Доладалар 39
39
Юсуп а, Патипаран зуда а
1ИсмаьӀалан тӀаьхьенах болчу совдегарша Мисар-махка валийра Юсуп. ПирӀунан гӀаролан хьаькам а волуш, цунна уллорчех цхьаъ волчу мисархочо Патипара ийцира иза цаьргара. 2#Векалийн 7:9. Веза Эла вара Юсупца, цуьнан дика аьтто хилира. Хьолахо волчу мисархочун хӀусамехь вехаш вара иза. 3Цуьнан хӀусаман дена гора Веза Эла Юсупца хилар а, цо дечу гӀуллакхаш тӀехь гӀо деш Иза хилар а. 4Патипар реза вара Юсупна. Цунах хьалхара ялхо вира цо, цӀа а, берриг бахам а Юсупе лело дӀа а белла. 5ХӀусамдас Юсуп куьйгалла дан хӀоттийчхьана дуьйна, Везачу Эло декъалйира мисархочун хӀусам Юсупан дуьхьа. Везачу Элан беркат доьссира Патипаран долахь долчунна дерригенна а тӀе: цӀенна а, аренна а. 6Цундела цо Юсупах тешна дитинера доллу хӀума а. Юсуп бахьана долуш цхьана а хӀуманна гӀайгӀа яцара цунна, ша юучун бен.
Юсуп куц долуш а, хаза а вара. 7Дукха хан ялале хӀусамден зуда кхуьнга хьежа елира. Цо элира Юсупе, шеца дӀавижа аьлла. 8Амма Юсуп реза ца хилира, цо бохура: «Со волчохь сан эло цхьана а цӀа чохь йолчу хӀуманна гӀайгӀа бан ца оьшу, шен долахь дерг дерриг а сох тешна дитина цо. 9Кху цӀа чохь со коьртаниг ву. Сан эло оьшург дерриг а луш ду суна, цхьа хьо йоцург, хӀунда аьлча хьо цуьнан зуда ю. Ас муха бийр бу вон болх, Далла хьалха къа муха латор ду?»
10ХӀора дийнахь цу зудчо доьххушехь, цуьнца дӀавижа а, хила а реза ца хуьлура иза. 11Цкъа цӀеранаш чохь боцучу хенахь, цхьа гӀуллакх а хилла, чувеара Юсуп. 12Цуьнан бедар схьа а лаьцна, зудчо элира: «ДӀавижа соьца!» Амма тӀехулара бедар зудчун карахь а юьсуш, ведда араиккхира Юсуп. 13Шегахь бедар а йитина, иза дӀаведдийла а гина, 14зудчо, ялхой схьа а кхайкхина, элира: «Хьовсийша, хӀара Ӏебархо вайн цӀа чу валийна, ткъа хӀара вай сийсаздеш ву! Кху чу а веана, соьца дӀавижа гӀерташ вара иза, амма со мохь хьекха хӀоьттича, 15шен бедар соьгахь а йитина, веди иза».
16Юсупан тӀеюху хӀума шегахь йитира зудчо, хӀусамда цӀа валлалц. 17Цунна а изза дийцира цо: «Ахь валийна Ӏебархойн лай со йолчу а веана, со хьийзо гӀерташ вара, 18амма ас мохь хьаькхча, шен бедар соьгахь а йитина, ведира иза». 19«Хьан лай сан сий дайа гӀоьрти!» – бохура зудчо.
Цо дуьйцучуьнга ла а доьгӀна, чӀогӀа оьгӀазвахара Патипар. 20Схьа а лаьцна, паччахьан тутмакхаш болчу набахти чу воьллира цо Юсуп.
Иштта набахти чу кхечира иза. 21#Векалийн 7:10. Амма цигахь а Веза Эла вара цуьнца. Гуттар а кхуьнан дола деш Ша хиларна, набахтин коьртачу хьаькамана хӀара дикачу агӀор гайтира Везачу Эло. 22Набахтин коьртачу хьаькамо массо а тутмакхашна тӀехь куьйгалла дан а, набахтехь долчу хьолах жоп дала а хӀоттийра Юсуп. 23Цунна ша тӀедиллинчу гӀуллакхна сагатдан ца оьшура набахтин коьртачу хьаькамо, хӀунда аьлча, Юсупан массо а хӀуманна тӀехь аьтто беш, Веза Эла вара цуьнца.
Currently Selected:
Доладалар 39: CHE
Highlight
Share
Copy

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012