YouVersion Logo
Search Icon

Марк 8

8
Виъ эзар стаг вузавар
(Маттай 15:32-39)
1Иштта цхьана дийнахь дукха адам гулделлера Ӏийса волчу, ткъа царна яа хӀума яцара. Ӏийсас, Шен мурдаш тӀе а кхайкхина, элира цаьрга:
2«Суна къахета оцу нахах, хӀунда аьлча кхо де а ду уьш Соьца болу, ткъа царна яа хӀума яц. 3Аса меца дӀабахийтича, новкъахь гӀеллур бу уьш, хӀунда аьлча царах цхьаберш геннара баьхкина бу».
4Цуьнан мурдаша жоп делира: «ХӀара адам дузо иштта яьссачу меттехь мичахь карор ду оццул бепиг?»
5Ӏийсас хаьттира цаьрга: «Маса бепиг ду шуьгахь?» – аьлла.
«ВорхӀ ду», – аьлла, жоп делира цара.
6ТӀаккха оцу нахе лаьтта охьаховша а аьлла, и ворхӀ бепиг схьа а эцна, Деле хастаман доӀа а дина, бепиг каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Ӏийсас, ткъа вукхара иза нахана доькъура. 7Иштта масех жимо чӀара а бара цаьргахь, уьш а, декъалбина, бекъийтира Ӏийсас. 8Наха шаьш буззалц хӀума йиира. Дисинчу дакъоша ворхӀ тускар дуьзира. 9Ткъа гулделла адам диъ эзар кхоччуш дара.
Цул тӀаьхьа Ӏийсас нах дӀабахийтира, 10ткъа Ша, сихха Шен мурдашца хинкеман тӀе а хиъна, ДалманутӀа олучу меттигна юххехьа веара.
Ӏийсана тамашийна хӀума гайтар тӀедиллар
(Маттай 16:1-4; Лака 11:29-32)
11 # Маттай 12:38; Лака 11:16. Цигахь парушхой, тӀе а баьхкина, Ӏийсаца къийса буьйлабелира. Стигалара тамашийна билгало гайта аьлла дехар дира цара Ӏийсага, Иза зерхьама. 12#Маттай 12:39; Лака 11:29. Доккха са а даьккхина, Ӏийсас элира: «Тамашийна билгало гайтар хӀунда доьху аш Соьга? Баккъалла а боху шуьга, тамашийна билгало гойтур яц Ас шун тайпанна а».
13ТӀаккха, уьш Ӏад а битина, юха а Шен мурдашца хинкеманна тӀе а хиъна, Ӏоман дуьхьаларчу берда тӀе вахара Ӏийса.
Парушхойн а, ХӀародан а муьста бод
(Маттай 16:5-12)
14Оцу хенахь мурдашна шайна яа хӀума схьаэца дицделлера, хинкеман тӀехь долу цхьа бепиг бен хӀумма а яцара цаьргахь. 15#Лака 12:1. Ӏийсас дӀахаийтира цаьрга ишттачу дешнашца: «Хьовсалаш! Парушхойн а, ХӀародан а муьстачу бедах ларлолаш».
16ТӀаккха мурдаш вовшашлахь дагабуьйлуш бара, и бохург хӀун ду те бохуш. «Вайгахь бепиг доцу дела боху хьуна Цо вайга иштта», – бохура цара вовшашка.
17Цара стенах лаьцна дуьйцу хууш волчу Ӏийсас элира цаьрга: «Стенна дуьйцу аша, шайгахь бепиг дац бохуш? ХӀинца а ца го те шуна, кхета а ца кхета те шу? Дегнаш оццул шагделла те шун? 18#Ярми-ЯхӀу 5:21; Яхьазкхиал 12:2; Марк 4:12. БӀаьргаш боллушехь, ца го те шуна? Ткъа лергаш доллушехь, ца хеза те шуна? Дага ца догӀу те шуна, 19маса тускар дуьззина баьпкан юьхкаш гулйира аша, Аса пхи бепиг пхи эзар стагана доькъучу хенахь?»
«Шийтта тускар дара», – жоп делира мурдаша.
20«Ткъа Аса ворхӀ бепиг виъ эзар стагана декъча, дуьззина маса тускар юьхкаш гулйира аша?»
«ВорхӀ», – жоп делира цара.
21ТӀаккха Цо хаьттира цаьрга: «ХӀинца а ца кхета те шу?» – аьлла.
Бет-Саида-гӀалахь бӀаьрзениг тово Ӏийсас
22Уьш Бет-Саида-гӀала кхечира. Цигахь Ӏийсана тӀе бӀаьрса дайна стаг а валийна, цунах Ӏотталахьара аьлла, дийхира Цуьнга. 23Ӏийсас и стаг, куьг а лаьцна, юьртах араваьккхира. ТӀаккха цуьнан бӀаьргаш тӀе туй а хьаькхна, стагана тӀе Шен куьйгаш а дехкина, хаьттира: «ХӀумма а гой хьуна?» – аьлла.
24Стага, хьала а хьаьжна, элира: «Суна уллохула чекхдовлуш адамаш го. Уьш диттех тера ду».
25ТӀаккха Ӏийсас Шен куьйгаш стеган бӀаьргашна тӀе дехкира, вукхо бӀаьргаш шуьйра дӀабиллира, цунна бӀаьрса а деъна, юха а дика ган а гуш, дӀахӀоьттира иза. 26ТӀаккха Ӏийсас и стаг цӀа вахийтира: «Юьрта чу ма гӀолахь», – олуш.
Кипас Ӏийсах лаьцна аьлларг
(Маттай 16:13-20; Лака 9:18-21)
27Цул тӀаьхьа Ӏийса Шен мурдашца Пилап-паччахьан гӀалин гонахарчу ярташка воьду. Новкъахь Цо Шен мурдашка хаьттира: «Со мила ву олу наха?» – аьлла.
28 # Марк 6:14, 15; Лака 9:7, 8. Цара жоп делира: «Цхьаболчара Хьо нах хих чекхбоху Яхьъя ву олу, ткъа вукхара – Эли-ЯхӀу-пайхамар ву боху, кхозлагӀчара тоьшалла до, Хьо пайхамарех цхьаъ ву бохуш».
29 # Яхьъя 6:68, 69. ТӀаккха Ӏийсас хаьттира: «Ткъа аша хӀун боху, Со мила ву боху аша?»
Кипас жоп делира Цунна: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг ву-кх», – аьлла.
30ТӀаккха Ӏийсас Шех лаьцна цхьаьнгге а дийцар дихкира мурдашна.
Ӏийсас Шен Ӏожаллех а, денваларх а лаьцна дуьйцу
(Маттай 16:21-28; Лака 9:22-27)
31Цул тӀаьхьа царна хьехамаш бан волавелира Ӏийса. Цо дийцира Адамийн КӀентан дукха баланаш лан дезарх лаьцна а, баккхийчара а, динан коьртачу дайша а, Ӏеламчу наха а тӀе ца лаьцна хила дезарх а, Иза вен везарх а, амма кхозлагӀчу дийнахь денвала везарх а. 32Ӏийсас, лечкъа а ца деш, дӀадийцира цаьрга цунах лаьцна. Ткъа Кипас, Иза юьстах а ваьккхина: «Ишттаниг дийца а ма дийца», – элира. 33Амма Ӏийсас, юха а вирзина, Шен мурдашка а хьаьжна, буьрса жоп делира Кипе: «ДӀадала Суна уллора, иблис! Хьан даг чохь Делан ойланаш яц, адамийн ойланаш ю».
34 # Маттай 10:38; Лака 14:27. ТӀаккха, нах а, Шен мурдаш а тӀе а кхайкхина, Цо элира цаьрга: «Соьца ван луург, шен „со“ бохург дӀа а теттина, шен баланийн мохь#8:34 Баланийн мохь – бакъду, грекийн маттахь иштта яздина ду: жӀаран бӀогӀам. тӀе а лаьцна, Суна тӀаьхьахӀотта веза. 35#Маттай 10:39; Лака 17:33; Яхьъя 12:25. ХӀунда аьлча шен са кӀелхьардаккха лууш верг сих вер ву, амма Сан а, Делера болу хазачу кхоан а дуьхьа шен са дӀалучо иза кӀелхьардоккхур ду. 36ХӀунда аьлча хӀун пайда бу адамна, хӀара дерриге а дуьне карахь хилча а, иза шен сих волуш хилча. 37Ткъа хӀун делча, шен са юхадерзалур ду адаме? 38Амма хӀокху Делах тешар а доцуш, къинойх дуьзначу дуьнен чохь, нагахь санна Сох а, Сан дешнех а эхь хетахь, Со а, Адамийн КӀант, дӀавоьрзур ву цу стагах, Сайн Ден олаллин нуьраца Делан маликашца схьавеача».

Currently Selected:

Марк 8: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in

Free Reading Plans and Devotionals related to Марк 8

YouVersion uses cookies to personalize your experience. By using our website, you accept our use of cookies as described in our Privacy Policy