Яхьъя 19
19
1ТӀаккха Пулата омра дира, Ӏийса дӀа а вигий, Цунна шодмаш етта аьлла. 2Ткъа тӀемалоша, коканийн коьллех кочар#19:2а Кочар – паччахьан таж санна. а дуьйцина, иза Ӏийсан коьрта тӀе диллира. Ткъа Ӏийсана цӀен бос болу оба#19:2б ЦӀен бос болу оба – иштта обанаш паччахьаша тӀеюхуш хилла. тӀекхоьллира. 3Цул тӀаьхьа, Ӏийсана тӀе а хӀуьттуш, наха олура: «Декъала хуьлда жуьгтийн къоман Паччахь!» ТӀаккха цара Цуьнан юьхь тӀе еттара.
4Юха а араваьлла, Пулата элира цаьрга: «ХӀинца аса аравоккху ХӀара шуна хьалха, сайна Кхуьнгара даьлла цхьа а бехк болу хӀума ца карийна аьлла, шуна хаийтархьама». 5ТӀаккха, коьрта тӀехь коьллех дуьйцина кочар а долуш, тӀе цӀен духар дуьйхина волу Ӏийса гӀишло чуьра аравелира. Пулата нахе элира: «ХӀара ву и Стаг».
6Ӏийса шайна гича, динан коьртачу дайша а, гӀаролхоша а маьхьарий хьаькхира: «ЖӀарах дӀатоха Иза! ЖӀарах дӀатоха Иза!» – бохуш.
ТӀаккха Пулата элира цаьрга: «Схьа а эций, шаьш дӀатоха Иза, хӀунда аьлча суна Цуьнгара баьлла цхьа а бехк ца го».
7Ткъа динан куьйгалхоша элира Пулате: «Тхан товрат-хьехамаш бу, цу хьехамашца доьзча, Иза вала веза, Цо Ша Делан КӀант ву боху дела».
8Пулатана и дешнаш хезча, иза кхин тӀе а кхеравелира. 9Цо, юха а гӀалин гӀишло чу а ваьлла, Ӏийсага хаьттира: «Хьо мичара ву?» – аьлла. Ткъа Ӏийсас цуьнга жоп ца делира. 10ТӀаккха Пулата элира Ӏийсага: «Соьга а эр дацара Ахьа? Ткъа Хьуна ца хаьа, сан карахь дуйла, сайна лаахь, Хьо дӀахеца а, сайна лаахь, Хьо жӀарах дӀатохийта а?»
11Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Суна тӀехь цхьана а тайпана олалла хир дацара хьан, хьуна иза лакхара делла дацахьара. Ткъа цундела Со хьоьга дӀавеллачунна тӀехь кхин а сов къа ду».
12Цу хенахь дуьйна Пулат Ӏийса дӀахеца бахьана лоьхуш вара. Амма наха, маьхьарий хьоькхуш, бохура: «Нагахь ахьа Иза дӀахецахь, хьо Рим-мехкан паччахьан доттагӀа вац. Муьлхха а шех паччахь веш верг Рим-мехкан паччахьан мостагӀа ву».
13И дешнаш хезча, Пулат, Ӏийса ара а ваьккхина, Литхьасторта олучу, Ӏебархойн маттахь Габбата цӀе йолчу меттигехь кхел ян охьахиира. 14И дерриге а пӀераскан дийнахь дара, Пасахьан деза де хила дезачу кӀирнах. Делкъахан а яра цу хенахь. ТӀаккха: «ХӀан, ХӀара ву шуна шун Паччахь!» – элира Пулата нахе.
15ТӀаккха цара маьхьарий хьоькхура: «ДӀаваккха Иза! ДӀаваккха! ЖӀарах дӀатоха Иза!» – бохуш.
Пулата элира цаьрга: «Ва шун Паччахь жӀарах дӀатоха веза ас?»
Динан коьртачу дайша жоп делира: «Вац тхан кхин паччахь Рим-мехкан тхешан паччахь воцург».
Ӏийса жӀарах дӀатохар
16ТӀаккха Пулата цаьрга дӀавелира Ӏийса, Иза жӀарах дӀатохийтархьама. Иштта Ӏийса, схьа а лаьцна, дӀавигира цара. 17Ша бахьа беза жӀаран бӀогӀам ги а боьллина, «туьтанан меттиг» олучу меттиге дӀаволавелира Ӏийса (Ӏебархойн маттахь и меттиг «Галгатхьа» олуш ю). 18Цигахь Ӏийса жӀарах дӀатуьйхира цара. Ӏийсаца цхьаьна кхин а ши стаг вара жӀарех дӀатоьхна, Ӏийса юккъехь а волуш, Цунна дехьа а, сехьа а агӀор. 19Пулата, дечиган уьнан юьхкана тӀе йоза а яздина, иза жӀаран бӀогӀам тӀе дӀатохийтира. Цу тӀехь яздина дара: «Назартера Ӏийса, жуьгтийн къоман Паччахь».
20И яздина дерг дукхах болчу наха дийшира, хӀунда аьлча Ӏийса жӀарах дӀатоьхна йолу и меттиг гӀалина генахь йоццуш яра. И яздинарг кхаа маттахь дара: жуьгтийн, римхойн, грекийн меттанашкахь.
21Динан коьртачу дайша элира Пулате: «Иштта ма язде „Жуьгтийн къоман Паччахь“, – аьлла. Амма язде иштта: „Цо боху, Со Жуьгтийн къоман Паччахь ву“».
22Пулата элира: «Ас яздинарг яздина даьлла».
23Ӏийса жӀарах дӀатоьхна бевлча, тӀемалоша Цуьнан тӀеюху хӀуманаш схьа а эцна, уьш деа декъе йийкъира, хӀора тӀемалочунна цхьацца дакъа а луш. Ӏийсан чухула юху еха коч а яра цигахь. И коч тегна а йоцуш, лакхара охьакхаччалц, дийнна кӀадих йина яра. 24#Забур 21:19. ТӀаккха тӀемалоша вовшашка элира: «ХӀара коч этӀор яц вай. ХӀокхунна кхаж а тесна, и хьанна кхочу хьовсур ду вай».
Дерриг а иштта хила а хилира, Делан Йозанашна тӀехь яздинарг кхочушдеш:
«Цара вовшашлахь йийкъира Сан тӀеюху хӀуманаш,
кхаж а тесира цара, Сан коч хьанна кхочу хьожуш».
ТӀемалоша иза иштта дан а дира.
25Ӏийса дӀатоьхначу жӀарана уллохь лаьтташ бара Ӏийсан нана а, ненан йиша а, Кхалайпан зуда Марем а, Магдалера Марем а. 26ТӀаккха Ӏийсас, Шен нана а, цунна юххехь лаьтта, Шена къаьсттина дукха везаш волу мурд а гина, нене элира: «Нана, хӀара хир ву хьан кӀант». 27Цул тӀаьхьа мурде а элира Цо: «ХӀара хьан нана ю». Цу сахьтехь дуьйна шеца ша волчу дӀайигира цу мурдо иза.
Ӏийсан пӀендаршна юккъе гоьмукъ Ӏутту
28 #
Забур 68:22; 21:16. Цул тӀаьхьа дерриг а кхочушхилла даьллий хууш вара Ӏийса. ТӀаккха, Делан Йозанашна тӀехь яздинарг кхочушхилийтархьама, Цо элира: «Хьогах ву Со».
29Юххехь лаьтташ кхаба яра, чохь юьззина кемсийн къонза а долуш. ТӀаккха тӀемалочо, цу кхаби чу худург а Ӏоьттина, иза ораматан гаьнна тӀе а йихкина, Ӏийсан бете яьхьира. 30Къонза а мелла, Ӏийсас элира: «Кхочушхили!» ТӀаккха, корта охьа а оллийна, Шен са дӀаделира Цо.
31И дерриг пӀераскан дийнахь хиларна, догӀмаш жӀарана тӀехь дита ца лаьара динан куьйгалхошна, хӀунда аьлча тӀедогӀуш Далла лерина шоьтан де дара. Ткъа цу шоьтан дийнахь доккха деза де долу дела, цара Пулате дийхира, жӀарах дӀатоьхна болчеран настарш каг а йина, жӀараш тӀера церан догӀмаш дӀадахийтахьара аьлла.
32Иштта тӀемалоша, схьа а баьхкина, Ӏийсана цхьацца агӀор дӀатоьхначеран настарш кегйира. 33Ткъа Ӏийсана тӀебахча, Иза дӀакхелханий а гина, Цуьнан настарш ца кегйира цара. 34Ткъа тӀемалойх цхьаммо шегара гоьмукъ туьйхира Ӏийсан агӀонах, пӀендаршна юккъе. Цу сохьта цӀий а, хи а охьадахара. 35И хилларг гиначо тоьшалла дина, шу а цунах тешийтархьама#19:35 Цхьадолчу тептарш тӀехь: шу а цунах тешаш хилархьама.. Ткъа цуьнан тоьшалла бакъ а ду, цунна ша бакъдерг бохий а хаьа. 36#Арадаккхар 12:46; Лелар 9:12; Забур 33:21. Иза хилла дӀахӀоьттира, Делан Йозанаш тӀехь яздина дерг кхочушхилийтархьама: «Цуьнан цхьа а даьӀахк кагйина хир яц», – аьлла. 37#Закри-ЯхӀу 12:10; Довзийтинарг 1:7. Делан Йозанийн кхечу меттехь кхин а аьлла ду: «Шаьш дегӀах гоьмукъ чекхбаьккхиначуьнга хьовсур бу уьш».
Ӏийсан дӀаволлар
(Маттай 27:57-61; Марк 15:42-47; Лака 23:50-56)
38Цул тӀаьхьа Рамат цӀе йолчу гӀалара а волуш, динан куьйгалхойх ша ца вахьарна, Ӏийсан къайлаха мурд а волуш волчу Юсупа Пулате дийхира, Ӏийсан дегӀ жӀара тӀера схьадаккха шена бакъо ялар. Пулата и дан бакъо елира Юсупна. ТӀаккха цо, вахана, и дегӀ жӀара тӀера схьадаьккхира. 39#Яхьъя 3:1, 2. Хьалха, буьйсанна Ӏийса волчу а оьхуш, Цуьнца къамел дина волу Нукха-Деми веара Юсупца цига. Нукха-Демис шеца кхузткъе итт герка гергга хаза хьожа йогӀу деза хьакхарш а, сарап олу молха а, цхьаьна а тоьхна, схьадеанера. 40Цара, Ӏийсан дакъа схьа а эцна, Иза хаза хьожа йогӀу хьакхарш хьаькхна долчу кӀади юкъа хьарчийра, жуьгтийн Ӏедалехь стаг дӀавуллуш ма-дарра.
41Ӏийса жӀарах дӀатоьхначу меттигна юххехь беш яра. Цу бешахь яьккхина, шена чу хӀинца а цхьа а виллаза къубба яра. 42И дерриг а жуьгташа шоьтан денна кечам беш долу пӀераскан дийнахь долу дела а, и къубба генахь йоцу дела а, Ӏийса цу чу виллира.
Selectat acum:
Яхьъя 19: CHE
Evidențiere
Partajează
Copiază
Dorești să ai evidențierile salvate pe toate dispozitivele? Înscrie-te sau conectează-te
© Институт перевода Библии, 2012