1
Марк 4:39-40
Делан Йозанаш
ТӀаккха Ӏийсас, хьала а гӀаьттина, мохе омра а дина, хине элира: «ЛагӀло! ДӀате! Сацийта!» Мох сецира, цхьа а гӀар-тата доцуш, тийналла дӀахӀоьттира. Ткъа мурдашка Цо элира: «Шу кхера хӀунда кхоьру? Шун дегнаш чохь хӀинца а тешар дац те?»
Compare
Explore Марк 4:39-40
2
Марк 4:41
Амма уьш чӀогӀа кхерабелла хиларна, цара цецбовларца вовшашка хоьттура: «ХӀара мила ву те, ур-атталла мох а, хиш а Цунна къарлуш хилча?»
Explore Марк 4:41
3
Марк 4:38
Ӏийса цу хенахь кеманан цӀоганехь вара, гӀайби тӀе корта а биллина, наб кхетта Ӏаш. Мурдаша, Иза сама а ваьккхина, элира: «Устаз! Хьуна бен а ца хета те вай хин буха дахар?»
Explore Марк 4:38
4
Марк 4:24
Кхин а тӀетуьйхира Ӏийсас: «Дикка кӀоргера ойла елаш, шайна хезначух лаьцна. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах, ткъа шун кхин а лакхара хадор бу.
Explore Марк 4:24
5
Марк 4:26-27
ТӀаккха Ӏийсас элира: «Делан Олаллех лаьцна иштта кхета мега. Цхьана стага лаьтта хӀу тосу. Буса и стаг, охьа а вуьжий, Ӏуьйранна хьалагӀотту. Ткъа хӀу цу хенахь, хьала а долий, кхуьу. Иза муха хуьлу стагана шена а ца хаьа.
Explore Марк 4:26-27
6
Марк 4:23
Хезаш волчунна дӀахезийла хӀара!»
Explore Марк 4:23
Home
Bible
Plans
Videos