YouVersion
Pictograma căutare

Лака 3

3
Яхьъяс хьехам бар
(Маттай 3:1-12; Марк 1:1-8; Яхьъя 1:19-28)
1Тибар паччахь волу пхийтталгӀа шо долчу хенахь, Понти Пулат ЯхӀуд-махкахь мехкан куьйгалхо волуш, ХӀарод Галилайхь куьйгалхо волуш, цуьнан ваша Пилап и санна Итурейхь а, Трахонехь а куьйгалхо волуш, ткъа Лусан Абали цӀе йолчу меттигехь куьйгалхо волуш, 2динан коьрта дай бара Ӏанна а, Кайба а. Оцу шарахь яьссачу арахь Закрин кӀанте Яхьъяга Делера хаам хилира. 3Цул тӀаьхьа Яхьъя Йордан-хин бердаш тӀехь болчу махкахула вогӀура. Цо кхайкхам бора нахе: «Далла тӀе а дерзий, шаьш хих чекхдахийта, Деле шайн къиношна гечдайтархьама», – бохуш. 4#ЕшаӀ-ЯхӀу 40:3-5 (Грекийн). Цуьнан хьехамех лаьцна ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро яздина:
«Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду:
„Везачу Элана некъ кечбе!
Нисде Цунна хьалха некъан тачанаш!
5ХӀора тогӀи хьалаюзур ю,
хӀора лам а, гу а охьахедар бу.
Харц некъаш нислур ду,
доьхнарш шарлур ду.
6Массарна а гур ду
Дала адамаш кӀелхьардахар!“»
7 # Маттай 12:34; 23:33. Хих чекхбахийта баьхкинчу нахе Яхьъяс бохура: «Шу лаьхьанан кӀорнел а чӀогӀа зуламе адамаш ма ду! Хьан бина шуьга, тӀедогӀучу къематан дийнах кӀелхьардовла деза аьлла, хаам? 8#Яхьъя 8:33. Шу Далла тӀедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта. „Тхан да ИбрахӀим ву“, – алий, тоам ма бе. Ас боху шуьга, Делан таро ю оцу Ӏохкучу тӀулгех а ИбрахӀимна тӀаьхье ян. 9#Маттай 7:19. Орамашна тӀехула диг хьалаайина ду: хӀора шена тӀе пайден болу стом ца латтош долу дитт, хада а дой, цӀера юккъе кхуссу».
10«Ткъа хӀун де оха?» – бохуш хоьттура наха.
11Яхьъяс жоп лора: «Шен ши коч йолчо цхьа а йоцучунна цхьаъ дӀало, шен яа хӀума йолчо изза де».
12 # Лака 7:29. Ял йоккхуш берш а богӀура шаьш хих чекхбахийта. «Устаз! – хоьттура цара, – оха хӀун дан деза?»
13«Нахера совнаха ял ма яккха», – бохура цо цаьрга.
14ТӀемалоша хаьттира цуьнга: «Оха хӀун дан деза?»
Яхьъяс жоп делира: «Нуьцкъах нахера хӀуманаш схьа ма яха, бехке воцург бехке ма ве, шайн алапах тоам бе».
15Адам цхьана хӀумане сатуьйсуш Ӏара, массеран дагахь дара: «Дала леррина Къобалвинарг вуй теша Яхьъя?» 16Яхьъяс бохура цаьрга массаьрга а: «Ас шу хих чекхдоху, амма сол нуьцкъалниг вогӀур ву шуна, со Цуьнан мачийн бахтарш дӀадаста а хьакъ вац. Цо Делан Синах дузор а ду, цӀерца а дахчор ду шу. 17Цуьнан карахь кӀа ору баьхьа бу, хьаьттахь долу кӀа, цӀан а дина, цӀа чу схьагулдархьама. Ткъа кегаш цкъа а дӀайовш йоцучу цӀера юкъахь ягор ю Цо».
18Оцу дешнашца а, кхин дуккха а кхидолчу тӀедожоршца а халкъе хазачу кхоах лаьцна хаамаш бора Яхьъяс. 19#Маттай 14:3, 4; Марк 6:17, 18. Цу хенахь Яхьъяс бехке вира махкана тӀехь куьйгалла деш волу ХӀарод, шен вешин зуда ХӀародад ялийна аьлла а, кхин а цуьнгара даьлла зуламаш бахьанехь а. 20ХӀарода шегара девллачу зуламашна тӀе кхин цхьаъ а туьйхира: цо Яхьъя чувоьллира.
Ӏийса хих чекхваккхар
(Маттай 3:13-17; Марк 1:9-11)
21Схьавеанарг массо а хих чекхвоккхуш, Ӏийса а ваьккхира. Иза доӀа дан хӀоьттира – стигал еллаелира. 22#Доладалар 22:2; Забур 2:7; ЕшаӀ-ЯхӀу 42:1; Маттай 3:17; Марк 1:11; Лака 9:35. Ӏийсана тӀе Делан Са доьссира кхокханан суьртехь. Стигалара аз хезира: «Хьо ву Сан хьоме КӀант! Хьоьца бу Сан лаам!»
Ӏийсан дай
(Маттай 1:1-17)
23Ӏийсан ткъе итт шо гергга дара, Иза Делах лаьцна хьехамаш бан волавелча.
Иза, массарна ма-моттара, Юсупан кӀант вара,
ткъа Юсуп Ӏелин кӀант вара,
24Ӏела Маттатан вара,
Маттат Левин вара,
Леви Мелхин,
Мелхи Яннайн,
Яннай Юсупан,
25Юсуп Маттит-ЯхӀун,
Маттит-ЯхӀу Амосан,
Амос Нахьуман,
Нахьум Элсин,
Элси НагӀайн,
26НагӀай Махьатан,
Махьат Маттит-ЯхӀун,
Маттит-ЯхӀу ШамӀин,
ШамӀа Юсахан,
Юсах Йовдин,
27Йовди Йохьанан,
Йохьан Решан,
Реша Зурбабелан,
Зурбабел Шалтаалан,
Шалтаал Неран,
28Нера Мелхин,
Мелхи Адин,
Ади Къосаман,
Къосам Ӏелмадин,
Ӏелмади Ӏаьран,
29Ӏаьр ЮшаӀан,
ЮшаӀ ЭлиӀазаран,
ЭлиӀазар Йораман,
Йорам Маттатан,
Маттат Левин,
30Леви ШимӀин,
ШимӀа ЯхӀудан,
ЯхӀуд Юсупан,
Юсуп Йонаман,
Йонам Элъякъиман,
31Элъякъим Мелин,
Мели Минадин,
Минади Маттетан,
Маттет Натин,
Ната Даудан,
32Дауд Юшаян,
Юшай Ӏабадин,
Ӏабади БоӀазан,
БоӀаз Салманан,
Салман Нахьшонан,
33Нахьшон Ӏамминадабан,
Ӏамминадаб Адманан,
Адман Раман,
Рам Хьацранин,
Хьацрани Парасан,
Парас ЯхӀудан,
34ЯхӀуд Якъубан,
Якъуб Исхьакхан,
Исхьакх ИбрахӀиман,
ИбрахӀим ТӀахьиран,
ТӀахьир Нахьиран,
35Нахьир СерагӀан,
СерагӀ Рахьун,
Рахьу ПалагӀан,
ПалагӀ Ӏебаран,
Ӏебар Селахьан,
36Селахь Къаиман,
Къаим Арпахшадан,
Арпахшад Шимин,
Шима Нохьин,
Нохьа ЛемакӀан,
37ЛемакӀ Матушалахьан,
Матушалахь ХӀанохан,
ХӀанох Ярадан,
Ярад Махьаллалан,
Махьаллал Къаиман,
38Къаим Эношан,
Энош ШатӀин,
ШатӀа Адаман,
ткъа Адам – Делан кӀант вара.

Selectat acum:

Лака 3: CHE

Evidențiere

Partajează

Copiază

None

Dorești să ai evidențierile salvate pe toate dispozitivele? Înscrie-te sau conectează-te