YouVersion
Pictograma căutare

Лака 24

24
Ӏийса веллачуьра денвалар
(Маттай 28:1-10; Марк 16:1-8; Яхьъя 20:1-10)
1Ӏуьйранна хьалххе, сатосучу хенахь, кӀиранан хьалхарчу дийнахь, шаьш кечдина хьакхарш а эцна, зударий къубба йолчу бахара. 2Къуббанна тӀетовжийна тӀулг дӀакарчийна карийра царна. 3Чоьхьа бевлча, царна Ӏийса-Элан дегӀ ца карийра. 4Юха, уьш цецбевлла лаьттачу хенахь, царна хьалха хӀоьттира къегаш духар дуьйхина ши стаг. 5Кхерабелла, бертал ийгира зударий. Шина стага элира цаьрга: «Дийнаниг беллачарна юкъахь хӀунда лоьху аш? 6#Маттай 16:21; 17:22, 23; 20:18, 19; Марк 8:31; 9:31; 10:33, 34; Лака 9:22; 18:31-33. Иза кхузахь вац, Иза денвелла! Дагадаийта Ша Галилайхь волуш Цо шуьга аьлларг: 7Адамийн КӀант къинош летийначу нехан кара дӀалур ву, жӀарах дӀа а тухур ву, амма кхозлагӀчу дийнахь денлур ву“».
8ТӀаккха царна дагадеара Ӏийсан и дешнаш. 9Къубба йолчуьра юха а баьхкина, и дерриг цхьайтта векална а, кхечу мурдашна а дийцира цара. 10Шайна гинарг векалшна дуьйцучаьрца бара Магдалера Марем а, Яхьани а, Якъубан нана Марем а, кхиболу зударий а. 11Амма зударша дийцинчух цхьа а ца тийшира. Церан дешнаш даьсса хийтира. 12Ткъа Кипа, хьалагӀаьттина, ведда къубба йолчу вахара. Чухьаьжначу цунна ша-ша яьхна Ӏохкуш кӀадинан кескаш карийра. Иза юхавеара, хиллачух чӀогӀа цец а вуьйлуш.
Ӏаммас-эвла боьдучу новкъахь.
(Марк 16:12, 13)
13Цу дийнахь цигахь хиллачех ши стаг вара Ярушалаймера цхьайтта чаккхарма генахь йолчу Ӏаммас-эвла воьдуш. 14Цу шиммо оцу хиллачу хӀуманех лаьцна дуьйцура. 15Юха и шиъ къамел деш схьавогӀуш, тӀевеана Ӏийса цаьрца дӀаволавелира. 16Дала цу шина стагана Ӏийса ца вовзийтира. 17Ӏийсас хаьттира цаьрга: «ХӀун дуьйцуш ву шуьшиъ новкъахула вогӀуш?»
Важа шиъ сецира, гӀайгӀане яххьаш а йина. 18Царах цхьамма, цуьнан цӀе Кхалайп яра, элира: «Хьо, схьагарехь, Ярушалаймехь цхьаъ ву-кх хӀокху деношкахь хӀун ду ца хууш виснарг?»
19«Ткъа хӀун хилла?» – хаьттира Ӏийсас.
«Назартарчу Ӏийсаца доьзна хилларг, – жоп делира цара. – Иза пайхамар вара. Далла а, массо адамна а хьалха нуьцкъала Устаз а, инзаре хӀуманаш Дийриг вара И. 20Динан коьртачу дайша а, тхан хьаькамаша а вен кхел а яйтина, жӀарах дӀатохийтира Иза. 21Тхо чӀогӀа тешна дара Цо Исраил-мохк ПаргӀатбоккхург хиларх. Цу тӀе, хӀинца кхозлагӀа де а ду и дерриг а хилла. 22Амма тхуна юкъара цхьаболчу зударша цецдаьхна тхо. ХӀокху Ӏуьйранна хьалххе, сатосучу хенахь, къубба йолчу бахача, 23Ӏийсан дегӀ ца карийра царна. Схьабаьхкинчу цара дийцира тхуна, шайна хьалха цхьана суьртехь хӀиттинчу маликаша Иза дийна ву боху аьлла. 24Цул тӀаьхьа тхан накъостий бахара уьш хиллачу къубба тӀе, зударша ма-дийццара карийра дерриг а, амма Ӏийса царна цигахь ца гира».
25ТӀаккха Ӏийсас элира шина некъахочуьнга: «Ма сонта ду шу! Ма сиха дац шун дегнаш дерриге а пайхамарша дийцинчух теша! 26Дала Леррина Къобалвинарг Ша болу баланаш лан дезаш вац, Шен сийлалле кхачархьама?» 27Муса-пайхамарна тӀера дӀаволавелла, массо а пайхамарша Шех лаьцна Делан Йозанаш тӀехь аьлларг царна дийцира Ӏийсас.
28Уьш цхьана юьрта йисте кхаьчча, Ӏийсас Ша кхин а дӀаваха воллу сурт хӀоттийра. 29Амма цара дехарш дира Цуьнга: «Тхоьца сацахьа, де суьйренгахьа а лестинера», – аьлла. Ӏийса цаьрца сацархьама цӀа чу вахара. 30ХӀума яа буьйлалуш Иза бепиг, схьа а эцна, доӀанца цунах баркалла а аьлла, декъа а декъна, цаьрга дӀакховдо вуьйлира. 31Дала цу шина стагана Ӏийса вовзийтира. Амма Ӏийса царна ца гуш хилира. 32Уьш вовшашка хетта буьйлабелира: «Вай новкъа догӀуш, къамел деш а, Цо Делан Йозанан маьӀна дуьйцуш а дегнаш айаделла догуш дацара вайн?» – бохуш.
33Сихха хьалагӀаьттина, и шиъ Ярушалайме вахара. Цигахь царна гулвелла цхьайтта векал а, цаьрца берш а карийра. 34Векалша дийцира: «Веза Эла билггала денвелла! Иза ШамӀина хьалха хӀоьттинера!»
35Юха кху шиммо дийцира шайца новкъахь хиллачух а, Цо бепиг кагдечу хенахь, шайна Ӏийса вовзарх а лаьцна.
Денвелла Ӏийса мурдаш болчу вар
(Маттай 28:16-20; Марк 16:14-18; Яхьъя 20:19-23; Векалийн 1:6-8)
36Церан къамел чекх а ца даьллера, Ӏийса, Ша царна юкъа а веана: «Машар хуьлда шуьца», – аьлла, вистхилча.
37Уьш, кхерабелла, дӀасевцира, шайна гуш дерг гӀаларт ду моьттуш. 38Ткъа Цо бохура: «Шу кхера хӀунда делла? Шеко хӀунда йогӀу шу дегнаш чу? 39Хьовсал Сан куьйгашка а, Сан когашка а. ХӀара Со ву! Куьг Ӏоттал Сох, схьахьовсал. ГӀалартан дегӀ а, даьӀахкаш а ца хуьлу, ткъа Сан, шуна ма-гарра, дегӀ ду».
40Иза а аьлла, Цо Шен куьйгаш а, когаш а гайтира. 41Амма уьш цецбевлла а, хазахетта а ца тешара гучух. ТӀаккха Ӏийсас хаьттира: «Яа хӀумма а юй шун?» 42Цара беттина чӀара белира Цунна. 43Цо, схьа а эцна, биира иза царна хьалха.
44«ХӀара дара Ас шуна дийцинарг Со шуьца волчу хенахь, дерриг а Сох лаьцна Мусан товратана тӀехь а, кхечу пайхамарийн тептарш тӀехь а, Забурана тӀехь а яздинарг кхочуш ца хилча ца долу», – элира Цо.
45Цул тӀаьхьа церан хьекъал кӀаргдира Цо, Делан Йозанах уьш дика кхетийтархьама. 46Цо элира цаьрга: «Яздина ду, Дала Леррина Къобалвинарг бала лан а, веллачуьра кхозлагӀчу дийнахь денвала дезаш а ву аьлла. 47Цуьнан дуьхьа массо а халкъашка, Ярушалайм тӀера дӀадуьйладелла, кхайкха деза, къиношна гечдайтархьама дохко а довлий, Далла тӀедерза аьлла. 48Шу оцу хӀуманийн тешаш хилла дӀахӀуьттур ду. 49#Векалийн 1:4. Сан Дас лур ду аьлларг Ас дӀакхочуьйтур ду шуна, амма, лакхара шайна чу ницкъ боссалц, шу гӀалахь совца деза».
Ӏийса стигала хьалаваккхар
(Марк 16:19, 20; Векалийн 1:9-11)
50 # Векалийн 1:9-11. Цаьрца Ярушалаймера ара а ваьлла, Бет-ХӀине кхаччалц дӀавахара Иза. Куьйгаш хьала а айина, уьш декъалбира Цо. 51Юха, уьш декъал а беш, царна гена а волуш, стигала хьалаваьккхира Иза. 52Мурдаш, Цунна сужде а бахана, корта а тоьхна, доккхачу хазахетарца Ярушалайме юхабаьхкира. 53Цу дийнахь дуьйна, Далла хастамаш беш, гуттар а Делан цӀийнан кертахь бара уьш.

Selectat acum:

Лака 24: CHE

Evidențiere

Partajează

Copiază

None

Dorești să ai evidențierile salvate pe toate dispozitivele? Înscrie-te sau conectează-te