YouVersion Logo
Search Icon

Марк 4

4
Ахархочух лаьцна хьекъале дустар
(Маттай 13:1-9; Лака 8:4-8)
1 # Лака 5:1-3. Юха а цхьана дийнахь Ӏоман берда тӀехь хьехамаш беш вара Ӏийса. Цунна гонах гулделла дукха адам дара. Цундела Иза, хинкеманна тӀе а ваьлла, Ӏоман йистера дехьо велира, ткъа адамаш берда тӀехь дисира. 2Дукха хьехамаш бора Ӏийсас царна, хьекъале дустарш далош. Иштта дийцира Цо цаьрга:
3«ЛадогӀал! Цхьа ахархо шен кха тӀе хӀу таса араваьлла. 4Цо хӀу тосучу хенахь цхьадолу буьртигаш некъан йистехула охьаэгна хилла. Схьадаьхкинчу олхазарша уьш дӀадиъна. 5Важа буьртигаш жагӀа а болуш, латта кӀеззиг долчу метте охьаэгна хилла. Цу буьртигаша сихха зӀийдигаш тесна, хӀунда аьлча цигахь латта кӀезиг дара. 6Малх кхетча, цо и зӀийдигаш ягийра, церан орамаш кӀорга ца хиларна, уьш якъаелира. 7Кхидерш коканийн коьллаш юкъа ийгира, амма коьллаша, юкъ а елла, хӀун зӀийдигаш къайлаехира. Цара ялта ца делира. 8Ткъа важа долу хӀу, дика латта долчохь а нисделла, зӀийдигаш а тесна, уьш хьала а евлла, цара ялта делира, ткъе итт, кхузткъа а, ур-атталла бӀе а хӀу а луш хӀора кено а».
9ТӀаккха Ӏийсас элира ладугӀучаьрга: «Лергаш долчунна дӀахозийла хӀара».
Дустаран маьӀна довзийтар
(Маттай 13:10-17; Лака 8:9, 10)
10Ӏийса Ша висча, шийтта векало а, юххерчу кхечу мурдаша а хаьттира Цуьнга дустарех лаьцна. 11Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Шун таро ю Делан Олаллех йолу къайленаш йовза, ткъа кхечарна ишттачу дустаршца дуьйцу Аса,
12 # ЕшаӀ-ЯхӀу 6:9, 10 (Грекийн). „царна, хьоьжжушехь, хӀумма а ца гайтархьама,
хеззашехь, уьш ца кхетийтархьама,
кхечу тайпана хилча, уьш Суна тӀебоьрзур бара,
ткъа Ас гечдийр дара царна“».
Ахархочух лаьцначу дустаран маьӀнах кхетор
(Маттай 13:18-23; Лака 8:11-15)
13Ӏийсас элира мурдашка: «Шу а ца кхета те оцу дустарх? ТӀаккха кхечу дустарех муха кхетар ду те шу? 14Ахархочо дуьйш дерг Делан Дош ду. 15Цхьадолу адамаш некъа йисте доьжначу хӀух тера ду. Царна Делан дош хеза, амма, цу сохьта иблис а догӀий, цо церан дегнаш чу доьжна дош дӀахьо. 16Кхиберш тера бу тӀулгашна юккъе эгначу хӀух. Шайна Делан дош хезча, хазахетарца, сихонца схьалоцу цара и дош. 17Амма церан хила ма-беззара орам боцу дела, уьш кӀеззигчу ханна бен ца лаьтта. Ткъа и дош бахьана долуш, шайна тӀе халонаш хӀиттича, уьш сихха юхабовлу. 18Вуьш тера бу коканийн коьллаш юккъе эгначу буьртигех. Уьш дош хезнарш бу, 19амма дахаран гӀайгӀанаша а, хьолах Ӏехабаларо а, кхечу лаамаша а и хезна дош дицдолуьйту, цара шайн дахарехь стом а ца ло. 20Ткъа цхьаберш бу хьийкъинчу лаьтта тӀе эгначу буьртигех тера. Уьш дош а хезна, иза даго тӀе а эцна, пайден стом луш берш бу – наггахь ткъе уьттазза, наггахь кхузткъазза а, я бӀозза а сов луш».
Кхабина буха хӀоттийна стогар
(Лака 8:16-18)
21 # Маттай 5:15; Лака 11:33. Кхин дӀа а Ӏийсас элира: «Цхьаммо стогар латийча, иза Ӏункарнехьа хӀоттийначу кхабина я маьнги кӀел хӀотторхьама а бохьий чу? Я иза лаккха хьалахӀоттабан бахьа чу? 22#Маттай 10:26; Лака 12:2. ХӀунда аьлча мел йоккха къайле а, цхьанна а ца хууш юьсур яц, мел чӀогӀа лечкъийнарг а гӀар ца долуш а, гучу ца долуш а дуьсур дац. 23Хезаш волчунна дӀахезийла хӀара!»
24 # Маттай 7:2; Лака 6:38. Кхин а тӀетуьйхира Ӏийсас: «Дикка кӀоргера ойла елаш, шайна хезначух лаьцна. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах, ткъа шун кхин а лакхара хадор бу. 25#Маттай 13:12; 25:29; Лака 19:26. ХӀунда аьлча долчунна кхин а тӀелур ду, ткъа доцучуьнгара цуьнан данне а доцург а дӀадоккхур ду».
Даьлла догӀучу кӀен буьртигех лаьцна дустар
26ТӀаккха Ӏийсас элира: «Делан Олаллех лаьцна иштта кхета мега. Цхьана стага лаьтта хӀу тосу. 27Буса и стаг, охьа а вуьжий, Ӏуьйранна хьалагӀотту. Ткъа хӀу цу хенахь, хьала а долий, кхуьу. Иза муха хуьлу стагана шена а ца хаьа. 28Лаьтто ша кхиадо и хӀу: хьалха зӀийдиг а тосий, тӀаккха гӀа а долий, кӀен буьртигаш а хуьлий, дӀахӀутту. 29#Юал 3:13. КӀен буьртигаш хилла девлча, ахархочо марс схьаоьцу, кӀа хьокху хан тӀееана дела».
ХӀух лаьцна хьекъале дустар
(Маттай 13:31, 32, 34; Лака 13:18, 19)
30Цул тӀаьхьа Ӏийсас кхин а хаьттира: «Стенца дуста мегар ду Делан Олалла? Я муьлхачу дустарца дуьйцур ду цунах лаьцна? 31Лаьтта тӀехь уггаре а жимачу хӀуьнах тера ду иза, и дӀадуьйчу хенахь. 32Амма иза дӀадийначул тӀаьхьа, хьала а долий, бешан дитташ юкъахь уггаре а доккха дитт хуьлий дӀахӀутту. Стигаларчу олхазарша а баннаш дан тарло цуьнан гаьннаш тӀехь».
33Ишттачу кхин а дуккха а дустаршца хьехамаш бора Ӏийсас – адамаш кхетар долчу тайпана. 34Дустар ца далош, Цо хӀумма а ца дуьйцура царна, ткъа Шен мурдашца Ша висча, Цо дерригенах кхетабора уьш.
Ӏийсас хи тӀехь баьлла мох сацабо
(Маттай 8:23-27; Лака 8:22-25)
35Цу дийнахь суьйранна Ӏийсас элира Шен мурдашка: «Ӏоман дуьхьаларчу берда тӀе довла вай». 36ТӀаккха цара адамаш а дитина, Ӏийса хинкеман тӀехь ма-хиллара шайца дӀавигира. Хи чохь кхераниг доцург кхин а кеманаш дара. 37ЦӀеххьана, чӀогӀа мох а баьлла, тулгӀенаша кеман чу хи даьккхира, кема хих дузуш дара. 38Ӏийса цу хенахь кеманан цӀоганехь вара, гӀайби тӀе корта а биллина, наб кхетта Ӏаш. Мурдаша, Иза сама а ваьккхина, элира: «Устаз! Хьуна бен а ца хета те вай хин буха дахар?» 39ТӀаккха Ӏийсас, хьала а гӀаьттина, мохе омра а дина, хине элира: «ЛагӀло! ДӀате! Сацийта!» Мох сецира, цхьа а гӀар-тата доцуш, тийналла дӀахӀоьттира. 40Ткъа мурдашка Цо элира: «Шу кхера хӀунда кхоьру? Шун дегнаш чохь хӀинца а тешар дац те?»
41Амма уьш чӀогӀа кхерабелла хиларна, цара цецбовларца вовшашка хоьттура: «ХӀара мила ву те, ур-атталла мох а, хиш а Цунна къарлуш хилча?»

Currently Selected:

Марк 4: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in