1
Яхьъя 20:21-22
Делан Йозанаш
ТӀаккха юха а элира Ӏийсас цаьрга: «Маршо хуьлийла шуьца! Со Дас ваийтаре терра, Аса шу а дохуьйту!» И аьлла, Ӏаь а тоьхна, Ӏийсас элира: «ДӀаэца Делан Са.
Compare
Explore Яхьъя 20:21-22
2
Яхьъя 20:29
Ӏийсас элира цуьнга: «Хьо тийши, хьайна Со гина дела. Декъала бу-кх, Со гина воццушехь, Сох тешнарш».
Explore Яхьъя 20:29
3
Яхьъя 20:27-28
ТӀаккха ТӀамига Ӏийсас элира: «Хьайн пӀелг схьа а кховдабай, хьажа Сан куьйгашка, ткъа хьайн куьг Сан агӀонах йолчу чевнах чекхдаккха. Ма хила ца тешаш, амма тешаш хила». ТӀамас, жоп луш, элира Ӏийсага: «Сан Веза Эла, сан Дела!»
Explore Яхьъя 20:27-28
Home
Bible
Plans
Videos