YouVersion Logo
Search Icon

Марк 9

9
1ТӀаккха кхин а элира Ӏийсас: «Аса баккъалла а боху шуьга: шуна юкъарчу цхьаболчарна шаьш кхалхале Делан Олалла гур ду шен мел болчу ницкъаца».
Ӏийса хийцавалар
(Маттай 17:1-13; Лака 9:28-36)
2 # 2 Кипин 1:17, 18. Ялх де даьлча, Шеца Кипа, Якъуб, Яхьъя бен кхин цхьа а ца вуьгуш, Ӏийса лекхачу лам тӀе велира. Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира. 3Цунна тӀера духар бӀаьрг тӀе а ца хӀуттуш кӀайделира, хӀокху лаьтта тӀехь хӀуманаш юьттучу цхьана а стага кӀайдийр доцучу тайпана. 4Церан бӀаьрг кхийтира Ӏийсаца къамел деш волчу Эли-ЯхӀу-пайхамарххий, Муса-пайхамарххий. 5Кипас, Ӏийсагахьа а вирзина, элира: «Устаз! Ма дика Ӏа вай кхузахь, кхо кхалор ей вай: цхьаъ Хьуна, цхьаъ Мусана, цхьаъ Эли-ЯхӀуна». 6Кипас элира и, ша хӀун эр ду а ца хиъна, хӀунда аьлча мурдаш чӀогӀа кхерабеллера. 7#Маттай 3:17; Марк 1:11; Лака 3:22. Ткъа цу хенахь, марха тӀе а еана, уьш дӀахьулбелира цуьнан ӀиндагӀехь, мархашна юкъара аз хезира: «ХӀара ву Суна дукхавезаш волу Сан КӀант. Цуьнга ладогӀа!» – аьлла. 8Цу сохьта, уьш шайна гонах хьаьжча, царна юххехь кхин цхьа а ца гира, Ӏийса воцург.
9Уьш лам тӀера охьабуьссучу хенахь, Ӏийсас царна тӀедиллира, шайна гиначух лаьцна цхьаьнгге а ца дийцар, Адамийн КӀант веллачуьра денваллалц. 10Мурдаша хилларг къайладаьккхира, амма вовшашлахь цара хоьттура: «Веллачуьра денвалар хӀун ду те?» 11#Малъаки 4:5; Маттай 11:14. Цара хаьттира Ӏийсага: «Хьалха Эли-ЯхӀу-пайхамар ван веза хӀунда олу те Ӏелам наха?»
12Ӏийсас жоп делира царна: «ХӀаъ, хьалха билггала Эли-ЯхӀу-пайхамар ван веза, массо а хӀуманна тӀехь низам хӀотторхьама. Ткъа Адамийн КӀантах лаьцна яздина хӀунда ду, Цо дуккха а баланаш хьоьгур бу, Иза сийсаз а вийр ву аьлла? 13Амма Ас боху шуьга, Эли-ЯхӀу-пайхамар цкъа веанера, цунна а шайна луъург дира, цунах лаьцна яздина ма-хиллара».
Жино хьийзош волу кӀант туовар
(Маттай 17:14-21; Лака 9:37-43)
14Уьш шайн бисинчу мурдашна тӀе юхабирзича, царна гонах йоккха тоба а, цаьрца къуьйсуш лаьтташ Ӏелам нах а гира ӀийсагӀарна. 15Цу сохьта, Ӏийса а гина, массо а адам цецдаларца тӀехьаьдира, Цуьнга маршалла хаттархьама. 16Ӏийсас хаьттира цаьрга: «ХӀун къуьйсу аш цаьрца?» – аьлла.
17Тобанна юкъара цхьана стага жоп делира Цуьнга: «Устаз! Сайн кӀант валийна аса Хьуна тӀе. Иза мотт сацочу жино хьийзаво. 18И жин тӀе а кхоссалой, и кӀант цо лаьттах тоьхча, цуьнан бетах чопа а хӀуттий, цергаш а хьекхош, Ӏада а вой, вуьсу иза. Хьан мурдашка и жин арадаккхар дехнера аса, амма цаьрга иза дан ца дели».
19ТӀаккха Ӏийсас элира, цаьргахьа а вирзина: «Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Аса шу? Схьавалаве иза Суна тӀе».
20КӀант Ӏийсана тӀе валийра. Ӏийса гича, жино кӀантана лазар а даийтина, иза охьатуьйхира. Ткъа важа, лаьтта охьа а воьжна, керча а керчаш, багара чопа а оьхуш дӀахӀоьттира. 21ТӀаккха Ӏийсас хаьттира цуьнан дега: «Мел хан ю цунна иза хуьлуш долу?»
«Беран хенахь дуьйна», – элира дас. 22«Дукхазза а жино цӀерга а, хи чу а кхоьссина иза, верхьама. Нагахь Хьайга хӀуъа а цхьа хӀума далур делахь, тхох къинхетам бай, гӀо дехьа тхуна».
23Ӏийсас жоп делира цунна: «Дан лур делахь?! – Дерриге а далур ду Делах тешаш волчунна».
24КӀентан дас, мохь а хьоькхуш, элира: «Со баккъалла а теша! Со цатешарна, теша гӀо дехьа суна!»
25Шайна сихха тӀейогӀуш йолу адамийн тоба а гина, Ӏийсас жине элира: «Аса омра до хьоьга: ара а далий, кхин цкъа а хӀокхунна чу ма дола!» – аьлла.
26Ткъа жин, мохь а хьокхуш, кӀентан пхенаш чӀогӀа ийза а дойтуш, цунна чуьра араделира. КӀант, велча санна, Ӏуьллуш вара, цундела дукхахболчара бохура: «Иза велла». 27Ткъа Ӏийсас, кӀентан куьг а лаьцна, цунна хьалагӀатта гӀо дира. 28Цул тӀаьхьа, Ӏийса цӀа чу ваьлча, Иза Ша волуш, мурдаша хаттар дира Цуьнга: «Тхоьга хӀунда ца даккхаделира те и жин ара?» – аьлла.
29«И тайпа жинаш доӀанца бен#9:29 ДоӀанца бен – цхьадолчу тептарш тӀехь тӀетоьхна ду: доӀанца а, марханца а бен., кхечу тайпана даккхалур долуш дацара», – аьлла, жоп делира Ӏийсас цаьрга.
Ӏийсас юха а шен вала везарх а, денвала везарх а лаьцна дуьйцу
(Маттай 17:22, 23; Лака 9:43б-45)
30Цигара ара а бевлла, Галилай-махкахула бахара уьш. Цхьанна а шаьш догӀий хаа ца лаьара Ӏийсана, 31Шен мурдашца цхьаьна а висина, царна хьехамаш бархьама. Ӏийсас олура цаьрга: «Адамийн КӀант, нехан кара а велла, вуьйр ву, ткъа кхозлагӀчу дийнахь Иза денлур ву».
32Амма мурдаш ца кхийтира оцу дешнех, ткъа хатта уьш кхоьрура.
Мурдех лакхарниг мила ву?
(Маттай 18:1-5; Лака 9:46-48)
33Уьш Къапарнаме баьхкира. Ӏийса цӀа чохь волуш Цо хаьттира мурдашка: «Новкъахь догӀуш стенах лаьцна дуьйцуш дара шу?» – аьлла.
34 # Лака 22:24. Амма уьш бист а ца хилира, хӀунда аьлча уьш новкъа богӀучу хенахь цара вовшашлахь дийцинарг шайх уггаре лакхарниг муьлха ву те бохург дара. 35#Маттай 20:26, 27; 23:11; Марк 10:43, 44; Лака 22:26. ТӀаккха Ӏийсас, охьа а хиъна, Шен шийтта мурд тӀе а кхайкхина, элира цаьрга: «Нагахь санна шух цхьанна хьалхара хила лаахь, иза массарал а тӀаьхьара хила веза, массеран а ялхо а хуьлуш». 36Бер схьа а эцна, иза царна юккъе дӀа а хӀоттийна, мара а доьллина, мурдашка элира Цо: 37#Маттай 10:40; Лака 10:16; Яхьъя 13:20. «Сан дуьхьа оцу кегийчу берех цхьаъ тӀеэцначо Со а тӀеоьцу. Ткъа Со тӀеоьцучо, Со тӀеэцна а ца Ӏаш, Со Ваийтинарг а тӀеоьцу».
Вайна дуьхьал воцург – вайца ву
(Лака 9:49, 50)
38Яхьъяс элира Ӏийсага: «Устаз! Вайна юкъара воццушехь а, Хьан цӀарах жинаш арадоху цхьа стаг гира тхуна. И вайх цхьаъ воцу дела, иза сацо гӀиртира тхо».
39Ӏийсас элира: «Сеца ма ве аш иза, хӀунда аьлча, цхьаммо а Сан цӀарах Ӏаламаташ а деш, гергарчу хенахь Сох лаьцна вониг дуьйцур дац, 40#Маттай 12:30; Лака 11:23. хӀунда аьлча вайна дуьхьал воцург вайца ву. 41#Маттай 10:42. Ткъа шу Дала леррина Къобалвинчунна тӀаьхьа хӀиттина долу дела, шуна хин кад луш волчунна, билггала боху Аса, шена догӀург дӀакхочур ду».
42«Амма, хӀокху Сох тешаш болчу лахара болчех цхьаьнга цхьаммо къа латадайтича, цунна гӀоле яра, шен коча хьеран тӀулг а оьллина, ша хӀорда чу кхоссийтича. 43#Маттай 5:30. Нагахь санна хьан куьйго хьоьга къа латадойтуш делахь, и куьг тӀера даккха – заьӀап а волуш, Далла гергахь вахар гӀоле ю, ши куьг а долуш, жоьжахате воьдучул, цкъа а йовр йоцучу цӀергахь а вогуш#9:43 Цхьадолу тептарш тӀехь аят 44 тӀетоьхна ду: нӀаьно гуттар а дегӀ а къийзош, цкъа а цӀе дӀа а ца йовш.. 45Нагахь санна хьан кого хьоьга къа латадойтуш делахь, иза а дӀабаккха тӀера. Ког а боцуш Далла гергахь вахар гӀоле ю, ши ког а болуш жоьжахате кхуссуьйтучул#9:45 Цхьадолу тептарш тӀехь аят 46 тӀетоьхна ду: нӀаьно гуттар а дегӀ а къийзош, цкъа а цӀе дӀа а ца йовш.. 47#Маттай 5:29. Ткъа нагахь хьан бӀаьрго хьоьга къа латадайтахь, чуьра баккха иза. Делан Олалла тӀе а лаьцна, Цунна юххехь цхьана бӀаьргаца вахар а гӀоле ю, ши бӀаьрг а болуш ша жоьжахате кхуссуьйтучул, 48#ЕшаӀ-ЯхӀу 66:24. цу чохь „уьш бууш болу нӀаьна а лийр бац, уьш багош йолу цӀе дӀа а йойур яц“. 49ХӀунда аьлча Дала цӀергахь цӀанваран баланах цхьа а вер вац, адам дахчорхьама.
50 # Маттай 5:13; Лака 14:34, 35. Туьха дика хӀума ю, амма цуьнан чам дӀабаьлча, иза юха дуьра стен дийр ду? Шайна чуьра туьхан чам ма байа, вовшашца бертахь а Ӏе».

Currently Selected:

Марк 9: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in