YouVersion Logo
Search Icon

Марк 12

12
Кемсийн беш лелорхочух лаьцна хьекъале дийцар
(Маттай 21:33-46; Лака 20:9-19)
1 # ЕшаӀ-ЯхӀу 5:1, 2. Ӏийса юха а хьекъале дустаршца хьехамаш бан волавелира халкъана: «Цхьана стага кемсаш йийна хилла, гонах керт а йина, кертахь мутт даккха ор а кечдина, Ӏуналлина бӀов а хӀоттийна. Уьш лело белхалой а лаьцна, цӀера ваьлла хилла иза. 2Кемсаш хуьлу хан тӀекхаьчча, белхалошна тӀе ялхо вахийтина хӀусамдас, шена догӀу кемсийн дакъа схьаэцийта. 3Ткъа белхалоша и ялхо, схьа а лаьцна, етта а йиттина, ваьсса дӀахьажийна. 4ХӀусамдас кхин а цхьа ялхо вахийтина, амма цара коьртах тӀулгаш а диттина, сийсаз а вина, дӀавахийтина иза а. 5Юха а кхиверг вахийтина цо, амма иза вийна, кхин цига мел хьажийначарна белхалоша я еттара цара, я бойура уьш. 6Кхин вахийта цхьа а ца висина, тӀаьххьара а шен хьоме кӀант хьажийна цига хӀусамдас, шен дагахь: „Сан кӀанте-м ларам хир ма бу церан“, – аьлла. 7Ткъа белхалоша вовшашлахь сацам бина: „Иза хин волу хӀусамда ву, вай иза вуьйр ву, тӀаккха цуьнан бахам вайна буьсур бу“. 8Цара иза, схьа а лаьцна, вен а вийна, кемсийн бешара кхоьссина дӀаваьккхина.
9Ткъа хӀинца хӀун дийр ду хӀусамдас? Ван а веана, и белхалой байа а байина, кхечаьрга дӀалур ю-кх кемсийн беш. 10#Забур 117:22, 23. Делан Йозанаш тӀехь ца дешна те аш цунах лаьцна:
„ГӀишло еш, пхьераша дӀакхоьссина тӀулг
цӀийнан сонан йистера коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина.
11Иза Везачу Эло дина ду,
вайна гергахь и чӀогӀа инзаре а ду!“»
12И дийцар шайна дуьхьал далийна дуй кхетта, Ӏийса лаца аьтто лоьхура динан дайша а, Ӏелам наха а. Амма шаьш нахах кхоьру дела, Иза Ӏад а витина, дӀабахара уьш.
Паччахьна ял яларх лаьцна
(Маттай 22:15-22; Лака 20:20-26)
13Муьлххачу а дашна тӀехь ваьлла а, Ӏийса галвалахь, Иза лацархьама цхьаболу парушхой а, ХӀарод-паччахьна тӀаьхьа хӀиттина нах а бохуьйту цара Цунна тӀе. 14Ткъа тӀебаьхкича, цара хаттар до Ӏийсага: «Устаз! Тхуна хаьа Ахьа бакъдерг дуьйцийла. Наха Хьайна олучух гӀайгӀа беш а вац Хьо, хӀунда аьлча Хьо стеган дарже ца хьожу. Мелхо а, Далла тӀе боьду некъ нийса хьоьху Ахь. Нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац? Ло оха, я ма ло?»
15Амма церан мекарло евзаш, Ӏийсас элира цаьрга: «Со стенна зоь аш? Схьадал Соьга цхьа динари ахча, Суна иза гуш хилийта».
16Цара ахча схьадеара. ТӀаккха Ӏийсас элира: «Хьенан сурт ду кху тӀехь диллинарг, хьенан цӀе ю язйина?»
«Римхойн паччахьан ю-кх», – элира цара Цуьнга. 17ТӀаккха Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Делахь паччахьна паччахьна доггӀург дӀало, Далла – Далла доггӀург».
Уьш цецбевлла бисира Цуьнан жоьпах.
Денваларх лаьцна
(Маттай 22:23-33; Лака 20:27-40)
18 # Векалийн 23:8. Цул тӀаьхьа Ӏийсана тӀе цхьаболу садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх. 19#Карлабаьккхинарг 25:5. Цара хаьттира Ӏийсага: «Устаз! Муса-пайхамаро яздина вайна: „Нагахь стаг велча, цуьнан зуда доьзалхо воцуш йисахь, веллачун вашас и зуда яло еза шен вешин тӀаьхье меттахӀотто“. 20ВорхӀ ваша хилла. Хьалхарчо зуда ялийна, амма и лечу хенахь доьзалхо ца хилла цуьнан. 21ШолгӀачу вашас йигна и шен веших йиснарг. Иза а велла, кхин доьзалхо а воцуш, изза хилира кхозлагӀчу вешица а. 22ВорхӀе а вашас ялийна иза, цхьа а бер доцуш, уьш белла. Эххар и зуда а елла. 23Масала, уьш беллачуьра денбеллачу дийнахь, царах хьенан зуда хир ю иза, ворххӀангахь а иза марехь хилла хилча?»
24Ӏийсас жоп делира цаьрга: «Делан Йозанаш ца хааро а, Делан ницкъ ца бовзаро а тиладолуьйтуш дуй те шу? 25Беллачуьра денбеллачара зударий а балор бац, маре а гӀур бац, амма стигаларчу маликех тарлур бу уьш. 26#Арадаккхар 3:6. Ткъа белларш денлург хиларх лаьцна ца дешна аш Муса-пайхамаран тептарш тӀехь, Дала цуьнга коканийн колл йогучу хенахь аьлларг: „Со ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела ву“, – аьлла? 27Дела беллачеран Дела вац, амма дийначеран Дела ву! Ткъа шу чӀогӀа тиладелла ду».
Муьлха ду Дала тӀедиллинчу гӀуллакхех коьртаниг?
(Маттай 22:34-40; Лака 10:25-28)
28Цара дуьйцург а хезна, Ӏийсас шен меттахь жоп далар а гина, Ӏелам нахах цхьаммо, тӀе а веана, хаьттира Цуьнга: «Дала тӀедиллинчу гӀуллакхех уггар коьртаниг муьлха ду?»
29 # Карлабаьккхинарг 6:4, 5. Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Царах коьртаниг хӀара ду:
„ЛадогӀа, Исраилан халкъ! Вайн Веза Дела – цхьа Веза Эла ву!
30Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, дерриг а хьекъалца а, берриге а ницкъаца а веза“,
И ду коьрта гӀуллакх! 31#Ӏамалъяр 19:18. ШолгӀаниг а иштта ду:
„Хьайн уллораниг хьо санна веза“.
Царал коьртанаш цхьа а дац».
32 # Карлабаьккхинарг 4:35. «Хаза эли Ахь», – элира жоьпана дуьхьал Ӏелам стага. «Нийса боху Ахь, Устаз! Дела цхьаъ ву, И воцург кхин Дела вац. 33#ХӀушаӀ 6:6. Иза хьайн доггах а веза, доллучу хьекъалца а, боллучу ницкъаца а, хьо санна веза хьайна уллораниг а – иза массо сагӀанал а, цӀий даккхарал а деза ду».
34 # Лака 10:25-28. Цу Ӏелам стага хьекъалца жоп далар а гина, Ӏийсас элира цуьнга: «Гена вац хьо Делан Олаллехь Далла уллохь хиларна». Цул тӀаьхьа цхьа а ца хӀоьттира Ӏийсага хаттарш дан.
Дала леррина Къобалвинчух лаьцна хаттар
(Маттай 22:41-46; Лака 20:41-44)
35Кхин дӀа а Делан цӀийнан кертахь хьехамаш беш Ӏийсас элира: «Ӏелам наха хӀунда олу: „Дала леррина Къобалвинарг Даудан кӀант ву“? 36#Забур 109:1. Дауда а, ша Делан Синах вуьзначу хенахь, ма аьлла:
„Везачу Эло сан Хьалдолчу Эле аьлла:
Суна аьтту агӀор охьахаа,
Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц“.
37Нагахь Дауда а Цунах „Хьалдолу Эла“ аьлча, цуьнан кӀант муха хуьлу И Дала леррина Къобалвинарг?»
Массо а адам там хиларца ладугӀуш дара Ӏийсага.
Ӏелам нахах ларлолаш
(Маттай 23:1-36; Лака 20:45-47)
38Шен хьехамашкахь Цо бохура: «Базаран майданашкахь шайга маршалла хоттуш хазахеташ болчу, деха духарш а духуш кечлучу Ӏелам нахах ларлолаш. 39Царна лаьа гуламан цӀа чохь а, тойнехь а баьрччехь Ӏан. 40Цара бисина Ӏан зударий шайн цӀенойх а боху, шаьш гайтархьама деха доӀанаш а до. Амма ишттачарна луьра таӀзар хир ду».
Йисина Ӏачу зудчун сагӀа
(Лака 21:1-4)
41Делан цӀийнан кертахь сагӀа гулдечу хазнина дуьхьал а хиъна, наха сагӀина чутосучу ахчанан тидам беш вара Ӏийса. Дукхахболчу хьолахоша дуккха а дуьллура. 42Ткъа цхьа йисина Ӏачу къен зудчо, тӀе а еана, ши жима цӀестан ахча охьадиллира. 43Шен мурдаш тӀе а кхайкхина, Ӏийсас элира цаьрга: «Бакъдерг боху шуьга, хӀокху йисна Ӏачу къен зудчо сагӀина делларг массара деллачул а деза ду. 44Вукхара шайн хьолах совдаьлларг луш дара, ткъа хӀокхо, шен таро йоццушехь, шен мел дерг а охьадиллира».

Currently Selected:

Марк 12: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in