YouVersion Logo
Search Icon

Доладалар 28

28
1Якъуб шена тӀе а кхайкхина, иза декъалвинчул тӀаьхьа цунна тӀедожийра Исхьакха:
«КанаӀанхойн зуда хьайна ма ялаелахь. 2Кхузара дӀа а гӀой, Падан-Арам олучу метте гӀо, хьайн ненада Бетаал ваьхначу цӀийне. Цигахь Ӏаш хьан ненан ваша Лабан ву. Цуьнан цхьа йоӀ ялае. 3Аса нуьцкъалчу Деле доьху, Цо хьо декъал а вина, хьан дуккха а бераш хилийта бохуш. Ас доьху, хьо дуккха а халкъийн да хилийта бохуш. 4#Доладалар 17:4-8. Дала хьо а, хьан бераш а декъалдойла, ИбрахӀим ша декъала ма-варра. Дала ИбрахӀимна делла, хьо хӀинца тӀевеана стаг а хилла Ӏаш волу латта хьан дола долийла».
5Исхьакха Падан-Араме дӀахьажийра Якъуб. Иза Ребикхин ваша, арамхо Лабан волчу вахара. Лабанан а, Ребикхин а да Бетаал вара, ткъа Ребикха Якъубан а, Ӏесаван а нана яра. 6Ӏесавана хиира, шен дас Исхьакха декъал а вина, Якъуб Падан-Араме шена зуда лаха хьажийнийла а, дас Якъубана, канаӀанхо ма ялае аьлла, тӀедожинийла а. 7Дас-нанас бохург а дина, Якъуб Падан-Араме дӀаваханийла а хиира Ӏесавана. 8ТӀаккха кхийтира Ӏесав, шайн дена канаӀанхойн зударий ца безийла. 9Ӏесаван ши зуда яра, амма ИбрахӀиман кӀант ИсмаьӀал волчу а вахана, цуьнан йоӀ, Набуятин йиша, Махьалат ялийра цо шена.
Бетал-гӀалахь Якъубана гина гӀан
10Якъуб, Беар-ШабаӀера ара а ваьлла, ХӀаран-гӀала вахара. 11Новкъа воьдуш, суьйре тӀе а еана, цхьана меттехь буьйса йоккхуш сецира иза. Цхьа тӀулг а карийна, цу тӀе корта а биллина, дӀавижира иза. 12#Яхьъя 1:51. ГӀенах Лаьттара стигала хьалакхаччалц болу лами а, цу тӀехула хьала-охьа лелаш долу Делан маликаш а гира цунна. 13#Доладалар 13:14, 15. Стигалахь, цу лами тӀехула лаьттачу Везачу Эло цуьнга элира: «Со Веза Эла ву, хьан деден ИбрахӀиман а, ден Исхьакхан а Дела. ХӀинца хьо тӀехь Ӏуьллу латта хьуна а, хьан тӀаьхьенна а лур ду Ас. 14#Доладалар 12:3; 22:18. Лаьттара ченан буьртигаш санна, дукха тӀаьхьенаш хир ю хьан, уьш дӀасаяьржар ю малхбалехьа а, малхбузехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а. Дуьнен чуьра массо а халкъаш хьоьгахула а, хьан тӀаьхьенехула а декъал хир ду. 15Со хьоьца ву, Ас Ӏалашвийр ву хьо, миччанхьа вахача а. ХӀокху лаьтта тӀе хьо юха схьа а валийна, Айса хьоьга аьлларг кхочушдаллалц, Ас хьо дӀатесна вуьтур вац».
16Сама а ваьлла, Якъуба элира: «ХӀокху меттехь Веза Эла билггал ву, амма суна ца хаьара Иза кхузахь вуйла». 17Якъуб кхеравелира. «Ма сийлахь меттиг ю хӀара! – элира цо, – ХӀара Делан цӀа ду, стигалан ков ду».
18Ӏуьйранна хьалххе хьалагӀаьттина, ша дӀавуьжуш коьрта кӀел биллина тӀулг ирхберзийна дӀахӀоттийра цо. Цу тӀе даьтта а доьттина, и тӀулг Далла лерина битира Якъуба. 19Цу меттигах Луз олура, амма Якъуба цуьнан цӀе Бетал тиллира (иза «Делан цӀа» бохург ду).
20Цо дуй биира: «Нагахь Дела соьца хир велахь, со дӀа а, схьа а вогӀучу новкъахь Ӏалаш а веш, нагахь Цо суна даар а, духар а лахь, 21нагахь со могуш-маьрша сайн ден цӀа юха а верзахь, Веза Эла сан Дела хир ву. 22Ас кхузахь хӀара тӀулг хӀоттийна, цо хӀара меттиг, кхузахь Дела волуш, сийлахь юйла хоуьйтур ду. Ахь сайна деллачух уьтталгӀа дакъа Цунна юха а лур ду ас».

Currently Selected:

Доладалар 28: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in