YouVersion Logo
Search Icon

Марк 13

13
Делан цӀа дохор хиларх лаьцна
(Маттай 24:1, 2; Лака 21:5, 6)
1Ӏийса Делан цӀийнан кертара араволучу хенахь мурдех цхьаммо элира Цуьнга: «Устаз! Хьажахь, ма хаза ду и тӀулгаш а, гӀишлош а!»
2Ӏийсас дуьхьал жоп делира: «Гой хьуна и яккхий гӀишлош? И дерриге а хӀаллакдийр ду, тӀулга тӀехь тӀулг а ца буьтуш».
ТӀаьхьарчу заманан билгалонаш
(Маттай 24:3-14; Лака 21:7-19)
3Ӏийса Зайт-диттийн лам тӀехь Делан цӀийнан кертана дуьххьал хиъна Ӏаш волуш, Кипас а, Якъуба а, Яхьъяс а, Ӏандара а хаьттира Цуьнга, уьш шаьш бисча: 4«Алахь тхоьга, маца а хир ду иза, хӀун билгало а хир ю и хиндерг кхочуш хуьлуш?»
5Царна жоп а луш, Ӏийсас элира: «Ларлолаш, шаьш ле ма дайталаш, 6хӀунда аьлча Сан цӀарца дукха нах богӀур бу. „Со ву Иза“, – бохуш, дукхахберш Ӏехор бу цара. 7Нагахь тӀемах я цунах лаьцна хӀума шайна хазахь, шу дохий ма хьовза, хӀунда аьлча и дерриг а хила дезаш ду. Амма иза а тӀаьххьара де дац. 8Халкъана дуьхьал халкъ гӀоттур ду, мохк махкана дуьхьал бер бу. МаьӀ-маьӀӀехь чӀогӀа мохк бегор бу, мацалла а хир ю. Иза, берах хьийзош йолчу зудчун санна, халчу баланийн юьхь бен хир яц.
9 # Маттай 10:17-20; Лака 12:11, 12. Амма шу сема хилалаш, хӀунда аьлча шу дӀа а лоьцур ду, гуламан цӀеношкахь еттар а ю шуна, куьйгалхошна а, паччахьашна а хьалха хӀиттор а ду шу, Со бахьанехь шайна хьалха тоьшаллаш дайтархьама. 10Ткъа хьалха хаза кхаъ массо а къаьмнашна дӀакхачо беза. 11ТӀаккха, шаьш царна хьалха кхеле хӀиттинчу хенахь, хьалхе дуьйна гӀайгӀа ма белаш, шаьш ала дезачун, ткъа цу сохьта шайна дага тасийтинарг дӀаала. ХӀунда аьлча цу хенахь аш шаьш а ца олуш, амма Делан Сино шуьгахула эр ду ала дезарг».
12«Вашас, вешина ямарта а хилла, иза вейта дӀалур ву. Ткъа дас берашна а изза дийр ду. ТӀаккха бераша, шайн дайшна-наношна дуьхьал а гӀевттина, уьш бойур а бу. 13#Маттай 10:22. Сан цӀе бахьана долуш цхьанна а дезар дац шу, амма и дерриге а чекхдаллалц лайнарг кӀелхьарвоккхур ву».
Боккха гӀайгӀа-бала
(Маттай 24:15-28; Лака 21:20-24)
14 # Даниал 9:27; 11:31; 12:11. «Ткъа хӀотто ца дезачохь, „вас еш йолу къемате хӀума“ хӀоттийна шайна гича (хӀара доьшург нийса кхетийла!), тӀаккха цу хенахь ЯхӀуд-махкахь нисвелларг лаьмнашка дӀаводийла. 15#Лака 17:31. Тхов тӀехь нисвелларг, охьа а воьссина цӀа чу ма гӀо, цо шен цӀа чуьра цхьа хӀума схьа ма эца. 16Ткъа аренгахь нисвелларг, шен тӀеюху хӀума схьаоьцур яра ша аьлла, цӀа ма вогӀийла. 17Боккхачу баланехь хир бу цу дийнахь доьзалхочух болу а, бераш дакхош болу а зударий. 18Шаьш довда дезар Ӏай ца хилийтар Деле дехалаш. 19#Даниал 12:1; Довзийтинарг 7:14. ХӀунда аьлча оцу деношкахь, Дала дуьне кхоьллинчхьана дуьйна ца хиллачу кепара, кхин цул тӀаьхьа а хир боцучу тайпана гӀайгӀа-бала хир бу. 20Везачу Эло и денош дац ца динехьара, цхьа а кӀелхьарвалалур вацара, амма Ша къастийначеран дуьхьа дацдина Цо и денош. 21Цхьаммо шайга цу хенахь „Хьажал! Кхузахь ву шуна Дала леррина Къобалвинарг!“ я „Цигахь ву шуна!“ алахь, цунах ма тешалаш, 22хӀунда аьлча цу заманчохь харцпайхамарш а, шаьш Дала леррина къобалдинарш бу бохурш а гучубевр бу. Цара тамашийна гӀуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойтур ю, шайн йиш хилахь, Дала хаьржинарш а Ӏехорхьама. 23Амма шу ларлолаш! Ас хьалххе дӀахоуьйту шуьга и дерриге а хиндерг».
Адамийн КӀант схьавар
(Маттай 24:29-31; Лака 21:25-28)
24 # ЕшаӀ-ЯхӀу 13:10; Юал 2:10, 31; 3:15; Довзийтинарг 6:12; Яхьазкхиал 32:7. «Амма оцу деношкахь, и баланаш тӀехӀоьттинчул тӀаьхьа,
„малх кхулур бу,
батто а серло лур яц,
25 # ЕшаӀ-ЯхӀу 34:4; Довзийтинарг 6:13; Юал 2:10. стигалара седарчий а охьаоьгур ду,
стигалийн нуьцкъалалла а леста йолалур ю“».
26 # Даниал 7:13; Довзийтинарг 1:7. «ТӀаккха гур ву царна Шен боккхачу ницкъаца а, сийлаллица а мархаш тӀехула вогӀу Адамийн КӀант. 27Оцу хенахь Цо, Шен маликаш а хьажийна, дуьненан еъа а маьӀӀера Шен къастийнарш дӀагулбийр бу лаьттан йистера стигалан йисте кхаччалц».
Комарийн дитт масална далош дина дустар
(Маттай 24:32-35; Лака 21:29-33)
28«Масала, схьаэца комарийн диттах хьехам: цуьнан гаьннаш кӀад а делла, гӀа тосучу хенахь, хаьа шуна аьхке герга кхаьчнийла. 29Иштта, и хӀуманаш кхочушхуьлуш шайна гича, хаа ду шуна Адамийн КӀентан зама герга юйла а, Иза неӀарехь вуйла а. 30Бакъдерг боху шуьга: ХӀара адамийн тӀаьхье чекхъялале хир ду и дерриг а. 31Стигаллий, латтий къайладаьлча а, Сан дешнаш довр дац».
Де а, сахьт а цхьанна а ца хаьа
(Маттай 24:36-44)
32 # Маттай 24:36. «Ткъа и де а, и сахьт а цхьанна а ца хаьа, я стигалара маликашна а, я КӀантана а, Да воцучунна. 33Варелаш, сема хилалаш, хӀунда аьлча и хан тӀе маца кхочу ца хаьа шуна. 34#Лака 12:36-38. Масала, цхьаммо шен цӀера а ваьлла, генна новкъа волучу хенахь, шен ялхойн кара олалла а делла, хӀоранна а шен-шен гӀуллакх дӀа а делла, гӀаролана сема хилар тӀедуьллу. 35Иштта сема хилалаш! ХӀунда аьлча шуна ца хаьа хӀусаман да цӀа маца вогӀур ву, суьйранна, я буьйса юккъе яхача, я нӀаьний кхойкхучу хенахь, я сатосуш. 36ЦӀеххьана иза цӀа веача, шаьш дийшина ма карадайталаш. 37Ас юха а боху шуьга массаьрга а, хӀоранга а: „Сема хилалаш!“»

Currently Selected:

Марк 13: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in