YouVersion Logo
Search Icon

Яхьъя 21

21
Ӏийсас Ша ворхӀ мурдана гайтар
1Цул тӀаьхьа Тхьабара-хӀордан#21:1 Тхьабара-хӀорд – и бу Галилай-Ӏам. йистехь Ӏийсас юха а Шен мурдашна гайтира Ша. Иштта гайтира Ӏийсас Ша цигахь.
2Цу хенахь ШамӀа-Кипа а, ТӀама а, шех Шалавинарг олуш волу, Галилай-махкара Кхана-юьртара НатунаӀил а, Зевадин кӀентий а, Ӏийсан мурдех волу кхин шиъ а – уьш цхьаьна бара. 3#Лака 5:5. ШамӀа-Кипас элира цаьрга: «Со чӀерий леца воьду».
Вукхара элира цуьнга: «Тхо а догӀу хьоьца». Ара а бевлла, хинкеман чу хевшира уьш, амма цу буса цара хӀумма а ца лецира. 4Ткъа Ӏуьйре тӀейогӀучу хенахь Ӏийса бердан йисте дӀахӀоьттира, амма мурдашна ца хаьара, Иза Ӏийса вуйла.
5Ӏийсас элира цаьрга: «ДоттагӀий, чӀерий дуй шуьгахь?»
Цара жоп делира: «Дац», – аьлла.
6 # Лака 5:6. Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Шайн чӀерий лоцу бой хинкеманан аьтту агӀор чутаса, тӀаккха карор ду шуна чӀерий».
Цара бой чутесира, тӀаккха чӀерий тӀех дукха лаьцна хиларна, и бой хьала ца яккхалора цаьрга. 7ТӀаккха Ӏийсана къаьсттина дукха везна волчу мурдо Кипе элира: «ХӀара Веза Эла ву».
Ткъа ШамӀа-Кипа, иза Веза Эла ву аьлла шена хезча, шен коч юкъах а йихкина, ша гӀодаюккъалц верзина волу дела, сихха хи чу иккхира. 8Ткъа важа мурдаш, хинкеманна тӀехь, шайна тӀаьхьа чӀерашца йолу бой а текхош, хӀордан йисте кхечира, уьш болчуьра хӀордан йисте кхача, ши бӀе дол хиллал бен юкъ йоцу дела. 9Мурдашна, хинкеманна тӀера шаьш лаьтта охьабиссича, йогуш кӀоран алу а йолуш, цунна тӀехь чӀерий а, юххехь бепиг а гира.
10Ӏийсас элира цаьрга: «Шаьш хӀинца лаьцначу чӀерех цхьадерш схьада кхуза».
11ШамӀа-Кипас, хинкеман чу ваьлла, шена чохь юьззина даккхий чӀерий долу бой хӀорд чуьра лаьтта схьаозийра. Берриг а чӀара бӀе шовзткъе кхойтта бара. Уьш оццул дукха доллушехь, чӀерий лоцу бой ца етӀира. 12Ӏийсас элира цаьрга: «Схьадуьйла, хӀума яа шайна».
Ткъа мурдех цхьа а ца ваьхьара Цуьнга хатта: «Хьо мила ву?» Мурдашна хаьара, Иза Веза Эла вуйла. 13Ӏийсас, тӀе а вахана, бепиг схьа а эцна, мурдашка дӀаделира, тӀаккха чӀара а дӀакховдийра. 14Веллачуьра денвеллачул тӀаьхьа Ӏийсас иштта кхозлагӀа а Шен мурдашна гайтира Ша.
Ӏийса а, Кипа а
15Уьш яа хӀума йиина бевлча, ШамӀа-Кипе Ӏийсас элира: «Яхьъян кӀант ШамӀа! Царначул сов кӀорггера везий те хьуна Со?»
Кипас элира: «ХӀаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий».
ТӀаккха Ӏийсас элира Кипе: «Сан Ӏахарий дажаде ахьа».
16ТӀаккха юха шозлагӀа а элира Ӏийсас Кипе: «Яхьъян кӀант ШамӀа, кӀорггера везий те хьуна Со?»
Кипас жоп делира: «ХӀаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий».
Ӏийсас элира цуьнга: «Сан уьстагӀийн Ӏу хила хьо».
17КхозлагӀа а элира Ӏийсас: «Яхьъян кӀант ШамӀа, везий те хьуна Со?»
Кипина халахийтира, шега Ӏийсас кхозлагӀа а хаьттича: «Везий те хьуна Со?» – аьлла. ТӀаккха Кипас элира Цуьнга: «Веза Эла, Хьуна дерриг хаьа. Хьуна хаьа, суна Хьо везий».
Ӏийсас элира Кипе: «Сан уьстагӀий дажаде ахьа. 18Бакъдерг боху Ас хьоьга, хьо къона волчу хенахь, айхьа-хьайн юкъ йоьхкий, хьайна луъучу метте воьдура хьо. Ткъа хьо къанвелча, хьайн куьйгаш дӀа а кховдийна, кхечуьнга хьайн юкъ йоьхкуьйтур ю ахьа, хьуна ца луъучу а вуьгур ву хьо».
19Иштта элира Ӏийсас Кипе, цо мухачу Ӏожаллица Дела вазвийр ву дӀахоуьйтуш. ТӀаккха и аьлла, Ӏийсас кхин а тӀетуьйхира: «Суна тӀаьхьахӀотта хьо».
Ӏийса а, Цунна къаьсттина везна волу мурд а
20 # Яхьъя 13:25. Кипа юхахьаьжча, цунна гира шена тӀаьхьавогӀу, Ӏийсана къаьсттина везна волу мурд. (Езачу суьйренан пхьор дуучу хенахь, Ӏийсан некха тӀе а таьӀна Ӏийна волу а, Цуьнга: «Веза Эла, мила ву Хьуна ямартло ен верг?» – аьлла волу а мурд вара иза.) 21Иштта, и мурд гина, Кипас элира Ӏийсага: «Веза Эла, ткъа кхунах хӀун хир ду?»
22Ӏийсас элира Кипе: «Нагахь Суна, Со юхаваллалц#21:22 Со юхаваллалц – ма-дарра аьлча: Со схьаваллалц., иза дуьненахь виса лууш хилча, хьан хӀун бала бу цуьнца? Хьо Суна тӀаьхьахӀотта».
23Иштта даьржира динан вежаршна юкъахь и «мурд лийр вац» аьлла дешнаш. Ткъа Ӏийсас иза лийр вац ца аьллера. Ӏийсас аьллера: «Нагахь Суна, Со юхаваллалц, иза дуьненахь виса лиъча, хьан хӀун бала бу цуьнца?»
24И мурд ву цунна тоьшалла дийриг а, цунах лаьцна яздинарг а, ткъа вайна хаьа, цуьнан и тоьшалла билггал бакъ дуйла.
25Кхин дуккха а дара Ӏийсас дина гӀуллакхаш. Схьахетарехь, царах массарех лаьцна тептарш яздинехь, хӀокху дуьнен чу а тарлур дацара уьш.

Currently Selected:

Яхьъя 21: CHE

Tõsta esile

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in