YouVersion
Pictograma căutare

Яхьъя 16

16
1«ХӀара элира Ас шуьга, шу тешар тӀера юха ца довлийтархьама. 2Гуламан цӀенойх дӀакъастор ду шу. Цул сов, тӀекхочуш ю и зама, муьлххачунна а, шух цхьаъ ша вийча, ша Далла гӀуллакх до моьттуш. 3И гӀуллакхаш лелор ду цара, шайна я Да а, я Со а ца вевзина дела. 4ХӀара элира Ас шуьга, и зама тӀееача, шуна дагадаийтархьама оцу дерригенах лаьцна Ас шайга аьлларг».
Делан Синан болх
«ХӀинццалц ца аьллера Ас шуьга иза, Со шуьца цхьаьна хилла дела. 5Ткъа хӀинца Со Ваийтинчунна тӀевоьду Со. Шух цхьаммо а ца хотту Соьга: „Хьо стенга воьду?“ 6Амма Аса шайга и дӀахаийтарна, шун дегнаш гӀайгӀанах дуьзна ду. 7Ткъа Аса бакъдерг боху шуьга: „Со дӀавахар гӀоле ю шуна“. Нагахь Со дӀа ца вахча, шуна гӀо Дийриг вогӀур вац, ткъа Со дӀавахча, воуьйтур ву Ас Иза шуна. 8Ша веача, Цо гучудоккхур ду дуьненна цуьнан къинойх а, бакъонцалеларх а, кхелах а лаьцна йолчу агӀор дуьне тиладалар. 9Цо гойтур ду дуьнено Сох цатешарна латийна къа. 10ТӀаккха Цо гойтур ду дуьне бакъонца цалелар, хӀунда аьлча Со Дена тӀе гӀур ву. Со кхин гур вац шуна. 11Ткъа цу Делан Сино гойтур ду Делан кхелах лаьцна дуьне тиладелла хилар, хӀунда аьлча кху дуьненан элана кхел йина.
12Кхин дуккха а дара Сан шуьга ала, амма цкъа хӀинца кхетар дац шу. 13Ткъа и бакъдерг гойтуш долу Са схьадеача, Цо билггал бакъболчу новкъа дохур ду шу, хӀунда аьлча Цо Шегара бохур дац, амма Шена хезнарг дуьйцур ду, тӀейогӀучу хенахь хиндерг хоуьйтур ду Цо шуна. 14Цо Сан сийлалла ойур ю, хӀунда аьлча Соьгарчух дӀа а эцна, Цо довзуьйтур ду шуна иза. 15Ден мел долу хӀума а Сан ду. Цундела элира Ас, Цо, Соьгарчух дӀа а эцна, шуна довзуьйтур ду иза аьлла».
Халахетар а, хазахетар а
16«Кестта Со гур вац шуна. ТӀаккха юха а кестта гур ву шуна Со».
17ТӀаккха цхьаболчу мурдаша вовшашка элира: «И хӀун ду те Цо вайга бохург: „Кестта Со гур вац шуна, юха а кестта Со гур ву шуна?“ Кхин а: „Со Сайн Да волчу воьду“?»
18Иштта цара бохура: «И хӀун ду те Кхо бохург: „Кестта“? Ца кхета-кх вай Кхо бохучух».
19Ткъа Ӏийса кхийтира, Шега уьш хӀун хатта лууш бу. ТӀаккха Цо мурдашка элира: «Ас шайга аьлларг хӀун ду те бохуш, вовшашка хоьттуш ду шу: „Кестта Со гур вац шуна, тӀаккха юха а кестта гур ву шуна“? 20Баккъалла боху Ас шуьга: Шу узарш деш а, доьлхуш а хир ду, ткъа дуьненна хазахетар ду. Шу халахетта хир ду, амма шун халахетар хазахетаре доьрзур ду. 21Бер деш йолу зуда хуьлу гӀайгӀане, шен бер до хан тӀекхаьчна дела, ткъа шен бер хилла даьлча, хазахетарна и гӀайгӀа йицло цунна, ша адам дуьнен чу даккхарна. 22Иштта шу а хӀинца гӀайгӀане ду, амма Суна юха гур ду шу, тӀаккха хазахетар хир ду шун дегнашна. И шун хазахетар цхьаммо а дӀадоккхур дац шуьгара. 23ТӀаккха цу дийнахь хӀумма а хоттур дац аша Соьга. Баккъалла боху Ас шуьга: нагахь Сан цӀарах цхьа хӀума аша Дега дехахь, лур ду Цо шуна. 24ХӀинццалц хӀумма а ца дехнера аша Сан цӀарах. Ткъа хӀинца деха, лур ду шуна, шун хазахетар дуьззина хилийтархьама».
Дуьненна тӀехь толам баккхар
25«ХӀара кицанашца элира Ас шуьга. Амма тӀейогӀуш ю и зама, Ас шуьга кхин кицанашца а ца дуьйцуш, ма-дарра Сайн Дех лаьцна шуна дӀакхайкхош. 26Цу дийнахь шаьш доьхур ду аша Сан цӀарах. Ас ца боху шуьга, шун метта Ас деха дезар ду Дега. 27ХӀунда аьлча Дена Шена а деза шу, шуна Со везна дела а, Со Дех схьаваьлла хиларх шу тешна дела а.
28Дех схьа а ваьлла, дуьнен чу веанера Со, ткъа хӀинца, юха а хӀара дуьне дитина, Дена тӀевоьду Со».
29ТӀаккха Ӏийсан мурдаша элира: «ХӀаъ, хӀинца-м тхо кхетадеш схьабоху Ахь тхоьга, кицанашца а ца дуьйцуш. 30ХӀинца кхета тхо Хьуна дерриг хаьий, цхьаммо хаттарш а дале, уьш Хьуна девзий. Цундела теша тхо Хьо Делера схьаваьлла хиларх».
31Ӏийсас жоп делира царна: «ХӀинца теша шу? 32Ткъа хӀинца тӀекхоччуш лаьтта, тӀекхаьчна а даьлла и сахьт, шу дерриш а дӀаса а даьржина, хӀора а шайн-шайн цӀа а вирзина, Со цхьа а вуьтуш. Амма Со цхьа вац, Соьца Сан Да волу дела. 33ХӀара элира Ас шуьга, Соьгахула шун машар хилийтархьама. Дуьненахь гӀайгӀа хир ю шун, амма доьналла долуш хилалаш! Со тоьлла дуьненал».

Selectat acum:

Яхьъя 16: CHE

Evidențiere

Partajează

Copiază

None

Dorești să ai evidențierile salvate pe toate dispozitivele? Înscrie-te sau conectează-te