Яхьъя 5
5
Бет-Хьасда Ӏомана уллохь стаг туовар
1Цул тӀаьхьа Ярушалаймехь жуьгтийн цхьа деза де даздеш дара. Ӏийса а веара цига. 2Ярушалаймехь УьстагӀийн ков олучу меттехь баьккхина луьйчу цхьа Ӏам бу. Цунах Ӏебархойн маттахь Бет-Хьасда#5:2 Бет-Хьасда – кхечу тептарш тӀехь цу Ӏомана иштта цӀерш йогӀу: Байт-Затхьа, Бет-Саида. олу. Цу Ӏомана гонах лаьтташ бӀогӀамийн пхи могӀа бара, тӀехула тиллина тхов а болуш. 3Оцу Ӏомана тӀедоьлхучу некъаш тӀехь Ӏохкуш Ӏаламат дукха цомгуш болу нах хуьлура. Царна юкъахь бара бӀаьрзенаш, астагӀнаш, заьӀапнаш#5:3, 4 Цхьадолчу тептарш тӀехь яздина ду аяташ 3б, 4: Уьш и хи, дӀа-схьа а даьржина, меттахдаларе ладоьгӀуш Ӏаш бара. ХӀунда аьлча Делан малико, наг-наггахь Ӏома чу а долий, и хи, дӀа-схьа а даржадой, меттахдоккхура. Оццу хенахь, Ӏомана хьалха чуваьлларг, муьлххачу а цамгаро а и хьийзош велахь а, толуш хилла.. 5Иштта, ткъе берхӀитта шарахь шен цамгаро хьийзош волу цхьа хьенех а вара цигахь. 6И стаг цигахь Ӏуьллуш а гина, иза дукха хенахь дуьйна цомгуш вуйла а хиъна, Ӏийсас хаьттира цуьнга: «Могуш хила лаьий хьуна?»
7Ткъа цомгушчо элира Ӏийсага: «Эла, Ӏома чуьра хи, меттах а даьлла, дӀасадаьржачу хенахь со цу чуваккха цхьа а вац-кх сан. Ткъа со хи чувала воллучу хенахь, кхин цхьаъ сол хьалха волу-кх».
8Ӏийсас элира цомгушчуьнга: «ХьалагӀатта, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, дӀаволало».
9И стаг, цу сохьта туо а велла, шен мотт-гӀайба схьа а эцна, дӀаволавелира. Иза Далла леринчу шоьтан дийнахь дара. 10#Нахьми-ЯхӀу 13:19; Ярми-ЯхӀу 17:21. Цундела динан куьйгалхоша цамгарх товеллачуьнга элира: «Тахана Далла лерина шоьтан де ду, хьайн мотт-гӀайба дӀабаккха а бакъо ма яц хьан».
11Ткъа цо жоп делира яхӀудхошка: «И со Товинчо элира-кх соьга: „Хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, дӀаволало“».
12ТӀаккха цара хаьттира товеллачуьнга: «Мила ву хьоьга, мотт-гӀайба схьа а эций, дӀаволало аьлла и Стаг?»
13Ткъа товеллачунна Иза мила ву ца хаьара. ХӀунда аьлча, кхузахь адам алссам хиларна, аьтту а баьлла, Ӏийса къайлавелира. 14Цул тӀаьхьа и стаг Делан цӀийнан кертахь а карийна, Ӏийсас элира цуьнга: «ХӀинца хьо цамгарх товелла, ткъа кхин къинош ма летаделахь, хьайна кхин цул а вониг ца хилийтархьама».
15ТӀаккха цу стага, вахана, динан куьйгалхошка ша Товинарг Ӏийса вуй дӀахаийтира. 16Цундела, Ӏийсас и стаг туовар Далла лерина шоьтан дийнахь дина аьлла, динан куьйгалхой Ӏийсана дуьхьалбевлира. 17Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Сан Дас тахханалц а болх беш бу, Аса а бо и болх».
18Ӏийсас иза аларна, Иза вен кхин а чӀогӀа тӀаьхьабевлира динан куьйгалхой. ХӀунда аьлча Далла лерина шоьтан де ца лерина а ца Ӏаш, Делах Шен Да ву а аьлла, Ша Делаца вуьстинера Ӏийсас.
КӀентан олалла
19Ткъа Ӏийсас жоп делира царна: «Бакъдерг боху Ас шуьга, Шен Дас дийриг гуш ца хилча, Шеггара хӀумма а дойла дац КӀентан. ХӀунда аьлча Шен Дас дийрриг до КӀанта а. 20Дена Шен КӀант веза, цундела Ша мел дийриг дерриг а гойту Дас КӀантана. Шу цец а дохуш, кхин а сов гӀуллакхаш гойтур ду Дас Цунна. 21ХӀунда аьлча Шен Дас белларш денбаре терра, иштта КӀанта а Шена луъург денво. 22Адамашна тӀехь кхел яр, Ша а ца деш, Шен КӀентан кара дӀаделла Дас, 23массаьрга а, Да лоручу тайпана, КӀант а ларийтархьама. ХӀунда аьлча КӀант ца лоручо Иза ваийтина волу Да а ца лору.
24Бакъдерг боху Ас шуьга: Сан даше ладугӀуш а, Со Ваийтинчух тешаш а волчун Дела волчохь хедар доцу дахар ду. Къематан дийнахь царна тӀехь кхел яц, ткъа, беллачуьра ден а белла, Делаца долчу бакъдолчу дахаре кхаьчна уьш. 25Бакъдерг боху Ас шуьга: тӀейогӀуш ю и зама, тӀекхаьчна а яьлла, беллачарна Делан КӀентан аз а хезар долуш, и хезнарш ден а лур болуш. 26ХӀунда аьлча Ден а Ша-Шена чохь дахар хиларе терра, иштта Шен КӀантана а делла Цо Ша-Шена чохь дахар хилар. 27Иза Адамийн КӀант волу дела, кхел ян а бакъо елла Дала Цуьнан кара.
28Цец ма довлалаш цунах, хӀунда аьлча тӀейогӀуш ю и зама, кешнаш чохь болчу массарна а Делан КӀентан аз хезар долуш. 29#Даниал 12:2. ТӀаккха, ден а белла, арабевр бу уьш. Царах дика гӀуллакхаш динарш Дела волчохь хедар доцучу дахаре гӀур бу. Ткъа шайн дахарехь вон гӀуллакхаш динарш шайна кхел яйта денлур бу. 30Айса-Сайгара хӀумма а дан йиш яц Сан. Аса, Сайна ма-хаззара, кхел йо, и Сан кхел бакъ а ю. ХӀунда аьлча Аса Сайн лаам ца лоьху, амма Со Ваийтинчу Ден лаам кхочушбо».
Ӏийсах тоьшалла дар
31«Нагахь санна Аса-Айса Сайх тоьшалла дахь, и Сан тоьшалла кхоччуш дац. 32Сох тоьшалла дийриг Кхин ву. Цо Сох деш долу и тоьшалла бакъ дуйла хаьа Суна. 33#Яхьъя 1:19-27; 3:27-30. Аша Яхьъяна тӀе нах бахийтира, ткъа цо билггал долчу бакъдолчух тоьшалла дира. 34Адамо дина тоьшалла оьшуш вац Со-м, амма шу кӀелхьардовлийта боху Аса шуьга хӀара. 35Яхьъя богуш а, къегаш а болу стогар санна вара шуна. Ткъа шуна кӀеззиг йолчу ханна цуьнан серлонгахь хазахетар хила лиира. 36Амма Сан тоьшалла Яхьъян тоьшаллел а сов ду. ХӀунда аьлча Аса дан дезаш а долчу, Аса деш а долчу, Суна Сан Дас деллачу цу гӀуллакхаша до Сох тоьшалла Сан Дас Со ваийтина хиларх. 37#Маттай 3:17; Марк 1:11; Лака 3:22. Со ваийтина волчу Сан Дас до Сох тоьшалла. Шуна-м я Цуьнан аз а ца хезна, я Цуьнан сибат а ца гина. 38Я Цуьнан кхаъ а шун даг чохь ца лаьтта, Цо Ваийтинчух шу ца теша дела. 39Делан Йозанаш толлу аш, уьш шаьш теллича, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхочур ду моьттуш. Ткъа Делан Йозанаша Сох тоьшалла ма-до. 40Амма шуна ца лаьа Суна тӀаьхьахӀитта, шайна Дела волчохь хедар доцу дахар хилийта.
41Адамашкара сий дар ца оьшу Суна. 42Амма Суна девза шу, шун дегнаш чохь Деле хила ма-безза безам боцийла а хаьа. 43Со Сайн Ден цӀарах веана воллушехь, тӀе ца оьцу аша. Ткъа цхьа кхиверг шен цӀарах веача, иза тӀеоьцур ву аша. 44Муха тешар ду шу, цхьаммо шайн сий дича, аша иза хазахетарца тӀеоьцуш хилча? Ткъа цхьаъ бен воцучу Делера сий аша ца лоьху. 45Ма мотталаш Ас шу Далла хьалха бехке дийр ду. Шу бехке дан Муса-пайхамар хир ву, цунах дегайовхо йолуш Ӏаш долчу шуна. 46Шаьш Муса-пайхамарах тешаш хилча, Сох а тешар дара шу, хӀунда аьлча Сох лаьцна яздинера цо. 47Амма нагахь санна цуьнан йозанех а шу ца тешча, Сан дешнех муха тешар ду шу?»
Currently Selected:
Яхьъя 5: CHE
Highlight
Share
Copy
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012