YouVersion Logo
Search Icon

Яхьъя 15

15
Ӏийса кемсийн бакъйолу таьлланг ю
1«Со кемсийн бакъйолу таьлланг ю, ткъа Сан Да кемсийн беш Лелорхо ву. 2Муьлхха а стом ца луш долу Сан га Цо дӀахададо. Ткъа стом луш долу муьлхха а га цӀандо, алссам стоьмаш хилийта.
3Ас шуна хьехначу дашехула хӀинца шу цӀена ду. 4Шу Соьца хила, ткъа Со Шуьца хир ву. Гаьнно, ша таьлланг тӀехь ца хилча, ша-шегара стом ца кхиоре терра, иштта шу а хир ду, шу Соьца ца хилча.
5Со кемсийн таьлланг ю, ткъа шу гаьннаш ду. Муьлххачо а ша Соьца волчо а, Со шеца волчо а шортта стоьмаш кхиор бу. Со воцуш шуьга хӀумма а далур дац.
6Милла а Соьца воцург кхоьссина дӀа а вохуьйту, и га санна, иза вакъа а ло. ТӀаккха и гаьннаш, гулдина, цӀерга кхуьссу. Уьш цӀергахь догу. 7Нагахь шу Соьца а хилахь, Сан дешнаш шуьца а хилахь, шайна луъург дерриге а деха, иза хир ду шуна. 8Шортта стом а луш, шу Сан мурдаш хилча, Сан Ден сийлалла гучуйолу.
9Сан Дена Со везаре терра, Суна шу а дезна. Хуьлийла шу а Сан безамехь. 10Аса шайна тӀедехкинарш аша кхочушдеш хилча, Сан безамехь хир ду шу, Сан Ден безамехь Со хиларе терра, Аса а Сайн Дас тӀедехкинарш нийсса кхочушдина дела. 11ХӀара элира Ас шуьга, Сайн хазахетар шуна чохь хилийтархьама а, и шун хазахетар дуьззина хилийтархьама а. 12#Яхьъя 13:34; 15:17; 1 Яхьъяс 3:23; 2 Яхьъяс 1:5. ХӀара ду Ас шуна тӀедуьллург: „Дезийла шуна вовшийн, Суна шу дезадаларе терра“. 13Шен доттагӀашна хьалхара шен са а дӀадаллал болчу безамал сов безам цхьанна а хир бац. 14Шу Сан доттагӀий ду, нагахь аша Ас тӀедиллина гӀуллакх кхочушдахь. 15ХӀинца ца олу Ас шух ялхой, хӀунда аьлча ялхочунна шен олахочо дийриг ца хаьа. Амма шух Ас доттагӀий аьлла, Сайн Дегара хезнарг дерриге а Ас шуьга дӀахаийтина дела. 16Аша Со ца хаьржина, амма Ас, харжа а хаьржина, дӀахӀиттийна шу. Ас шу къобалдина, шу дахханчохь, шуьга лаьттан стоьмаш кхиадайта. ТӀаккха аш Сан цӀарах хӀуъа а Сан Дега деххнарг Цо шуна лур ду. 17Ткъа хӀара тӀедуьллу Ас шуна: вовшийн дезалаш».
Дуьненан цабезам
18«Дуьненна шаьш ца дезалахь, хаалаш, шул хьалха Со а дуьненна ца везна хилар. 19Шу кху дуьненара делахьара, цу дуьненна шу, шайнаш санна, дезар дара. Амма шу кху дуьненан долахь дац. Ас шу дуьненна юккъера схьахаьржина долу дела, ца деза шу дуьненна.
20 # Маттай 10:24; Лака 6:40; Яхьъя 13:16. Дагахь латтаделаш Аса шайга аьлла дош: „Ялхо шен олахочул лакхара вац“. Нагахь Соьга халонаш хьегийтинехь, шуьга а хьоьгуьйтур ю. Нагахь Сан дош нийсса кхочушдеш хиллехь, шун дош а кхочушдийр ду.
21И дерриг а дийр ду шуна Сан цӀе бахьана долуш, хӀунда аьлча Со Ваийтинарг царна ца вевза.
22Нагахь Аса, веана, цаьрга ца дийцинехьара, уьш шайн къиношна бехке хир бацара. ХӀинца шайн къиношна уьш бехказа бац. 23Со ца везачунна Сан Да а ца веза. 24Нагахь Ас кхин цхьаммо а дина доцу гӀуллакхаш царна юкъахь ца динехьара, тӀаккха царна тӀехь къа а хир дацара. Ткъа хӀинца, и гӀуллакхаш шайна гина доллушехь, ца вийзира царна Со а, Сан Да а. 25#Забур 34:19; 68:5. Амма иза хилира, церан товрат-хьехамаш тӀехь яздинарг кхочушхилийта: „Со ца веза бахьана дацара церан“.
26Ас воуьйтур ву шуна Сайн Дегара гӀо Дийриг – Дегара схьадолу бакъдерг гойту Са доуьйтур ду шуна. Цо, деача, тоьшалла дийр ду Сох. 27Ткъа шаьш юьххьехь дуьйна а Соьца хиларна, аша а тоьшалла дийр ду Сох».

Currently Selected:

Яхьъя 15: CHE

Tõsta esile

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in