Доладалар 5

5
Адамна тӀера Нохьина тӀе кхаччалц йолу хан
(1 Шерашкахь 1:1-4)
1 # Доладалар 1:27, 28. ХӀара ду Адаман тӀаьхьенах хиллачун тептар.
Дала адам Шен вастехь кхоьллинера. 2#Маттай 19:4; Марк 10:6. Стаггий, зудий кхоьллинера Цо. Уьш декъал а бина, Ша уьш кхоьллинчу дийнахь царех «адамаш» элира Дала.
3Адаман цхьа бӀе ткъе итт шо кхаьчнера, цуьнан кхин а цхьа кӀант хилча. Иза веккъа цуьнан аматехь а, вастехь а вара. Шен кӀантана ШатӀа аьлла цӀе тиллира Адама. 4ШатӀа хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе шарахь вехира Адам. Оцу заман чохь цуьнан кхин а кӀентий а, йоӀарий а хилира. 5Адам, исс бӀе ткъе итт шарахь ваьхна, дӀакхелхира.
6ШатӀа цхьа бӀе пхеа шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Энош. 7Энош хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе ворхӀ шарахь вехира ШатӀа. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. 8ШатӀа, исс бӀе шийтта шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.
9Энош дезткъе итт шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Къаим. 10Къаим хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе пхийтта шарахь вехира Энош. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. 11Энош, исс бӀе пхеа шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.
12Къаим кхузткъе итт шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Махьаллал. 13Махьаллал хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе шовзткъа шарахь вехира Къаим. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. 14Къаим, исс бӀе итт шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.
15Махьаллал кхузткъе пхеа шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Ярад. 16Ярад хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе ткъе итт шарахь вехира Махьаллал. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. 17Махьаллал, бархӀ бӀе дезткъе пхийтта шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.
18Ярад цхьа бӀе кхузткъе шина шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант ХӀанох. 19ХӀанох хиллачул тӀаьхьа кхин бархӀ бӀе шарахь вехира Ярад. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. 20Ярад, исс бӀе кхузткъе шина шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.
21ХӀанох кхузткъе пхеа шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант Матушалахь. 22Матушалахь хиллачул тӀаьхьа кхин кхаа бӀе шарахь, Дела даг чохь а волуш, вехира ХӀанох. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. 23ХӀанох кхаа бӀе кхузткъе пхеа шарахь вехира. 24#Ӏебархошка 11:5; Довзийтинарг 14. ХӀанох, Дела даг чохь а волуш, лелаш вара. Цхьана дийнахь иза къайлавелира, Дала иза дӀавигна дела.
25Матушалахь цхьа бӀе дезткъе ворхӀ шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀант ЛемакӀ. 26ЛемакӀ хиллачул тӀаьхьа кхин ворхӀ бӀе дезткъе шина шарахь вехира Матушалахь. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. 27Матушалахь, исс бӀе кхузткъе исс шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.
28ЛемакӀ цхьа бӀе дезткъе шина шарахь ваьхча, цуьнан кӀант хилира. 29ЛемакӀа шен кӀантана Нохьа аьлла цӀе тиллира (иза ду Ӏебархойн маттахь «синтем» бохург). ЛемакӀа элира: «Вай дукха къахьоьгуш ду, Везачу Эло неӀалт кхайкхийначу лаьтта тӀехь. Ткъа Нохьас синтем бохьур бу вайна». 30Нохьа хиллачул тӀаьхьа кхин пхи бӀе дезткъе пхийтта шарахь вехира ЛемакӀ. Оцу заман чохь цуьнан кхин кӀентий а, йоӀарий а хилира. 31ЛемакӀ, ворхӀ бӀе кхузткъе вуьрхӀитта шарахь а ваьхна, дӀакхелхира.
32Нохьа пхеа бӀе шарахь ваьхча, цуьнан хилира кӀентий Шима, Хьама, Япат.

Terpilih Sekarang Ini:

Доладалар 5: CHE

Highlight

Kongsi

Salin

None

Ingin menyimpan sorotan merentas semua peranti anda? Mendaftar atau log masuk