YouVersion Logo
Search Icon

Яхьъя 11

11
ЛаӀзар валар
1 # Лака 10:38, 39. Бет-ХӀина олучу юьртахь Ӏаш вара, ЛаӀзар цӀе а йолуш, цхьа хьенех. Иза чӀогӀа цомгуш вара. И Бет-ХӀина олу юрт яра Марем а, цуьнан йиша Марта а ехаш йолу меттиг. 2#Яхьъя 12:3. Ткъа и Марем яра, Везачу Элана тӀе хаза хьожа йогӀу деза даьтта а доьттина, Цуьнан когаш шен коьртан месашца бакъон берг. Ткъа и цомгушниг Мареман ваша ЛаӀзар вара.
3Цу йижарша хабар дахьийтира Ӏийсана тӀе: «Эла, хӀара Хьуна везаш верг цомгуш ву», – аьлла.
4И хаам Шена хезча, Ӏийсас элира: «И цамгар Ӏожаллина яц, амма цуьнгахула Делан КӀентан сийлалла гайтархьама ю».
5Ӏийсана езара Марта а, цуьнан йиша а, ЛаӀзар а. 6Ткъа ЛаӀзар цомгуш ву аьлла Шена хезна доллушехь, кхин а ши де даьккхира Ӏийсас оцу Ша волчу меттехь. 7Цул тӀаьхьа Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Юха а ЯхӀуд-махка гӀо вай».
8Ткъа мурдаша элира Цуьнга: «Рабби! Дукха хан ма яц яхӀудхоша Хьуна тӀулгаш детта дагахь Хьо лехна. Ткъа Хьо юха а ваха воллу?»
9Ӏийсас жоп делира: «Шийтта сахьт дац денна чохь? Дийнахь лелаш верг гал ца волу, хӀунда аьлча цунна кху дуьненан серло го. 10Амма буьйсанна лелаш верг галволу, хӀунда аьлча цуьнца серло ца хуьлу». 11Иза а аьлла, юха а тӀетуьйхира Ӏийсас: «Вайн доттагӀа ЛаӀзар наб еш ву, ткъа Со иза самаваккха воьду».
12Мурдаша элира Цуьнга: «Эла! Нагахь цунна наб кхеттехь, толур ма ву иза».
13Амма Ӏийсас ЛаӀзаран валарх дуьйцура, ткъа мурдашна моьттура Ӏийсас ЛаӀзарна наб кхетта боху. 14ТӀаккха Ӏийсас дуьххьал дӀаэлира цаьрга: «ЛаӀзар дӀакхелхина. 15Ткъа цигахь цахиларна воккхавеш ву Со шун дуьхьа, шу Сох тешийтархьама. Ткъа хӀинца гӀо вай и волчу».
16ТӀаккха ТӀамас, шех Шалавинарг олуш волчо, элира вукху мурдашка: «Вай а доьлху цига, Цуьнца цхьаьна далархьама».
Ӏийса ву велларг денвеш Верг а, дахар луш Верг а
17Схьакхаьчначу Ӏийсана диъ де хьалха дуьйна къуббанна чохь Ӏуьллуш карийра ЛаӀзар. 18Бет-ХӀина олучу гӀалина а, Ярушалаймана а юкъахь кхо чаккхарма хиллал некъ бара. 19Дукха яхӀудхой баьхкинера Мартина а, Маремна а тӀе церан ваша ЛаӀзар кхалхар бахьана долуш кадам бан. 20Ӏийса вогӀуш ву аьлла хезна, Марта Цунна дуьхьалъяхара. Ткъа Марем цӀахь йисира.
21ТӀекхаьчча, Мартас Ӏийсага элира: «Эла, нагахь Хьо кхузахь хиллехьара, лийр ма вацара сан ваша. 22Амма суна хӀинца а хаьа-кх Ахь Деле мел дехнарг Дала Хьуна лург хилар».
23Ткъа Ӏийсас элира цуьнга: «Денлур ву хьан ваша».
24Мартас элира Ӏийсага: «Нах денлур болчу тӀаьхьарчу дийнахь иза а денлур вуй хаьа суна».
25Ӏийсас элира цуьнга: «Со ву адамаш ден Дийриг а, адамашна дахар Лург а. Сох тешаш волчун, нагахь и велча а, цкъа а хедар доцу дахар хир ду. 26Муьлхха а, и хедар доцу дахар а долуш, Сох тешаш верг цкъа а лийр вац. Теший хьо оцунах?»
27Мартас жоп делира: «ХӀаъ, Веза Эла! Со теша Хьо Дала леррина Къобалвинарг а, дуьнен чу ван везаш волу Делан КӀант а вуйла».
Ӏийсан велхар
28Иза а аьлла, яхана шен йиша Марем схьа а кхайкхина, цуьнга къайлаха элира Мартас: «Устаз кхузахь ву, Хьоьга кхойкху Цо».
29И хезча, Марем, сихха хьала а гӀаьттина, Ӏийсана тӀеяхара. 30Ӏийса хӀинца а юьрта чу кхачаза вара. Иза хӀинца а Марта Шена дуьхьалкхетта хиллачу меттехь лаьтташ вара. 31ТӀаккха Марем, сихха хьала а гӀаьттина, араяьлча, цунна синтем беш баьхкина болчу яхӀудхошна иза къуббанна тӀейоьдуш ю моьттира, цигахь елхархьама. Уьш Маремана тӀаьххье бахара. 32Ткъа Марема, Ӏийса волчу дӀакхаьчча, Иза а гина, Цуьнан когашка а йоьжна, элира: «Эла! Хьо кхузахь хиллехьара, лийр ма вацара сан ваша».
33Йоьлху Марем а, боьлху цуьнца баьхкина яхӀудхой а гина, са карзахдаьлла, дог доьхна вара Ӏийса. 34Ӏийсас элира: «Мичахь охьавиллина аша иза?»
Цара жоп делира: «ГӀой, хьажахь, Эла!» 35Ӏийсан бӀаьргех хиш деара. 36ТӀаккха яхӀудхоша бохура: «Ма везаш хилла Цунна иза!» 37Амма яхӀудхойх цхьаболчара бохура: «Оцу бӀаьрзечу стеган бӀаьргаш схьабиллинчу Кхуьнан хӀара стаг ца валийта а ницкъ ца кхечира те?»
ЛаӀзар веллачуьра денвар
38Ӏийса, юха а Шен дог доьхна а волуш, къуббанна тӀевеара. Иза хьех яра, дуьхьал биллина тӀулг а болуш. 39ТӀаккха Ӏийсас элира: «ДӀакарчабе и дуьхьалара тӀулг».
Веллачун йишас Мартас элира Ӏийсага: «Эла! Вон хьожа йогӀу цунах, хӀара доьалгӀа де ма ду иза дӀавоьллина».
40Ӏийсас элира цуьнга: «Хьоьга ца аьлла Аса, нагахь хьо тешахь, Делан сийлалла гур ю хьуна?»
41ТӀаккха тӀулг дӀакарчийра. Ткъа Ӏийсас, бӀаьргаш хьала а хьажийна, элира: «Дада! Баркалла боху Ас Хьуна, Со Хьуна дӀахазарна. 42Суна-м хаьара, Хьуна гуттара а Со дӀахезий. Амма кху гонах лаьттачу нехан дуьхьа элира Ас иза, Со Ахь ваийтина хиларх уьш тешийтархьама».
43Иза а аьлла, Ӏийсас чӀогӀа мохь туьйхира: «ЛаӀзар! Аравала!» – аьлла.
44ТӀаккха и велла хилларг, куьйгех а, когех а йихкина кисин асанаш а йолуш, дӀахьарчийна корта а болуш, къуббанна чуьра аравелира. Ӏийсас элира цаьрга: «ДӀа а вастий, дӀавахийта иза».
45ТӀаккха Марем йолчу баьхкинчу яхӀудхойх дукхахберш, Ӏийсас динарг а гина, тийшира Цунах. 46Ткъа царах цхьаберш парушхошна тӀебахара. Ӏийсас динарг дийцира цара парушхошка. 47ТӀаккха динан коьртачу дайша а, парушхоша а, коьртачу кхеташо а гулйина, элира: «ХӀун дийр дара те вай? ХӀунда аьлча хӀокху Стага дукха тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш ма гойту? 48Нагахь вай Иза иштта витахь, массо а нах Цунах тешар бу. ТӀаккха, римхой а баьхкина, цара вайн Делан цӀа а, вайн халкъ а хӀаллакдийр ду».
49Царах цхьаммо, цу шарахь динан коьрта да волчу Кайбас, элира: «Шуна хӀумма а ца хаьа, 50я шу кхета а ца кхета шайна гӀоле йолчух. И цхьа стаг массо а халкъан дуьхьа валар гӀоле ю, дерриг халкъ хӀаллакьхуьлучул».
51Иза Кайбас ша-шегара ца элира. Амма ша цу шарахь динан коьрта да хиларна, цо Делера болу хаам бовзуьйтуш, аьллера, Ӏийса вайн халкъан дуьхьа лийр ву аьлла. 52Амма халкъан дуьхьа хилла а ца Ӏаш, дӀасадаьржина долу массо а Делан бераш схьа а гулдина, уьш цхьаьнатохархьама а хила дезаш дара иза. 53Цу дийнахь дуьйна Ӏийса вен сацам бира цара. 54Цундела Ӏийсас Ша яхӀудхошна юкъахь лелаш ца гойтура. Цигара дӀа а ваьлла, яьссачу аренна гергахьа болчу махка вахара Ӏийса. Цигахь Эпрам олучу юьртахь сецира Иза Шен мурдашца.
55Ткъа тӀедан герга дара жуьгтийн Пасахь олу деза де. И деза де тӀекхачале, оцу махкара дукха адам деара Ярушалайме, дино ма-бохху цӀандалархьама. 56Цу адамаша Делан цӀийнан кертахь Ӏийса лоьхура. Цигахь шаьш лаьтташ, наха вовшашка хоьттура: «Шуна муха хета? ВогӀур-м вац те Иза кху дезачу дийнахь?»
57Ткъа динан коьртачу дайша а, парушхоша а нахе омра дира, нагахь цхьанна Ӏийса мичахь ву хаалахь, И волу меттиг схьайийца аьлла, Иза лацархьама.

Currently Selected:

Яхьъя 11: CHE

Tõsta esile

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in