Царна юкъахь цхьа зуда а яра, шийтта шарахь цӀий ца соцуш, бала хьоьгуш йолу. Дуккха а лоьраша гӀо дечу метта бала хьегийтинера оцу зудчуьнга. Амма лоьрашна шен долахь мел дерг а дойуш, алссам харж йича а, гӀоле хуьлучу метта, кхин а чӀагӀъеллера иза.