1
Яхьъя 19:30
Делан Йозанаш
Къонза а мелла, Ӏийсас элира: «Кхочушхили!» ТӀаккха, корта охьа а оллийна, Шен са дӀаделира Цо.
Compare
Explore Яхьъя 19:30
2
Яхьъя 19:28
Цул тӀаьхьа дерриг а кхочушхилла даьллий хууш вара Ӏийса. ТӀаккха, Делан Йозанашна тӀехь яздинарг кхочушхилийтархьама, Цо элира: «Хьогах ву Со».
Explore Яхьъя 19:28
3
Яхьъя 19:26-27
ТӀаккха Ӏийсас, Шен нана а, цунна юххехь лаьтта, Шена къаьсттина дукха везаш волу мурд а гина, нене элира: «Нана, хӀара хир ву хьан кӀант». Цул тӀаьхьа мурде а элира Цо: «ХӀара хьан нана ю». Цу сахьтехь дуьйна шеца ша волчу дӀайигира цу мурдо иза.
Explore Яхьъя 19:26-27
4
Яхьъя 19:33-34
Ткъа Ӏийсана тӀебахча, Иза дӀакхелханий а гина, Цуьнан настарш ца кегйира цара. Ткъа тӀемалойх цхьаммо шегара гоьмукъ туьйхира Ӏийсан агӀонах, пӀендаршна юккъе. Цу сохьта цӀий а, хи а охьадахара.
Explore Яхьъя 19:33-34
5
Яхьъя 19:36-37
Иза хилла дӀахӀоьттира, Делан Йозанаш тӀехь яздина дерг кхочушхилийтархьама: «Цуьнан цхьа а даьӀахк кагйина хир яц», – аьлла. Делан Йозанийн кхечу меттехь кхин а аьлла ду: «Шаьш дегӀах гоьмукъ чекхбаьккхиначуьнга хьовсур бу уьш».
Explore Яхьъя 19:36-37
6
Яхьъя 19:17
Ша бахьа беза жӀаран бӀогӀам ги а боьллина, «туьтанан меттиг» олучу меттиге дӀаволавелира Ӏийса (Ӏебархойн маттахь и меттиг «Галгатхьа» олуш ю).
Explore Яхьъя 19:17
7
Яхьъя 19:2
Ткъа тӀемалоша, коканийн коьллех кочар а дуьйцина, иза Ӏийсан коьрта тӀе диллира. Ткъа Ӏийсана цӀен бос болу оба тӀекхоьллира.
Explore Яхьъя 19:2
Home
Bible
Plans
Videos