YouVersion Logo
Search Icon

Доладалар 38

38
ЯхӀуд а, Тамара а.
1Цу хенахь шен вежарий болчуьра дӀа а вахана, Ӏадулам олучу меттера волу Хьира цӀе йолу стаг волчохь Ӏаш вара ЯхӀуд. 2Цигахь ЯхӀудана ШуӀа цӀе йолчу канаӀанхочун йоӀ евзира. Яла а йина, цунах кхийтира иза. 3Зудчо кӀант вича, цуьнан цӀе Ӏаьр тиллира. 4Юха а доьзалхочух а хилла, кӀант вира ЯхӀудан зудчо. КӀентан цӀе Онан тиллира цо. 5Кезаб олучу меттехь шена кхин цхьа кӀант а вича, цуьнан цӀе Шейла тиллира цо.
6Шен дуьххьарлерачу кӀантана Ӏаьрана Тамара цӀе йолуш зуда ялийра ЯхӀуда. 7Амма Шена хьалха Ӏаьр къиношца Ӏарна, Везачу Эло са ийцира цуьнан. 8ТӀаккха ЯхӀуда элира Онане: «Хьайн вешех йисинчуьнца дӀа а вижна, марвешин декхар кхочушдан деза ахь вешин тӀаьхье хилийта».
9Амма Онанна хаьара оцу тӀаьхьенан да ша хир воций, цундела хӀоразза а вешин зудчуьнца дӀавижча, бер ца хуьлу агӀо лелайора цо. 10Везачу Элана хьалха къилахь дара Онана лелош дерг, цундела Цо цуьнан а са дӀаийцира. 11ТӀаккха оцу шинна хилларг жимаха волчу кӀантана Шейлана хиларна кхоьруш, ЯхӀуда элира шен несе Тамаре: «Сан кӀант Шейла воккха хиллалц, хьайн да волчу дӀа а гӀой, йисина Ӏаш йолу зуда Ӏа ма-еззара Ӏе».
Тамара шен ден цӀа дӀаяхара. 12Дикка хан яьлча, ЯхӀудан зуда, ШуӀин йоӀ, елира. Шен са тийначул тӀаьхьа ЯхӀуд шен уьстагӀий лоргуш болу нах болчу Тамне вахара. Ӏадулам-гӀалара цуьнан доттагӀа Хьира а вахара цуьнца. 13Тамаре элира: «Хьан марда Тамне уьстагӀий ларга воьдуш ву». 14Йисина Ӏачу зудчун духар дӀа а даьккхина, юьхь къайлайоккхуш тӀе хӀума а кхоьллина, Тамне боьдучу новкъахь йолчу Ӏенаим-гӀалех чувулучу меттехь охьахиира иза. Цунна гора, Шейла воккха хиллехь а, ша цуьнга маре дӀа ца ялар. 15Тамара шена гича, цуьнан юьхь дӀакъевлина хиларна цунах нахаца лела зуда таръелира ЯхӀудана. 16Зудчунна тӀе а вахана, цо элира: «Ялохьа, хьайца дӀавижийтахьа со». Цунна ца хаьара иза шен нус юйла.
Зудчо хаьттира: «Ахь хӀун лур ю суна хьо сайца дӀавуьжуьйтург?»
17ЯхӀуда жоп делира: «Ас сайн жена юкъара буьхьиг йоуьйтур ю хьуна».
Зудчо юха а хаьттира: «Закъалтана хӀума лур юй ахь, буьхьиг схьаяийтталц?»
18ЯхӀуда хаьттира: «ХӀун закъалт ло хьуна?»
Зудчо жоп делира: «Хьан мухӀар а, цу тӀера тӀийриг а, хьан карара Ӏаса а оьшу суна».
Цо йоьхург дӀа а елла, цуьнца дӀавижира ЯхӀуд. Тамара доьзалхочух хилира цунах. 19Цигара дӀа а яхана, ша тӀеоьхкина хӀуманаш дӀа а яьхна, йисина Ӏачу зудчун духар тӀедуьйхира цо.
20Цу хенахь ЯхӀуда шен доттагӀа Ӏадуламхо Хьира вахийтира, буьхьиг а эцна, ша закъалтана елла хӀуманаш цу зудчуьнгара схьаэца. Амма доттагӀчунна и зуда ца карийра. 21Цо хаьттира цигарчу нахе: «Ӏенаим уллохула болучу некъан йистехь Ӏийна, цӀуйн дуьхьа нахаца лелаш йолу еза зуда#38:21 ЦӀуйн дуьхьа нахаца лелаш йолу еза зуда – и санна йолчу зудчуьнца лелар цӀунна гӀуллакх дар лорура. КанаӀанхошна гергахь иза наха лоруш зуда яра. Цундела ЯхӀуда цунах «еза» олу. мичахь ю?» – аьлла.
Цара жоп делира: «Кхузахь-м ца хилла цхьа а цӀуйн дуьхьа нахаца лела еза зуда».
22ЯхӀуд волчу юха а веана, Хьирас элира: «Суна иза ца карий, цигарчу наха: „Кхузахь-м яц цхьа а цӀуйн дуьхьа нахаца лела еза зуда“, – боху».
23ЯхӀуда элира: «Делахь шегахь йисинарг шена юьтур цо, вайх нах белийта ца лаьа суна. Ас цунна буьхьиг яхьийтира, амма хьуна и зуда ца карийна».
24Кхо бутт баьлча, ЯхӀуде элира: «Нахаца а лелла, доьзалхочух хилла хьан нус Тамара!»
ЯхӀуда элира: «Ара а яккхий, ягае иза!»
25Амма ша дӀаюьгучу хенахь мардена тӀе стаг вахийтира Тамарас: «ХӀара хӀуманаш йолчу стагах доьзалхочух ю со. ДӀахьажал, хьенан ду хаьий хьуна хӀара мухӀар а, тӀийриг а, Ӏаса а», – аьлла.
26ЯхӀудана евзира и хӀуманаш, цо элира: «Сан болчул а бехк бац цуьнан, хӀунда аьлча ас сайн кӀанте Шейле иза дӀа ца елира». Кхин цуьнца дӀа ца вижира ЯхӀуд.
27Доьзалхо хуьлу хан тӀекхаьчча, Тамарин кийрахь шала бераш дуйла хиира. 28Бер хуьлучу хенахь хьалхарчу доьзалхочун куьг гучудаьлча, бер схьаоьцучу зудчо, цуьнан куьйгах цӀен тай а дихкина, элира: «ХӀара хьалхара ву». 29Амма кӀанта куьг юха а даьккхина, хьалха цуьнан ваша велира дуьнен чу. Бер схьаоьцучу зудчо элира: «Хьо муха чекхвели, Парас?!» Цу кӀентан цӀе Парас тиллира (иза «чекхвалар» бохург ду). 30Юха куьйга тӀехь цӀен тай дерг а велира гучу. Цуьнан цӀе Зерахь тиллира (иза «сатасар» бохучух тера ду).

Currently Selected:

Доладалар 38: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in