Доладалар 4

4
Кхаим а, Хьабул а
1Адам шен зудчух Хьавах кхийтира. Цо, доьзалхочух а хилла, кӀант вира. Хьавас элира: «Везачу Элан гӀоьнца бер дина ас». Цундела берах цо «Кхаим» элира (Ӏебархойн маттахь иза «дийриг» бохург ду). 2Цул тӀаьхьа Кхаиман ваша Хьабул вира Хьавас.
Хьабулах жаӀу хилира, ткъа Кхаимах – латталелорхо.
Дуьххьара стаг вер
3Цхьа хан яьлча, Кхаима шена лаьтто деллачу ялтанах дакъа Везачу Элана хьалха деара. 4#Ӏебархошка 11:4. Ткъа Хьабула шен жена юкъара уггар тоьлла долу дуьххьарлера Ӏахарий деара. Веза Эла резахиларца хьаьжира Хьабуле а, цо деанчуьнга а. 5Ткъа Кхаиме а, цо деанчуьнга а реза воцуш хьаьжира Веза Эла. ЧӀогӀа оьгӀазвахана, хьаьжа юккъе шад хӀоттийра Кхаима.
6ТӀаккха Везачу Эло элира Кхаиме: «Хьо ма оллавелла ву? Хьо ма оьгӀазе ву! 7Ахь диканиг деш хилча, ларамца тӀеоьцу хьо. Ахь диканиг деш ца хилча, хьан неӀарехь къа лаьтта. И хьо Ӏехо гӀерташ ду, хьо цул тола веза».
8 # Маттай 23:35; Лака 11:51; 1 Яхьъяс 3:12. ТӀаккха, цхьана дийнахь, Кхаима Хьабуле элира: «Аренга гӀой вайшиъ?» Уьш аренга баьхкича, Кхаима, шен вешина Хьабулина чу а гӀоьртина, иза вийра.
9ТӀаккха Везачу Эло Кхаиме хаьттира: «Мичахь ву хьан ваша Хьабул?»
Кхаима элира: «Суна хӀун хаьа? Со гӀарол-м вац сан вешина?!»
10 # Ӏебархошка 12:24. ТӀаккха Везачу Эло элира: «Ахь хӀун дина? Хьан вешин цӀийн аз кхойкхуш хеза Суна лаьттара. 11ХӀинцачул тӀаьхьа неӀалт кхайкхадо Ас хьуна, хьан карах валар хилла хьан вешин цӀий дӀаоьцучу лаьтта тӀехь. 12Ахь латта лелош, цо кхин лур дац, хӀинццалц санна, рицкъа. Ткъа кху лаьттахь, меттиг ца карош, лелар ву хьо».
13ТӀаккха Кхаима элира Везачу Эле: «И таӀзар лан ницкъ кхочур бац сан. 14Ахьа хӀинца со кху лаьттара а, Хьайн юьхь-дуьхьалара а эккхаварна, со волавелла лела везар ву. Суна дуьхьал мел кхетар волчун со вен таро хир ю».
15Везачу Эло элира Кхаиме: «Нагахь санна хьо цхьаммо вехь, цунна ворхӀазза бекхам бийр бу Ас».
ТӀаккха Везачу Эло Кхаимна тӀехь тамашийна билгало йира, и билгало хилар бахьана долуш, иза дуьхьал кхетча, цхьаьнгге а ца вейтархьама.
16Иштта Кхаим, Везачу Элана хьалхара дӀа а ваьлла, Ӏедан-бешана малхбалехьарчу, Нада#4:16 Нада – Ӏебархойн маттахь «Нада» «волавелла лелар» бохург ду. цӀе йолчу меттиге ваха охьахиира.
17Кхаим шен зудчух а кхетта, церан кӀант хилира. Цунна ХӀанох аьлла цӀе тиллира. Цигахь Кхаима, гӀала а хӀоттийна, шен кӀентан цӀарах ХӀанох элира цунах.
18ХӀанохан хилира кӀант Ӏийрад, ткъа Ӏийрадан хилира Махьуяал. Махьуяалан хилира кӀант Матушаал, Матушаалан а хилира кӀант ЛемакӀ. 19ЛемакӀа ши зуда ялийра: цхьаннан цӀе Ӏада яра, вукхуьнан – Цилла. 20Ӏадас вира кӀант Явал. Четарш чохь Ӏаш а, даьхни лелош а болчеран да хилира цунах. 21Ӏадин кхин а цхьа кӀант хилира Ювал, Явалан ваша. Цунах массо зурма а, дечиг-пондар а локхучеран да хилира. 22Циллас а вира кӀант, Тубал-Кхаим. Цунах массо тайпана йоьзах а, эчигах а герз деш болчу пхьерийн да хилира. Тубал-Кхаиман йиша яра НаӀмат.
23Шен зударшка ЛемакӀа элира:
«Ӏада а, Цилла а! ЛемакӀан зударий!
ЛадогӀа соьга леррина! Тидам бе сан дешнийн.
Сайна чов йича, стаг вийна ас.
Цу къонахчо сайна тоьхча, иза вийна ас.
24Кхаим вийначунна ворхӀазза бекхам хуьлуш хилча,
со вийначунна кхузткъе вуьрхӀиттазза а бекхам хир бара».
25Адам шен зудчух Хьавах а кхетта, церан кхин а цхьа кӀант хилира. Цунна ШатӀа аьлла цӀе тиллира (иза Ӏебархойн маттахь «схьавелларг» бохург ду). «Дала кхин цхьа кӀант схьавелла суна. Кхаима Хьабул вийра, ткъа хӀинца сан ШатӀа а ву», – элира Хьавас. 26ШатӀин а хилира кӀант, цо цунах Энош элира.
Цу хенахь адамаш Везачу Элан цӀе йоккхуш, Цуьнга кхайкха буьйлабелира.

Currently Selected:

Доладалар 4: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in