Яхьъя 20
20
Ӏийса веллачуьра денвалар
(Маттай 28:1-8; Марк 16:1-8; Лака 24:1-12)
1Ткъа кӀирандийнахь, хьалххе, са а тасале, Магдал-юьртара Марем къубба йолчу еара. Цигахь къуббанна дуьхьал биллина болу тӀулг дӀакарчийна гира Маремана. 2ТӀаккха Марем, едда, Кипина а, Ӏийсана къаьсттина везаш хилла волчу кхечу мурдана а тӀееара. Цо элира цаьрга: «Веза Эла къуббанна чуьра дӀаваьхьна, ткъа Иза мича охьавиллина ца хаьа».
3ТӀаккха Кипа а, и важа мурд а, ара а ваьлла, къубба йолчу вахара. 4И шиъ цхьаьна ведира, амма важа мурд, сихо ведда, Кипел хьалха а ваьлла, къубба йолчу хьалха кхечира. 5ТӀаккха охьатаьӀначу мурдана Ӏохкуш кӀадинан кескаш гира, амма иза цу чу ца велира. 6Цул тӀаьхьа ШамӀа-Кипа а схьакхечира цу мурдана тӀаьххье. Къуббанна чуваьллачу Кипина а гира Ӏохкуш йолу еккъа кӀадинан кескаш. 7Ӏийсан коьртах хьарчийна хилла долу йовлакх, цу кескашца а доцуш, хьарчийна ма-хиллара, къаьсттина, кхечу меттехь Ӏуьллуш дара. 8Цу хенахь хьалхаваьлла схьакхаьчна волу важа мурд а къуббанна чувелира. Иза, и дерриг ган а гина, тийшира. 9ХӀунда аьлча уьш хӀинца а Делан Йозанаш тӀехь яздина долчу Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра денвала везарх ца кхетара. 10Иштта мурдаш юхабирзира.
Ӏийсас Ша Магдалера Маремана гайтар
(Маттай 28:9, 10; Марк 16:9-11)
11Ткъа Марем къуббанна уллохь йоьлхуш лаьттара. Йоьлхуш йолу иза къуббанна тӀе охьатаьӀира. 12Цу хенахь Маремана, тӀехь кӀайн хӀуманаш а йолуш, хиъна Ӏаш ши малик гира: царах цхьаъ коьртехь, важа когашкахь дара Ӏийса охьавиллина хиллачу меттехь. 13ТӀаккха цара Мареме элира: «Зуда! Хьо хӀунда йоьлху?»
Марема жоп делира: «Сан Веза Эла дӀа а ваьхьна, Иза мичахь охьавиллина сайна ца хаьа дела, йоьлху со».
14И аьлла, Марем юхахьаьжча, лаьтташ волу Ӏийса гира цунна. Маремана ца хаьара Иза Ӏийса вуйла. 15Ӏийсас элира цуьнга: «Зуда, хьо хӀунда йоьлху? Ахьа мила лоьху?»
Ткъа Марема, Иза бешахо ву моттаделла, элира Цуьнга: «Сан ваша, Иза ахьа дӀаваьхьнехь, алахь соьга, ахьа Иза мича охьавиллина, аса Иза схьаоьцур вара».
16Ӏийсас элира цуьнга: «Марем!»
Ткъа Марема, юха а йирзина, арамхойн маттахь элира Цуьнга: «Раббуни!» (иза «Устаз» бохург ду).
17ТӀаккха Ӏийсас элира Мареме: «Сацалахь, Сох кхин хьакха ма лолахь, хӀунда аьлча Со хӀинца а Сайн Да волчу хьала ца ваьлла. Сан вежаршна тӀе а гӀой, ахьа цаьрга ала: „Сайн Дена а, шун Дена а тӀе а, Сайн Далла а, шун Далла а тӀе хьалаволу Со“». 18ТӀаккха Магдалера Марема, яхана, мурдашка дӀахаийтира шена Веза Эла гар а, Цо шега аьлларг а.
Ӏийса мурдашна гар
(Маттай 28:16-20; Марк 16:14-18; Лака 24:36-49)
19Оцу кӀирандийнахь, суьйранна, шаьш динан куьйгалхойх кхерарна, неӀ дӀакъевлина уьш Ӏаш болуш, чу а ваьлла, юкъаметте дӀа а хӀоьттина, Ӏийсас мурдашка элира: «Машар хуьлда шуьца!» 20И аьлла, Шен куьйгаш а, агӀо а гайтира Цо. Веза Эла гича, чӀогӀа хазахеттера мурдашна. 21ТӀаккха юха а элира Ӏийсас цаьрга: «Маршо хуьлийла шуьца! Со Дас ваийтаре терра, Аса шу а дохуьйту!» 22И аьлла, Ӏаь а тоьхна, Ӏийсас элира: «ДӀаэца Делан Са. 23#Маттай 16:19; 18:18. Нагахь аш адамийн къиношна гечдахь, уьш царна тӀера дӀадевр ду, ткъа нагахь аша и къиношна геч ца дахь, уьш царна тӀехь дуьсур ду».
Ӏийса а, ТӀама а
24Ткъа оцу шийттаннах цхьаъ, шех Шалавинарг олуш волу ТӀама, Ӏийса веанчу хенахь мурдашца вацара. 25ТӀаьхьа оцу мурдаша ТӀамига элира: «Тхуна Веза Эла гира».
Ткъа ТӀамас элира цаьрга: «Нагахь сайна Цуьнан куьйгаш тӀехь хьостамех йисина чевнаш а ца гахь, сайн куьг Цуьнан агӀонах йолчу чевнна чу а ца дахийтахь, хӀуъа хилча а, тешар вац со».
26Цул тӀаьхьа кӀира даьлча, мурдаш юха а, гулбелла, Ӏаш бара цӀа чохь. ТӀама а вара цаьрца. НеӀ дӀакъевлина а йолуш, Ӏийсас, цӀа чу а веана, юккъе дӀа а хӀоьттина, элира цаьрга: «Машар хуьлда шуьца!» 27ТӀаккха ТӀамига Ӏийсас элира: «Хьайн пӀелг схьа а кховдабай, хьажа Сан куьйгашка, ткъа хьайн куьг Сан агӀонах йолчу чевнах чекхдаккха. Ма хила ца тешаш, амма тешаш хила».
28ТӀамас, жоп луш, элира Ӏийсага: «Сан Веза Эла, сан Дела!»
29Ӏийсас элира цуьнга: «Хьо тийши, хьайна Со гина дела. Декъала бу-кх, Со гина воццушехь, Сох тешнарш».
Кху тептаран Ӏалашо
30Кхин дуккха а тамашийна гӀуллакхаш дира Ӏийсас Шен мурдашна хьалха, кху тептар тӀехь яздина а доцу. 31Ткъа хӀорш яздина Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг, Делан КӀант хиларх шу тешийтархьама#20:31 Шу тешийтархьама – цхьадолчу тептарш тӀехь: шу тешаш хилархьама. а, тӀаккха, Цунах теша а тешна, Цуьнан цӀарах шун бакъдолу дахар хилийтархьама а.
Currently Selected:
Яхьъя 20: CHE
Highlight
Share
Copy
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012