Лака 1
1
Теапиле аьлла дош
1Лоруш волу Теапил,
Тхуна юкъахь кхочушхиллачу хӀуманех лаьцна дийцар хӀинцале а дукха нах яздан гӀиртира. 2Тхуна а оцу хӀуманех лаьцна ма-дарра дийцина, уьш ган а гина, цул тӀаьхьа Делан Дош адамашна юкъахь дӀасадаржочу наха. 3И хезнарг дерриг леррина талла а теллина, хьоьга цунах лаьцна ма-дарра яздийр дара аьлла, сацам хилла сан, 4айхьа Ӏамийнарг хьуна билггала бакъ дуй хаийтархьама.
Яхьъя дуьнен чу валарх хаам
5 #
1 Шерашкахь 24:10. ЯхӀуд-махкахь ХӀарод паччахь волчу хенахь Аби-ЯхӀун цӀе йолчу тобанах а волуш, Закри цӀе йолуш цхьа динан да вара. Элисат цӀе йолуш зуда яра цуьнан, АхӀаронан тӀаьхьенах схьаяьлла. 6И шиъ Везачу Эло тӀедиллина гӀуллакх леррина кхочушдеш а, Далла хьалха цӀена а дара. 7Церан бераш дацара, Элисат доьзалхо ца хуьлуш хиларна. Ший а ханна доккха а дара и шиъ. 8Цкъа шайна юкъахь Закри волчу динан дайн тобанан рагӀ кхечира Везачу Элана гӀуллакх дан. 9Динан дайн Ӏедалехь ма-хиллара, кхаж тесира. Иштта Закрина кхаж белира Везачу Элан цӀа чохь хаза хьожа йолу хӀума яго. 10Цу хенахь оцу цӀенна хьалха дукха адам гулделлера, шаьш гуттар а ма-дарра, цхьаьна ламаз дан. 11Закри волчу Везачу Элан малик деара цу хенахь. Хаза хьожа йогӀу хӀума ягочу кхерчана аьтту агӀор дӀахӀоьттира иза. 12Иза гина Закри чӀогӀа кхеравелира. 13Малико элира цуьнга: «Кхера ма лолахь, Закри! Хьан доӀанна жоп делла: Элисата кӀант вийр ву хьуна. Цуьнан цӀе ахь Яхьъя туьллур ю. 14Цунах чӀогӀа воккха а вийр ву хьо. Дукха нахана хазахетар хир ду иза дуьнен чу валарна. 15#Лелар 6:3. ХӀунда аьлча иза Везачу Элан бӀаьргашна хьалха чӀогӀа сийлахь стаг хир ву, цо цкъа а чагӀар а, кхин йолу вахош йолу хӀуманаш а мер яц. Ненан кийрахь волуш дуьйна Делан Синах вуьзна хир ву иза. 16Дукха исраилхой церан Везачу Далла тӀеберзор бу цо. 17#Малъаки 4:5, 6. Везачу Элана хьалха вогӀуш хир ву Яхьъя, Эли-ЯхӀу-пайхамарца хилла долу нуьцкъала са а долуш волу, дайн дегнаш церан берашна тӀе дерзорхьама, аьрханаш, нийсачу новкъа а хӀиттина, Делан лаамехь берш санна хилийтархьама, Веза Эла вале, и кечам бина халкъ дуьхьал хӀотторхьама».
18Закрис хаьттира малике: «Со муха тешар ву ахьа бохучух? Со къена ву, сан зуда а хан яьлла ю».
19 #
Даниал 8:16; 9:21. Малико жоп делира: «Хьоьга и хаза кхаъ бахьаш даийтина, Далла гергахь долу Джабраил ду со. 20ХӀинца дуьйна хьан мотт соцур бу, и дийцинарг кхочуш хиллалц. Хьан мотт сацар хьо сан дешнех ца тешарна хир ду, ткъа ас дийцинарг шен хенахь билггала хир долуш ду».
21Адамаш арахь Закрига хьоьжуш дара, иза Везачу Элан цӀа чохь хьеваларна цец а дуьйлуш. 22Закри, араваьлча, вист ца хилалора, цундела куьйга эшарца дийца дийзира цуьнан. Массо а кхийтира, цунна Делан цӀа чохь сурт хӀоьттинийла.
23Далла гӀуллакх деш долу денош чекхдевлча, Закри цӀа вирзира. 24Дукха хан ялале цуьнан зуда Элисат доьзалхочух хилира. Пхеа баттахь адамех лечкъаш лийлира иза. 25Цо бохура: «ХӀара суна Везачу Элера ду! Со хенара йоллушехь, сох къинхетам а бина, нахана хьалха со юьхькӀайчу хӀоттийна Цо».
Ӏийса дуьнен чу валарх хаам
26Элисат доьзалхочух йолу ялхалгӀа бутт болуш, Дала Джабраил-малик дахийтира Галилай-махкара Назарт цӀе йолчу гӀала 27#Маттай 1:18. Марем цӀе йолу йоӀстаг йолчу. Дауд-паччахьан тӀаьхьенах волчу Юсупца захало дийцина яра Марем. 28Иза йолчу а деана, малико элира: «Маршалла ду хьоьга, Дала хьуна диканиг динарг! Веза Эла хьоьца ву!»
29И дешнаш бахьана долуш, Марем синтем байна яра, цо ойла йора, хӀун маьӀна долуш ду и маршалла бохуш. 30Малико бохура: «Ма кхера, Марем! Дала хьуна диканиг дина! 31#Маттай 1:21. Хьо берах хир ю, ахь кӀант вийр ву, цуьнан цӀе Ӏийса а туьллур ю ахь. 32#Дауд 7:12, 13, 16; ЕшаӀ-ЯхӀу 9:7. Иза сийлахь хир ву, Цунах Веза Воккхачун КӀант эр ду. Везачу Дала Цунна Цуьнан ден Даудан паччахьалла лур ду, 33гуттар а ерриг Якъубан тӀаьхьенна тӀехь куьйгалла деш хир ву Иза, Цуьнан паччахьалла цкъа а кхачор дац».
34«Иза муха хир ду, – хаьттира Марема, – со хӀинца а йоӀстаг ма ю?»
35Малико жоп делла: «Хьуна тӀе Делан Са дуьссур ду, Веза Воккхачун ницкъо дӀахьулйийр ю хьо, цундела хьан хиндолу бер Деза хир ду, Цунах Везачу Делан КӀант а эр ду. 36Хьан гергара йолчу Элисата а кӀант вийр ву, ша ханна йоккха елахь а. Цунах, иза доьзалхо хуьлуш яц бохуш, дуьйцура, ткъа иза ялхалгӀа бутт бу доьзалхочух йолу. 37#Доладалар 18:14. Деле дан а ца луш хӀумма а ма дац!»
38«Со Делан лай ю, – элира Марема, – ахь ма-бохху, дерриг и хуьлийла соьца». Юха малик дӀадахара иза йолчуьра.
Марем Элисат йолчу хьошалгӀа йоьду
39Масех де даьлча, Марем сихонца ЯхӀуд-мехкан ламанца йолчу цхьана юьрта яхара. 40Закрин цӀа чу а яьлла, Элисате маршалла хаьттира цо. 41Элисатна Мареман маршалла хезча, цуьнан кийрара бер тохаделира. Оццу хенахь Элисат Делан Синах юьзира. 42Цо элира чӀоггӀа: «Зударшна юкъахь декъала ю хьо! Хьан кийрара бер а ду декъала! 43Соьгара хӀун диканиг даьлла теша, сан Элан нана со йолчу ярна? 44Хьан маршалла хезча, сан кийрара бер хазахетта тохаделира. 45Декъала ю Дала бохург кхочушхиларх тешнарг!»
Марема Далла хастам бар
46ТӀаккха Марема элира:
«Сан даго къобалво Веза Эла,
47Цунна со кӀелхьарйоккхучу Далла доккхадеш ду иза,
48 #
Шамъал 1:11. хӀунда аьлча Цуьнан лай йолчу сан кӀезиг хиларан тидам бина Цо!
ХӀинца массо а тӀаьхьенаша сох декъалниг эр ду,
49хӀунда аьлча Нуьцкъалчо суна
сийлахь гӀуллакхаш дина дела.
Цуьнан цӀе еза ю!
50Цуьнан къинхетам тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашка
Цунах кхоьручарах бу!
51Шен нуьцкъалчу куьйгаца Цо сийлахь гӀуллакхаш кхочушдина,
Цо, баржийна, дӀасабаьхна шайн дегнашкахь курабевлларш,
52 # Аюб 5:11; 12:19. паччахьаш шайн гӀанташкара биссийна,
ткъа миска нах Цо айина.
53Цо мецанаш дикачу кхачанах бузийна,
хьалдерш хӀума ца луш дӀабахийтина.
54-55 #
Шамъал 2:1-10. Цо гӀо дина шен ялхочунна, Исраилан халкъана.
Цуьнан дагахь дара ИбрахӀимна а,
цуьнан тӀаьхьенна а гуттаренна а къинхетам бан,
вайн дайшка Цо ма-аллара».
56Марем, кхаа баттахь гергга Элисат йолчохь хьошалгӀахь а Ӏийна, цӀа еара.
Яхьъя дуьнен чу валар
57Хан тӀекхаьчча, Элисата кӀант вира. 58Лулахой а, гергарнаш а, ла а дугӀуш, Везачу Эло цунна и дика болх барна, Элисатца цхьаьна хазахеташ, баккхийбеш бара. 59#Ӏамалъяр 12:3. БорхӀалгӀачу дийнахь кӀант хадо баьхкинарш цуьнан цӀе шен ден санна Закри тилла дагахь бара. 60Амма нанас элира: «ХӀан-хӀа! Цунах Яхьъя эр ду».
61Цуьнга элира: «И цӀе йолуш шун гергара цхьа а ма вац!» 62Цара куьйга эшарца дега хаьттира, цунна кӀентан цӀе хӀун тилла лаьа аьлла.
63Закрис, цхьа жима у а дехна, массо цец а воккхуш, яздира: «Цуьнан цӀе Яхьъя ю». 64Оцу сохьта цуьнан мотт паргӀат а баьлла, цуьнга Дела хестош хабар дийцаделира. 65Лулахой ларамах буьзира. Хиллачух лаьцна массанхьа а ламанца болчу ЯхӀуд-махкахь дуьйцуш дара. 66Массо а, и хезнарш, шайн дагахь а, вовшийн а хоьттуш бара: «Воккха хилча мила хир ву теша и кӀант?» – бохуш. ХӀунда аьлча Везачу Элан ницкъ бара Яхьъяца.
Закрис Делера болу хаам бар
67Цуьнан да Закри, Делан Синах а вуьзна, Делера болу хаам бан волавелира:
68«Декъала хуьлда Эла, Исраилан халкъан Дела,
ван а веана, Шен халкъ безачу мехах паргӀатдаьккхина.
69Шен ялхочун Даудан тӀаьхьенах волу нуьцкъала стаг
ваийтина Цо вай кӀелхьардаха,
70Ша гуттар хьалха Шен безачу пайхамаршкахула ма-баххара.
71Цо кӀелхьардохуш ду вай вешан мостагӀех а,
вай цадезачеран куьйгех а.
72Цо вайн дайх къинхетам а бина,
Шен беза барт дагахь латта а бина –
73вайн дега ИбрахӀиме йина чӀагӀо.
Дала ИбрахӀиме ваӀда дина,
74вай мостагӀех кӀелхьардохур ду аьлла,
цхьаннах а ца кхоьруш, вайга Шена гӀуллакх дайтархьама,
75дуьненахь йоккху хан
Цунна хьалха цӀена а, дика а яккхийтархьама.
76 #
Малъаки 3:1. Ткъа хьох, сан жиманиг, Веза Воккхачун пайхамар эр ду,
хӀунда аьлча хьо Везачу Элана хьалха вогӀуш хир ву,
Цунна некъ кечбеш,
77Цуьнан халкъана церан кӀелхьардовлар
къиношна гечдарца дуйла хоуьйтуш.
78Вайн Делера болу кӀорга безам бахьана долуш,
лакхара йолу серло санна Верг вай долчу вогӀур ву,
79 #
ЕшаӀ-ЯхӀу 9:2. Ӏожаллин боданехь Ӏаш берш серлабахархьама а,
машаран новкъа вайн когаш бахархьама а».
80Жима бер доккха хуьлуш а, синан доьналлица чӀагӀлуш а дара. Иза акхачу, адам кӀезиг долчу меттехь Ӏаш дара, Исраилан халкъана гӀуллакх даллал ша хиллалц.
Selectat acum:
Лака 1: CHE
Evidențiere
Împărtășește
Copiază

Dorești să ai evidențierile salvate pe toate dispozitivele? Înscrie-te sau conectează-te
© Институт перевода Библии, 2012