YouVersion Logo
Search Icon

Яхьъя 6

6
Пхи эзар стаг вузор
(Маттай 14:13-21; Марк 6:30-44; Лака 9:10-17)
1Цул тӀаьхьа Галилай-Ӏоман дехьа болчу берда тӀе вахара Ӏийса. Цу Ӏомах Тхьабара-Ӏам олу кхечу тайпана. 2Дукха адам тӀаьхьахӀоьттира Ӏийсана, хӀунда аьлча царна гина хилла Цо цомгушчарна тӀехь йина тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш. 3Цкъа, лам тӀе а ваьлла, цигахь Шен мурдашца Ӏаш вара Иза. 4Ткъа тӀедогӀуш дара «Пасахь» олу деза де. 5Юхахьаьжча, Ӏийсана гира Шена тӀаьхьахӀоьттина догӀу дукха адам. ТӀаккха Пилапе хаьттира Цо: «И адамаш дузо бепиг мичара оьцур дара вай?» – аьлла.
6Иза Пилап зерхьама элира Ӏийсас, ткъа Цунна Шена хаьара Ша дан леринарг.
7«Царна хӀоранна кӀез-кӀеззиг бепиг кхачийта а, ши бӀе динари ахча а тоьур дац-кх», – аьлла, жоп делира Пилапа.
8Ткъа Цуьнан мурдех цхьаммо, ШамӀа-Кипин вашас Ӏандара, элира Ӏийсага:
9«Кхузахь цхьа кӀант ву, цуьнгахь мекхан демах бина пхи хьокхам а, ши чӀара а бу. Амма цунах хӀун хир ю кху халкъана?»
10ТӀаккха Ӏийсас элира: «Охьаховшабе и нах». Иза йоккха меттиг яра, хьалаяьлла дуккха а буц а йолуш. Цу тӀе пхи эзар стаг охьахиира. 11Ӏийсас, и бепиг схьа а эцна, Далла хастам а бина, мурдашка дӀакховдийра, ткъа цара иза охьахевшинчарна дӀадийкъира. Иштта царна деззачул чӀерий а дийкъира. 12Нах буьзначул тӀаьхьа, Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Йисина юьхкаш схьагулъе, цхьа а хӀума эрна ца дайта».
13ТӀаккха и нах яа хӀума йиъна бевлча, царах йисина йолу оцу мекхан деман пхеа баьпкан юьхкаш схьа а гулйина, мурдаша шийтта тускар дуьзира. 14Цул тӀаьхьа, Ӏийсас йина тамашийна гӀуллакхан билгало а гина, наха олура: «ХӀара ву-кх и дуьнен чу ван веза бакъволу Пайхамар».
15Ткъа нах, схьа а баьхкина, Шех паччахь вархьама Ша схьалаца бохкий а хиъна, Ӏийса юха а Ша цхьаъ лам тӀе дӀавахара.
Ӏийса хи тӀехула дӀавоьду
(Маттай 14:22-33; Марк 6:45-52)
16ТӀаккха суьйре тӀееача, Ӏийсан мурдаш Ӏам тӀе баха чубиссира. 17Хинкеман чу а хиъна, Ӏоман вукху агӀор йолчу Къапарнам олучу гӀала баха бевлира уьш. Бода а боьллера, амма Ӏийса хӀинца а схьа ца веанера. 18ЧӀогӀа мох баларна, хӀорд карзахбаьллера. 19Иштта мурдаша, хӀорда тӀехула дӀабоьлхуш, пхи чаккхарма гергга некъ бира. ТӀаккха, шайн хинкеманна тӀекхоччуш волу, хин тӀехула гӀаш вогӀу Ӏийса гира царна. Уьш кхерабелира. 20Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Со ву шуна иза! Ма кхера!»
21Ӏийса хинкеманна чуваккха бохкуш бара мурдаш, ткъа хинкема цу сохьта хӀорш тӀебоьлхуш болчу хин йисте кхечира.
Ӏийса ду дахаран бепиг
22ШолгӀачу дийнахь Ӏоман вукху агӀор гулбеллачу нахана гира и цхьаъ бен хинкема цигахь ца хилар а, Ӏийса Шен мурдашца цу хинкеман чу ца валар а. Ткъа мурдаш, Ӏийсах дӀа а къаьстина, хинкеман чохь шаьш дӀабахара. 23ТӀаккха Везачу Эло хастам бина, Дала беркате дина бепиг наха диинчу метте, кхин а хинкеманаш кхечира Тхьабара-гӀала олучу меттигера. 24ТӀаккха нахана кхузахь я Ӏийса а, я Цуьнан мурдаш а цахилар гира. Уьш, Ӏийса лоьхуш, хинкеманаш чу а хевшина, Къапарнаме баьхкира. 25Ткъа шаьш кхаьчначу Ӏоман дуьхьаларчу берда тӀехь Ӏийса шайна карийча, цара элира Цуьнга: «Рабби! Хьо маца кхаьчна кхуза?»
26Ӏийсас жоп делира царна: «Бакъдерг боху Ас шуьга: Шайна тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш гарна ца лоьху аша Со, ткъа шаьш бепиг а диъна дузарна лоьху. 27Кху дуьнен чуьра телхар болчу кхачанна къа ма хьега. Амма шаьш Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачош болу, Адамийн КӀанта шайна лур болу кхача лаха, хӀунда аьлча Дала Шен мухӀар таӀорца тоьшалла до Цунах».
28ТӀаккха наха Ӏийсага хаьттира: «Муха лела деза те тхо, Далла лерина гӀуллакхаш кхочушдархьама?»
29Ӏийсас жоп делира царна: «Далла лерина гӀуллакх кхочушдар ду Дала Ваийтинчух шу тешаш хилар».
30ТӀаккха цара Ӏийсага элира: «ХӀун тамашийначу гӀуллакхийн билгало гойту Ахь тхуна, и ган а гина, тхо Хьайх тешийтархьама? ХӀун гойтур дара Ахь? 31#Арадаккхар 16:4, 15; Забур 77:24. Тхан дайша яьссачу аренгахь стигалан кхача биъна, яздина ма-хиллара:
„Стигалшкара доссийна бепиг делира царна даа“».
32ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Муса-пайхамаро ца делла шуна стигалшкара охьадаийтина бепиг, амма Сан Дас луш ду и бакъдолу стигалшкара охьадоуьйту бепиг. 33ХӀунда аьлча Делан бепиг ду, стигалшкара охьа а догӀуш, дуьненна дахар а луш долу бепиг».
34ТӀаккха наха элира Ӏийсага: «Эла, лохьа тхуна иштта бепиг гуттар а!»
35Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Со дахаран бепиг ду шуна. ХӀунда аьлча Суна тӀевогӀург цкъа а мацлур вац, Сох тешаш верг цкъа а хьаглур вац. 36Амма Ас аьлла шуьга: Со шуна гушшехь, шу Сох ца теша. 37Сан Дас Суна луш мел дерг Суна схьакхочур ду, ткъа Сайна тӀевогӀург Ас дӀаэккхор вац. 38ХӀунда аьлча стигалшкара схьа Сайн лаам кхочушбан веана вац Со, ткъа Со Ваийтинчун лаам кхочуш бан веана ву. 39Со Ваийтинчун иштта лаам бу: Цо Суна деллачу синойх Ас цхьа а ца дайар, амма тӀаьхьарчу дийнахь и синош Ас дендар. 40ХӀунда аьлча Сан Ден лаам бу, хӀора а, Со КӀант хилар а гуш, Сох тешнарг Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачор. Денвийр а ву Ас иза тӀаьхьарчу дийнахь».
41«Со стигалара охьадоьссина бепиг ду», – Ӏийсас аларна, Цунна реза боцуш, хамталлаш ян буьйлабелира яхӀудхой. 42ТӀаккха цара хоьттура вовшашка: «Вайна девзаш долчу оцу ден-ненан, оцу Юсупан кӀант Ӏийса вац Иза? Ткъа хӀинца Цо и муха олу те: „Со стигалшкара веана“?»
43ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «Хамталлаш ма е вовшашлахь. 44Цхьаннан а вогӀийла дац Суна тӀе, Со ваийтинчу Дас иза тӀе ца оьзча. Ткъа Аса иза денвийр ву тӀаьхьарчу дийнахь. 45#ЕшаӀ-ЯхӀу 54:13. Пайхамарийн цхьана тептар тӀехь яздина ма-ду: „Берриш а Дала Ӏамор бу“, – аьлла. ХӀора, Дас бохург а хезна, цунах кхетта верг вогӀу Суна тӀе. 46Иза дац ша Делера воцучу цхьанна Да гина бохург. Ша Делера волчу Цунна гина Да. 47Бакъдерг боху Ас шуьга: Тешаш волчун хир ду Дела волчохь хедар доцу дахар. 48Со дахаран бепиг ду. 49Шун дайша яьссачу аренгахь стигалара кхача биира, ткъа уьш белла. 50ХӀара бепиг стигалшкара охьадогӀу, муьлхха а и диънарг ца валийтархьама. 51Со стигалара охьадеана дахаран бепиг ду. И бепиг дуучун цкъа а хедар доцу дахар хир ду. Ткъа Ас лун долу бепиг Сан дегӀ ду, дуьненан адамийн дахарх Ас дӀалур долу».
52ТӀаккха вовшашца къийса хӀиттира яхӀудхой. Цара бохура: «Вайга Шен дилха муха доуьйтур ду Цо?»
53Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Баккъалла а боху Ас шуьга: Нагахь аша Адамийн КӀентан дилха а ца даахь, Цуьнан цӀий а ца малахь, дахар хир дац шуна чохь. 54Сан дилха а дууш, Сан цӀий а молуш волчун Дела волчохь хедар доцу дахар хир ду. Иза Ас денвийр а ву тӀаьххьарчу дийнахь. 55ХӀунда аьлча Сан дилха а бакъболу кхача санна ду, Сан цӀий а бакъдолу малар санна ду. 56Сан дилха а дууш, Сан цӀий а молуш верг Соьца вехаш ву, ткъа Со цуьнца вехаш ву. 57Дийна волуш волчу Дас Со ваийтарна, Со а ву Деца доьзна дахар долуш. Иштта Сох кхача бууш волчун а Соьца доьзна дахар хир ду. 58ХӀара стигалшкара охьадеана бепиг ду. Шун дайша диъначу баьпках тера дац иза. Иза дуъушехь, уьш беллера. Ткъа хӀара бепиг дууш верг Дела волчохь даим а вехар ву».
59И къамел дира Ӏийсас Къапарнамехь гуламан цӀа чохь, Ша нахана хьехамаш беш.
Дела волчохь хедар доцу дахар луш долу дешнаш
60И хьехамаш хезначу Ӏийсан мурдех дукхахболчара элира: «Хала ду и дош. Хьаьнга ладогӀало цуьнга?»
61Амма Шен мурдаша реза боцуш гӀам-гӀим дойла Шен даг чохь хууш волчу Ӏийсас элира: «ХӀокху дешнаша а вас йо шуна? 62Нагахь Адамийн КӀант Ша хьалха хиллачу юхавоьрзуш шайна гича, хӀун хетар ду те шуна? 63Делан Сино дахар ло, ткъа адаман дилханах цхьа а пайда бац. Ас шуьга аьллачу дешнашна чохь са а, дахар а доллу. 64Амма шуна юкъара цхьаберш тешаш бац».
ХӀунда аьлча Ӏийсана хьалххе дуьйна а хаьара муьлш бу Шех цатешарш а, Шена тешнабехк хьан бийр бу а. 65ТӀаккха кхин а элира Ӏийсас: «Цундела аьллера Ас шуьга, цхьа а валур вац Суна тӀе, нагахь санна Сан Дас иза цунна делла дацахь».
66Цу хенахь дуьйна Ӏийсан дукхах болу мурдаш Цунах дӀакъаьстира, кхин Цуьнца а ца лелаш. 67ТӀаккха Ӏийсас Шен шийтта мурде элира: «Шуна а лаьий те дӀакъаста?»
68 # Маттай 16:16; Марк 8:29; Лака 9:20. Ткъа ШамӀа-Кипас жоп делира Цуьнга: «Веза Эла, хьанна тӀегӀур дара тхо? Хьоьгахь ма-ду Дела волчохь хедар доцучу дахаран дешнаш. 69Теша а тешна, Хьо Дала Вазвинарг вуй хиира тхуна».
70Ӏийсас жоп делира царна: «Ас хаьржина вацара шу шийтта? Амма шуна юкъара цхьаъ иблис ду».
71Цо и элира ШамӀа-Искархочун кӀантах ЯхӀудах лаьцна. ХӀунда аьлча шийттаннах цхьаъ воллушехь, цо тӀаьхьо тешнабехк бийр болуш бара Ӏийсана.

Currently Selected:

Яхьъя 6: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in