1
Доладалар 1:26-27
Делан Йозанаш
ТӀаккха Дала элира: «Кхуллур Вай адам, Вешан аматехь а, вастехь а долуш. Хуьлийла уьш олалла деш дуьнен чу мел кхоьллинчу са долчу хӀуманашна тӀехь: хи чуьра а, лаьтта тӀера а дийнаташна тӀехь а, лаьттан текхаргаш тӀехь а, хӀаваэра олхазаршна тӀехь а, дерриге лаьтта тӀехь а». Иштта кхоьллира Дала адам. Стаггий, зудий кхоьллира Цо Шен аматехь.
Lee anya n'etiti ihe abụọ
Nyochaa Доладалар 1:26-27
2
Доладалар 1:28
Уьш декъалбеш, Дала элира: «Дебийла шу, тӀаьхье стам а луш, дузийла аш латта, шайн дола доккхийла аша иза. Олалла дойла аш массо а хи чуьра чӀерашна тӀехь а, хӀаваэра олхазаршна тӀехь а, дерриге а лаьтта тӀера дийнаташна тӀехь а».
Nyochaa Доладалар 1:28
3
Доладалар 1:1
Юьхьанца Дала кхоьллира стигалшший, латтий.
Nyochaa Доладалар 1:1
4
Доладалар 1:2
Ткъа латта даьсса а, кегарин а дара, гобаьккхина кӀорга хи а, Ӏаьржа бода а бара, ткъа Делан Са хиш тӀехула лелаш дара.
Nyochaa Доладалар 1:2
5
Доладалар 1:3
Дала элира: «Хуьлийла серло». ТӀаккха серло хилира.
Nyochaa Доладалар 1:3
6
Доладалар 1:31
Оцу Ша мел кхоьллинчуьнга Дела резахиларца хьаьжира. Иштта еара суьйре а, Ӏуьйре а хилира. ЯлхалгӀа де а дӀаделира.
Nyochaa Доладалар 1:31
7
Доладалар 1:4
Дела хьаьжча, Цунна и серло дика хийтира. ТӀаккха Дала серло боданах къастийра.
Nyochaa Доладалар 1:4
8
Доладалар 1:29
Юха а элира Дала: «Шуна ло Аса дерриге а лаьтта тӀера массо а хӀу тосу ораматаш а, массо тайпана стом ло дитташ а, шайна чохь оццу диттийн хӀу а долуш. Царех хир ю шуна юург.
Nyochaa Доладалар 1:29
9
Доладалар 1:5
Серлонах Дала «де» элира, ткъа боданах «буьйса» элира. Иштта суьйре а дӀаелира, Ӏуьйре а еара. ДӀаделира цхьа де.
Nyochaa Доладалар 1:5
10
Доладалар 1:6
Дала элира: «Хи юккъехула а доькъуш, дуькъа хӀаваъ хуьлийла».
Nyochaa Доладалар 1:6
11
Доладалар 1:30
Ткъа ерриге а садолчу хӀуманна а ло Аса массо а тайпана гӀа-буц. Ерриге а лаьтта тӀера акхарошна а, массо а стигалара олхазаршна а, хӀора лаьттан текхаргана а юург хир ю иза». И дерриге а хилла дӀахӀоьттира.
Nyochaa Доладалар 1:30
12
Доладалар 1:14
Дала элира: «Хуьлийла стигалахь серлонаш! Лаьтта тӀе билгалонаш лойла цара, де буьйсанах а къастош, хенан заманаш а йоькъуш, денош а, шераш а доькъуш.
Nyochaa Доладалар 1:14
13
Доладалар 1:11
Цул тӀаьхьа Дала элира: «Лаьтта тӀехь йолийла сийналла а, буц а, ялта а, шайна чохь хӀу а долуш, стоьмаш ло дитташ а, шайна хӀора стоьма чохь хӀуш а долуш. Оцу хӀух юха а изза тайпа ораматаш а хуьлуш». Иштта хилла дӀахӀоьттира.
Nyochaa Доладалар 1:11
14
Доладалар 1:7
Иштта хилла дӀахӀоьттира: Дала дуькъачу хӀавааца хи шина декъе дийкъира. Цхьа дакъа хӀаваана тӀехула хуьлуш, важа дакъа бухахь дуьсуш.
Nyochaa Доладалар 1:7
15
Доладалар 1:12
Латто сийналла а елира, буц елира, ялта а кхиира, шайн-шайн тайпана хӀу а луш, уьш юха а йовлуш. Стоьмаш ло дитташ а хьаладевлира, шайна чохь хӀуш а долуш, царех кхин а цу тайпана дитташ а довлуш. Иза а, хьаьжча, Далла хазахийтира.
Nyochaa Доладалар 1:12
16
Доладалар 1:16
Цу тайпана кхоллаелла шиъ коьрта серло, царех йоккхачо дийнан, ткъа жимочо буьйсанан Ӏуналла а деш. Седарчий а кхолладелла стигалахь.
Nyochaa Доладалар 1:16
17
Доладалар 1:9-10
ТӀаккха элира Дала: «Стигалан бухахь долу хи дерриг цхьаьна а кхетийла, екъа меттиг а хуьлийла». Иза иштта хилира. Екъачу меттигах Дала «латта» элира, ткъа цхьаьнакхеттачу хих «хӀорд» элира. И дерриге гича, Далла иза дика хийтира.
Nyochaa Доладалар 1:9-10
18
Доладалар 1:22
Цо, уьш декъалдеш, элира: «Дебийла шу, тӀаьхье беркате а хуьлуш, хӀордаш хих дузуш. Дуккха а олхазарш кхуьийла дуьнен чохь».
Nyochaa Доладалар 1:22
19
Доладалар 1:24
Юха Дала элира: «Хуьлийла лаьтта тӀехь массо а тайпана садолу хӀуманаш а, даьхни а, текхаргаш а, лаьттан акхарой а, шайн-шайн тайпанашца». Иштта хилла дӀахӀоьттира.
Nyochaa Доладалар 1:24
20
Доладалар 1:20
Юха Дала элира: «Хуьлийла хи чохь дуккха а, массо а тайпана садолу хӀуманаш. ХӀаваэхь тӀема довлийла дуккха а тайп-тайпана олхазарш а».
Nyochaa Доладалар 1:20
21
Доладалар 1:25
Тайп-тайпана акхарой а, даьхни а, лаьттан текхаргаш а, ерриге тайпанашца кхоллаелира. Хьаьжча, Далла иза а хазахийтира.
Nyochaa Доладалар 1:25
Ulo
Akwụkwọ Nsọ
Atụmatụ
Vidiyo