Яхьъя 12
12
Бет-ХӀинехь Ӏийсана тӀе деза даьтта доттар
(Маттай 26:6-13; Марк 14:3-9)
1Иштта, Пасахьан деза де тӀекхача ялх де дисича, Бет-ХӀина олучу гӀала веара Ӏийса. Ӏийсас веллачуьра денвина волу ЛаӀзар а вара цигахь вехаш. 2Цигахь суьйренан пхьор кечдинера Ӏийсана. Марта а яра гӀуллакхаш деш. И ЛаӀзар а вара Ӏийсаца пхьор дуучаьрца. 3#Лака 7:37, 38. ТӀаккха Марема, цхьа герка хиллал нард олучу зезагех даьккхина долу деза даьтта, схьа а эцна, Ӏийсан когаш тӀе доьттира. Цул тӀаьхьа шен коьртара месашца Ӏийсан когаш бакъийра цо. Ткъа и цӀа хаза хьожа йогӀучу даьттанан хьожанах дуьзира. 4ТӀаккха Ӏийсан мурдех цхьаммо, ЯхӀуд-Искархочо, тӀаьхьа Ӏийсана ямартло ен волчо, элира: 5«И деза даьтта кхо бӀе динари ахчанах дохка а доьхкина, мискачарна дӀа хӀунда ца дийкъира вай?» 6И ша аьлларг ца элира цо мискачу нехан бала кхаьчна, ткъа ша къу хиларна элира. Шегахь мурдийн ахча Ӏалашдеш лелош болу тӀоьрмаг болу дела, наггахь цу чу тосучу ахчанах хӀума схьаоьцура цо шена.
7ТӀаккха Ӏийсас элира: «Йита и зуда. Шена ца хуъушехь, Со дӀавуллун волчу денна Ӏалашдина хилла цо и даьтта#12:7 Шена ца хуъушехь... цо и даьтта – я иштта: Бухадиснарг Со дӀавуллучу денна Ӏалашдойла цо.. 8#Карлабаьккхинарг 15:11. ХӀунда аьлча мисканаш гуттар а хир бу шуьца, ткъа Со даим хир вац шуьца».
ЛаӀзарна дуьхьал бина барт
9Дукхах болчу яхӀудхошна хиира Ӏийса цигахь вуйла. Ӏийса гархьама хилла а ца Ӏаш, Цо веллачуьра денвина волу ЛаӀзар ган а баьхкинера уьш. 10Ткъа динан коьртачу дайша ЛаӀзар а вен сацам бира. 11ХӀунда аьлча ЛаӀзар бахьана долуш баьхкина дукхах болу яхӀудхой, динан куьйгалхойх дӀа а къаьстина, Ӏийсах тийшира.
Ӏийса декъалварца Ярушалайма чувар
(Маттай 21:1-11; Марк 11:1-11; Лака 19:28-40)
12ШолгӀачу дийнахь Пасахь даздан баьхкинчу дукхачу нахана хезира, Ӏийса Ярушалайме вогӀуш ву аьлла. 13#Забур 117:25, 26. Уьш, хурманийн диттийн гаьннаш карахь а долуш, Ӏийсана дуьхьалбаьхкира. Цара аз айдина маьхьарий деттара:
«ХӀашанна!#12:13 ХӀашанна! – иза «кӀелхьардаха!» бохург ду, ткъа цу меттехь «Далла бу хастам!» бохучух терра ду.
Декъала ву Везачу Элан цӀарах вогӀуш волу
Исраилан Паччахь!»
14Ткъа Ӏийса, цхьа къона вир карийна, цунна тӀе хиира, Делан Йозанаш тӀехь яздина ма-хиллара:
15 #
Закри-ЯхӀу 9:9. «Ма кхералахь, Цийонан йоӀ!#12:15 Цийонан йоӀ – Ярушалайм-гӀалара бахархой.
ХӀара хьан Паччахь вогӀу,
къоначу вира тӀе а хиъна».
16Цуьнан мурдаш юьхьанца ца кхийтира цунах. Амма, тӀаьхьа, Ӏийсан сийлалла кхочушхилча, кхийтира уьш, и дешнаш Цунах лаьцна яздина хиларх а, и дерриг а Цунна дина хиларх а.
17Хьалха Цо ЛаӀзар къуббанна чуьра схьакхайкхинчу хенахь а, Цо иза веллачуьра денвинчу хенахь а Ӏийсаца хиллачу наха цунах тоьшалла дора. 18Ӏийсас оцу тамашийначу гӀуллакхан билгало яр хезна, Цунна дуьхьалбаьхкира нах. 19Парушхоша вовшашка бохура: «Гой шуна, вай-м хӀумма а дан ца ларий? Ткъа дерриг дуьне а Цунна тӀаьхьахӀуттуш ма лаьтта!»
Цхьаболчу грекахоша Ӏийса лахар
20Пасахьан дезачу дийнахь Далла Ӏамал ян баьхкинчарна юкъахь грекахой а бара. 21Галилай-махкара Бет-Саида-гӀалара волчу Пилапана тӀебахара уьш. Цара, дехарш деш, элира Пилапе: «Олахо, тхуна Ӏийса ган лаьа».
22Цунах лаьцна Пилапа Ӏандаре дӀаэлира. ТӀаккха Ӏандара а, Пилапа а, вахана, Ӏийсага дӀадийцира грекахошна луург. 23Ӏийсас, жоп луш, элира цу шинга:
«ТӀекхаьчна Адамийн КӀентан сийлалла дӀагойту сахьт. 24Баккъалла а боху Ас шуьга: нагахь кӀен буьртиг лаьтта боьжча, хӀаллак ца хилахь, иза ша буьсур бу. Ткъа нагахь иза ша хӀаллакьхилахь а, дуккха а стом лур бу цо. 25#Маттай 10:39; 16:25; Марк 8:35; Лака 9:24; 17:33. Шен са дезачо иза хӀаллакдо. Ткъа кху дуьненахь шен са ца дезачо, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачархьама, Ӏалашдийр ду иза. 26Милла а Суна гӀуллакх деш верг Суна тӀаьхьахӀуттийла. Иза Со волччохь Сан ялхо а хир ву. Милла а Суна гӀуллакх деш верг Сан Дас лорур а ву».
Ӏийсас Шен толамах лаьцна дуьйцу
27«Ткъа хӀинца Сан са карзахдаьлла. ХӀун ала те Ас? „Дада, кӀелхьарваккхахьа Со кху сахьтах“? Амма кху сахьтана веана ма ву Со. 28Дада! Гучуяккхахьа Хьайн цӀеран сийлалла!»
ТӀаккха стигалшкара аз хезира: «Ас Сайн цӀеран сийлалла гайта а гайтина, ткъа хӀинца кхин а гойтур а ю», – аьлла.
29Цигахь лаьтташ болчу, иза хезначу наха бохура: «Иза стигал къовкъар дара».
Ткъа вукхара бохура: «Малико къамел дира Цуьнца».
30Цара аьллачунна дуьхьал Ӏийсас элира: «Сан дуьхьа даийтина дацара и аз, амма шун дуьхьа даийтина дара иза. 31ХӀинца кху дуьненна кхел хуьлуш ю. Кху дуьненан эла дӀаэккхор ву хӀинца. 32Со лаьттара хьалаваьккхича, массо адам Сайна тӀеозор ду Ас».
33Иза Ӏийсас элира, Шен валар муха хир ду хаийтархьама. 34#Забур 109:4; ЕшаӀ-ЯхӀу 9:7; Яхьазкхиал 37:25; Даниал 7:14. Наха Ӏийсага элира: «Тхуна хезна товрат-хьехам тӀехь, Дала леррина Къобалвинарг даим а вехар ву аьлла, дуйла. Ткъа Ахь муха боху: „Адамийн КӀант хьалаваьккхина хила везаш ву? Мила ву и Адамийн КӀант?“»
35ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «ХӀинца а кӀеззигчу ханна серло ю шуьца. Серло йолччуьра, лела шу, шаьш бодане дӀа ца хьулдайта. Ткъа боданехь лелачунна ша стенга воьду а ца хаьа. 36И серло шуьца йолччуьра, теша цу серлонах, тӀаккха серлонан кӀентий хир ду шух». Иза а аьлла, Ӏийса, дехьа а ваьлла, къайлавелира царах.
ЯхӀудхойн цатешар
37Оццул дукха тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш гайтира Ӏийсас нахана, хӀетте а тешаш бацара уьш Цунах. 38#ЕшаӀ-ЯхӀу 53:1 (Грекийн). Иза дара ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро аьлла хӀара дешнаш кхочушхилийтархьама:
«Веза Эла, мила тийшира тхоьгара хезначух?
Хьанна хааделира Везачу Элан нуьцкъала куьг?»
39Цу нехан тешийла а дацара, ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро кхидӀа а иштта аьлла дела:
40 #
ЕшаӀ-ЯхӀу 6:10 (Грекийн). «Дала церан бӀаьргаш бӀаьрзе бинера,
церан дегнаш а шога динера,
церан бӀаьргашна са ца гайта а,
церан дегнаш тӀаьхьа ца кхиийта а,
уьш шайна гӀо дайтархьама Шена тӀе ца бахийта а. –
Ас уьш то а бийр бара!»
41Иштта аьллера ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, шена Ӏийсан сийлалла гича. Иза Ӏийсах лаьцна аьллера цо. 42Ур-атталла куьйгалхошна юкъара а дукхахберш тийшира Ӏийсах. Амма шаьш парушхойх кхерар бахьана долуш, цара ца хаийтира шаьш тешний. Уьш кхоьрура шаьш гуламан цӀийнах дӀакъасторах. 43ХӀунда аьлча шайна адамашкара долу сийдар Дала сийдарал а сов дезарна.
Тешар а, цатешар а
44ТӀаккха Ӏийсас дӀакхайкхадира нахе: «Сох тешаш верг, Сох тешна а ца Ӏаш, Со Ваийтинчух а теша. 45Со гуш волчунна Со Ваийтинарг а го. 46Серло санна веана Со кху дуьнен чу, Сох тешнарг цхьа а боданехь ца витархьама. 47Нагахь санна цхьаммо Сан дешнаш шена хезча, уьш ца лардахь а, Ас цунна кхел йийр яц. ХӀунда аьлча Со дуьненна кхел ян веана вац, амма дуьне кӀелхьардаккха веана ву. 48Со юхатухуш а, Сан дешнаш тӀе ца оьцуш а волчун шен кхел ю. Ас аьллачу дашо йийр ю цунна кхел тӀаьххьарчу дийнахь. 49ХӀунда аьлча Аса Сайгара ца боху, амма Со ваийтинчу Сан Дас весет дина Соьга, Аса хӀун ала а, хӀун дийца а деза олуш. 50Суна хаьа, Делан весето Ша волчохь хедар доцучу дахаре валавой. Цундела Айса бохург, Сайн Дас ма-аллара, боху Ас».
Currently Selected:
Яхьъя 12: CHE
Highlight
Share
Copy
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012