Доладалар 7
7
1ТӀаккха Везачу Эло Нохье элира: «Хьо хьайн доьзалца хинкеманна чу вала, хӀунда аьлча цу заманан адамашна юкъахь хьо цхьаъ Сайн лаамехь волу стаг хилар го Суна. 2Хьайца схьаэца хӀора тайпанах ворхӀ боьрша а, ворхӀ стен а хьанал даьхнех, лаьттара хьарам долчу хӀора тайпана дийнатех шишша схьаэца (боьрша а, стен а). 3ХӀора тайпана олхазарех а схьаэца ворхӀ боьрша а, ворхӀ стен а, церан тӀаьхье хилийтархьама дерриге а лаьтта тӀехь. 4Ткъа ворхӀ де даьлча, шовзткъа дийнаххьий, шовзткъа бусий догӀа доуьйтур ду Ас дерриге лаьтта тӀе, Айса мел кхоьллинарг лаьтта тӀера хӀаллак а деш».
5Нохьас Везачу Эло шега мел аьлларг кхочушдира.
6Хи тӀедалар лаьттахь хиллачу хенахь, Нохьин ялх бӀе шо дара. 7#Маттай 24:38, 39; Лака 17:27. Нохьа шен доьзалца хинкеман чу велира, оцу лаьтта тӀе хи тӀедаларх кӀелхьарвалархьама. Цуьнца кеман чохь яра цуьнан зуда а, кӀентий а, церан зударий а. 8Цуьнца цхьаьна кеман чу девлира хьанал даьхни а, хьарам дийнаташ а, массо а тайпана олхазарш а, ерриге тайпа лаьттан текхаргаш а. Уьш евлира кеман чу шишша тайпана 9(боьрша а, стен а). Шена Дала тӀе-ма-диллара, Нохьас дерриге а кхочушдира. 10ВорхӀ де даьлча, лаьтта тӀе хиш деара. 11#2 Кипин 3:6. Нохьин ялх бӀе шо а кхаьчна, шолгӀачу беттан вуьрхӀитталгӀачу дийнахь дӀаделладелла массо а лаьтта бухара хиш. Оццу дийнахь, стигалш дӀасаекъа а елла, лаьтта тӀе доккха догӀа деара. 12(И догӀа деара шовзткъа дийнаххьий, шовзткъа бусий).
13Ткъа Нохьа а шен зудчуьнца, Шима а, Хьама а, Япат а шайн зударшца хинкеман чубевлла бевллера. 14Цаьрца хинкеманна чу евлира массо а тайпана акхарой а, даьхни а шайн-шайн тайпанашца, лаьттан тайп-тайпана текхаргаш а, массо а тайпана тӀема мел йолу хӀума а, ша-ша тайпа олхазарш а. 15И массо а шайна чохь са долуш йолу хӀуманаш, шишша массо а тайпанах, чуяьллера Нохьица хинкеман чу. 16Дала тӀе-ма-диллара, массо а тайпана боьрша а, стен а чохь са долуш йолу хӀуманаш кеманна чу яьлча, Нохьина тӀаьхьа хинкеманан неӀ дӀачӀегӀира Везачу Эло.
17Лаьтта хи тӀедалар шовзткъа дийнахь лаьттира. Хи алссам а даьлла, хинкема хи чохь айа а делла, лаьттах къаьстира. 18Хи, кхин а чӀагӀлуш, дебара лаьтта тӀехь, ткъа кема хин тӀехула лелара. 19Хи гулдалар лаьтта тӀехь тӀех а даьлла, стигалан бухахь мел долу лаьмнаш дӀахьулделира хи чохь. 20Лаьмнаш хьулделлачул тӀаьхьа кхин а пхийтта даларна хьаладелира хи. 21Лаьтта тӀехь лелаш мел йолу садолу хӀума а, олхазарш а, даьхни а, акхарой а, массо а боьха хӀуманаш а, лаьттахула текхаш йолу, дерриге а адамаш а дӀакхелхира. 22Дерриге а лаьтта тӀехь хилла йолу мерӀуьргашкахула садоӀуш мел йолу хӀума елира. 23Лаьттахь хӀора садоӀуш мел йолу хӀума хӀаллакьхилира. ХӀаллакьхилла дӀадевлира адамаш а, даьхни а, текхаргаш а, стигалан олхазарш а. Иштта хӀаллакдира Дала лаьттахь мел хилла хӀума а. Нохьа а, цуьнца хинкеман чохь берш а бен дийна ца бисира.
24Ткъа хи чӀагӀлуш лаьттира лаьттахь цхьа бӀе шовзткъе итт дийнахь.
Terpilih Sekarang Ini:
Доладалар 7: CHE
Highlight
Kongsi
Salin
Ingin menyimpan sorotan merentas semua peranti anda? Mendaftar atau log masuk
© Институт перевода Библии, 2012