Марк 3
3
Ӏийсас куьг заьӀап долу стаг тово
(Маттай 12:9-14; Лака 6:6-11)
1Цхьана шоьтан дийнахь юха а гуламан цӀа чу веара Ӏийса. Цигахь куьг заьӀап долуш цхьа стаг вара. 2Цхьадолу адамаш чӀогӀа Ӏийсан тергам беш дара, Далла леринчу шоьтан дийнахь Цо дарба до те я ца до те хьоьжуш, юха Иза бехке вархьама. 3Ӏийсас куьг заьӀап долчу стаге элира: «Хьала а гӀаттий, массарна хьалха дӀахӀотта».
4ТӀаккха оцу нахе Ӏийсас хаьттира: «ХӀун боху бакъоно, Далла леринчу шоьтан дийнахь хӀун дан мегаш ду, дика я вон? Стеган дахар кӀелхьардаккха я иза хӀаллакдан?»
Ткъа уьш бист ца хилира
5ТӀаккха, цаьрга массаьрга а реза воцуш хьажа а хьаьжна, церан къиза дегнаш хиларна халахетарца, Ӏийсас элира куьг заьӀап долчу стаге: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Вукхо куьг схьакховдийра – иза оцу сохьта тоделира. 6Ткъа парушхой, ара а бевлла, сихонца ХӀародан адамашца барт бан буьйлабелира, Ӏийса шаьш муха хӀаллаквийр вара те бохуш.
Берда тӀехь Ӏийсана гонах дуккха а адам гулдалар
7Цу хенахь Ӏийса Шен мурдашца Ӏома йисте веара. Дукха адам дара Цунна тӀаьхьа лелаш. Галилай-махкара а, ЯхӀуд-махкара а, 8Ярушалаймера а, Эдом-меттигера а, Йорданан тӀехьара а, Цора-гӀалина а, ЦӀадан-гӀалина а гонах Ӏаш долу дукха адам деанера И волчу. Цо дечу гӀуллакхех лаьцна шайна хезна дела баьхкинера Цунна тӀе уьш. 9#Марк 4:1; Лака 5:1-3. Адам дукха тӀех гулдаларна, цаьрга Ша ца хьашийтархьама, хинкема кечдайтира Ӏийсас Шен мурдашка. 10Дукхахболчу баьхкинчарна дарба дира Цо, цундела массо а цомгушнаш Ӏийсана юххе гӀертара, Цунах куьг Ӏотта гӀерташ. 11ХӀоразза а харц жинашна Ӏийса гича, Цунна хьалха охьаоьгура уьш, мохь а хьоькхуш: «Хьо Делан КӀант ву!» – бохуш. 12Ткъа Ӏийсас чӀогӀа доьхкура царна, Ша мила ву ма дийца бохуш.
Шийтта векал харжар
(Маттай 10:1-4; Лака 6:12-16)
13Юха Ӏийсас, лам тӀе хьала а ваьлла, мурдашна юкъара Шена оьшурш тӀекхайкхира. Уьш Цунна тӀе баьхкира. 14Царна юкъара Ӏийсас шийтта мурд схьакъастийра (царах Цо векалш элира), уьш Шена юххехь хилийтархьама а, цаьрга хьехамаш байтархьама а, 15адамашна чуьра жинаш арадаха церан олалла хилийтархьама а. 16Ӏийсас къастийна векалш хӀорш бара: ШамӀа (Ӏийсас тӀаьхьа, Кипа аьлла, цӀе тиллинарг), 17Зевадин кӀант Якъуб, цуьнан ваша Яхьъя, (шайна Ӏийсас, Баней-Раговш аьлла, цӀе тиллинарш, иза «ткъесан#3:17 Ткъесан кӀентий – кхечу тайпана аьлча: карзахе кӀентий. кӀентий» бохург ду), 18Ӏандар, Пилап, Барталамай, Маттай, ТӀама, ХӀалпайн кӀант Якъуб, Тхьада, ШамӀа (ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочушдан гӀертарг), 19ЯхӀуд-Искархо а, тӀаьхьа ямартхо хилларг.
Ӏийса а, БаӀал-Зебула а
(Маттай 12:22-32; Лака 11:14-23; 12:10)
20Цул тӀаьхьа Ӏийса цӀа чу вахча, юха а дукха нах гулбелира, ур-атталла юург яа а меттиг ца йолуьйтуш Ӏийсана а, Цуьнан мурдашна а. 21Ӏийсан цӀерачарна цунах лаьцна хезча, уьш Иза дӀавига баьхкира, хӀунда аьлча наха дуьйцура, Иза лар тӀехь вац бохуш. 22#Маттай 9:34; 10:25. Ткъа Ярушалаймера баьхкинчу Ӏелам наха олура: «Цунна чу БаӀал-Зебула-жин доьлла! Оцу харц жинийн элан олаллица жинаш арадоху Цо адамашна чуьра!»
23ТӀаккха Ӏийсас, уьш Шена тӀе а кхайкхина, дустарш далийра царна: «Иблисо муха эккхор ду иблис? 24Цхьана пачхьалкхехь вовшашлахь тӀом хилча, и пачхьалкх хӀаллакьхир ю. 25Я цхьана доьзалехь цхьа барт бацахь, иза а бухур бу. 26Ткъа иблис ша-шена дуьхьал даьлча, иблисан олалла шена чохь а декъаделча, иза кхин латталур дац, цуьнан тӀаьххьара де тӀекхочу.
27Цхьа а ца воьду шел онданиг волчу цӀа чу, цуьнан хӀуманаш лачкъо, цкъа хьалха иза дӀавихкина бен, къола далур дац цуьнан цӀахь.
28Баккъалла а боху Аса шуьга: „Адамийн кӀенташна муьлхха а къиношна гечдийр ду, цара Дела сийсазвар а тӀехь, 29#Лака 12:10. амма Делан Са сийсаздинчунна цкъа а гечдийр дац, иза гуттаренна къинойн баланехь хир ву“».
30Иштта дешнаш элира Ӏийсас, Шех лаьцна наха «Иза харц жинашца тайна ву», – олу дела.
Ӏийсан нана а, вежарий а
(Маттай 12:46-50; Лака 8:19-21)
31Ӏийса волчу Цуьнан наний, вежарий баьхкира. Уьш арахь севцира. Цара Ӏийса аракхайкхира, 32хӀунда аьлча, гонах хиъна дукха адам хиларна, Цунна тӀе ца кхачалора уьш. Ӏийсага элира: «Хьажахь, Хьан наний, вежарий, йижарий бу-кх арахь Хьо хоьттуш».
33Цо жоп делира: «Муьлш бу Сан наний, вежарий?» 34ТӀаккха, Шена гонах хевшина болчаьрга а хьаьжна, Ӏийсас элира: «ХӀорш бу Сан наний, вежарий! 35ХӀунда аьлча Делан лаам кхочушбеш берш бу Сан ваша а, йиша а, нана а».
Selectat acum:
Марк 3: CHE
Evidențiere
Împărtășește
Copiază

Dorești să ai evidențierile salvate pe toate dispozitivele? Înscrie-te sau conectează-te
© Институт перевода Библии, 2012