Цо дуй биира: «Нагахь Дела соьца хир велахь, со дӀа а, схьа а вогӀучу новкъахь Ӏалаш а веш, нагахь Цо суна даар а, духар а лахь, нагахь со могуш-маьрша сайн ден цӀа юха а верзахь, Веза Эла сан Дела хир ву. Ас кхузахь хӀара тӀулг хӀоттийна, цо хӀара меттиг, кхузахь Дела волуш, сийлахь юйла хоуьйтур ду. Ахь сайна деллачух уьтталгӀа дакъа Цунна юха а лур ду ас».