан коьртачу дайша а, парушхоша а хьовсийна гӀаролхой а балош. Церан карахь стогарш а, цӀераш латийна хаьштигаш а, герз а дара.
4Ткъа хьалххе дуьйна а Шех хин дерг хууш волчу Ӏийсас, хьалха а ваьлла, элира цаьрга: «Аша мила лоьху?»
5Цунна жоп делира: «Назартера Ӏийса лоьху», – аьлла.
ТӀаккха Ӏийсас элира: «Со ву-кх Иза».
Ткъа баьхкинчаьрца лаьтташ Ӏийсана ямартло еш волу ЯхӀуд вара. 6Ӏийсас «Со ву Иза» аьлча, уьш берриш, юха а бевлла, лаьтта охьаийгира.
7ТӀаккха Ӏийсас юха а хаьттира цаьрга: «Аша мила лоьху?»
Цара жоп делира: «Назартера Ӏийса», – аьлла.
8Ткъа Ӏийсас элира: «Ас элира шуьга, Со ву И, аьлла. Нагахь аша Со лехахь, хӀорш, Ӏадбитий, дӀабахийта».
9Иштта кхочушхилира Ӏийсас аьлла дешнаш: «Ахь Суна беллачех Ас цхьа а ца вайина».
10ТӀаккха шегахь тур долчу ШамӀа-Кипас, иза баттара а даьккхина, динан коьртачу ден ялхочунна тур а тоьхна, цуьнан аьтту лерг тӀерадаьккхира. Оцу ялхочун цӀе Малх яра. 11#Маттай 26:39; Марк 14:36; Лака 22:42. Ӏийсас Кипе элира: «Батта чу дилла хьайн тур. Сайн Дас мала аьлла белла баланийн кад ца молуш Ӏийр вара ткъа Со?»
Ӏийса динан коьртачу дена хьалха валавар
12Цул тӀаьхьа тӀемалоша а, церан коьртачу хьаькамо а, динан куьйгалхоша схьабахкийтинчу гӀаролхоша а Ӏийса, схьа а лаьцна, дӀавихкира. 13ТӀаккха Ӏаннина тӀевигира цара Ӏийса, Ӏанна цу шарахь динан коьрта да волчу Кайбан стунда хиларна. 14#Яхьъя 11:49, 50. Ткъа Кайба вара динан куьйгалхошка, халкъан дуьхьа цхьа стаг валар гӀоле ю аьлла, хьехам бинарг.
Кипас Ӏийса дӀатасар
(Маттай 26:69, 70; Марк 14:66-68; Лака 22:55-57)
15Ӏийсана тӀаьхьахӀоьттина воьдуш вара ШамӀа-Кипа а, кхин цхьа мурд а. И мурд динан коьртачу дена вевзаш вара, цундела иза Ӏийсаца цхьаьна динан коьртачу ден керта чу велира. 16Ткъа Кипа кертан кевнал арахьа лаьтташ вара. ТӀаккха оцу динан коьртачу дена вевзаш волчу вукху мурдо, ара а ваьлла, кертан кевнехь гӀарол дечу зудчуьнга а аьлла, Кипа чоьхьа ваьккхира. 17ТӀаккха оцу кевнехь лаьттачу зуда-ялхочо Кипе элира: «Хьо а вац хӀокху Стеган мурдех?»
Кипас элира: «Вац».
Динан коьртачу дас Ӏийсага барт хаттар
18Цигахь шийла хиларна, кӀора багош, бохлуш лаьтташ леш а, гӀаролхой а бара. Цаьрца вохлуш лаьтташ Кипа а вара.
19Динан коьртачу дас мурдех а, Цо бечу хьехамех а лаьцна хаьттира Ӏийсага. 20Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Аса, хьул ца деш, дерриг дӀадийцира дуьнене. Гуттара а гуламан цӀеношкахь я Делан цӀа чохь, вайн массо нах гуллучохь, хьехамаш бора Аса. Аса къайлаха хӀумма а ца дуьйцура. 21Ахьа Соьга хӀунда хоьтту и? Хезначаьрга хатта, Аса шайга хӀун дуьйцура. Царна хаьа хьуна, Аса хӀун аьлла».
22Ӏийсас и аьлча, юххехьа лаьттачу гӀаролхочо, Ӏийсан юьхь тӀе тӀара а тоьхна, элира Цуьнга: «Иштта жоп лур дара Ахьа динан коьртачу дега?»
23Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Ас цхьа хӀума нийса ца аьллехь, схьаала, иза иштта дац аьлла. Аса нийса аьллехь, Суна хӀунда етта ахь?»
24ТӀаккха Ӏийса, вихкина а волуш, динан коьрта да волчу Кайбана тӀехьажийра Ӏаннас.
Кипас юха а Ӏийса дӀатасар
(Маттай 26:71-75; Марк 14:69-72; Лака 22:58-62)
25Ткъа ШамӀа-Кипа хӀинца а вохлуш лаьтташ вара. ТӀаккха элира цуьнга: «Хьо-м вац те Цуьнан мурдех?»
«Вац», – аьлла, дӀахадийра Кипас.
26Кипас лерг даьккхинчун гергара волчу, динан коьртачу ден ялхойх цхьаммо элира: «Хьо вацара Цуьнца цхьаьна бешахь суна гинарг?» 27Иштта Кипас юха а элира: «Вацара». Ткъа цу сохьта нӀаьна кхайкхира.
Ӏийса Пулатана хьалха схьавалаво
(Маттай 27:1, 2, 11-14; Марк 15:1-5; Лака 23:1-5)
28Иштта Кайба волчуьра римхойн урхалхочун гӀишлона чу вигира Ӏийса. Цу хенахь Ӏуьйре яра. Динан куьйгалхой шаьш гӀишлона чу ца бевлира, Далла хьалха сийсаз ца бовла, шайн Пасахьан суьйренан пхьор даархьама. 29ГӀишло чуьра араваьллачу Пулата динан куьйгалхошка хаьттира: «Кху стагана дуьхьал баккха хӀун бехк балабо аша?»
30Цара, жоп луш, элира: «Цо зулам ца динехьара, хьан кара дӀавелла хир вацара оха Иза».
31ТӀаккха Пулата элира цаьрга: «Аша, Иза дӀа а эций, шайн Ӏедало ма-бохху, кхел е Цунна».
Динан куьйгалхоша элира: «Тхуна цхьанна а веран кхел яр кхочушдан ца магадо».
32 # Яхьъя 3:14; 12:32. Иза хилира Ӏийсас Шен валар муха хир ду дӀахоуьйтуш аьлла долу дешнаш кхочушхилийтархьама. 33ТӀаккха Пулата, юха а гӀишло чу а вахана, Ӏийса шена тӀе а кхайкхина, хаьттира Цуьнга: «Хьо жуьгтийн къоман Паччахь ву?»
34Ӏийсас жоп делира: «Хьайгара боху те ахьа иза, я кхечара аьлла те хьоьга Сох лаьцна?»
35Пулата, жоп луш, элира: «Жуьгти ву ткъа со? Хьан халкъо а, динан коьртачу дайша а схьавелла-кх Хьо сан кара. Ахь хӀун дина?»
36Ӏийсас жоп делира: «Сан Пачхьалкх кху дуьненара яц. Нагахь Сан Пачхьалкх кху дуьненара елахьара, Сан ялхой, Со динан куьйгалхойн кара ца вахийта, Сан дуьхьа летар бара. Ткъа хӀинца Сан пачхьалкх кхузара яц».
37ТӀаккха Пулата элира Ӏийсага: «Хетарехь, Хьо хӀетте а Паччахь ву-кх?»
Ӏийсас жоп делира: «Ахь боху-кх Со Паччахь ву. Со кху дуьнен чу веана бакъдолчух тоьшалла дархьама. Муьлххачо а, ша билггал бакъдолчух волчо, ладугӀу Сан озе».
38Цунна дуьхьал Пулата хаьттира: «Билггал бакъдерг хӀун ду?»
Ӏийса вен кхел йо
(Маттай 27:15-31; Марк 15:6-20; Лака 23:13-25)
Иза а аьлла, Пулат юха динан куьйгалхошна тӀевахара. Цо элира: «Цуьнан бехк болуш цхьа а хӀума ца го суна. 39Пасахьан дийнахь гуттара а деш цхьа хӀума ма ду шун: тутмакхех цхьаъ паргӀатвоккхуьйтуш. Иштта, ас хӀара жуьгтийн къоман Паччахь дӀахеца лаьий шуна?»
40Цара маьхьарий хьаькхира: «ХӀара ма хеца, Барраб схьахеца», – аьлла. Ткъа Барраб талорхо вара.

Currently Selected:

Яхьъя 18: CHE

Tõsta esile

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in