Векалийн 4
4
Кипа а, Яхьъя а коьртачу кхеташонехь
1Кипас а, Яхьъяс а нахаца къамел дечу хенахь царна тӀе динан дай а, Делан цӀийнан гӀаролхойн хьаькам а, динан тобанан садукъой цӀе йолу нах а баьхкира. 2Уьш чӀогӀа реза бацара Кипас а, Яхьъяс а нахана хьоьхуш хиларна а, Ӏийса веллачуьра денвелла бохуш кхайкхам барна а. 3Цара и шиъ, схьа а лаьцна, ларвайта гӀароле дӀавелира, хӀунда аьлча тӀееана суьйре а яра, хан а яьллера.
4Ткъа цу шиннан хьехамашка ладоьгӀна болу дукхахберш тийшира цара дийцинчух, цундела Ӏийсах тешнарш пхи эзар гергга хилира.
5ШолгӀачу дийнахь хьаькамаш а, баккхий нах а, Ӏелам нах а Ярушалаймехь цхьаьна гулбелира. 6Динан коьрта да Ӏанна а, иштта Кайба а, Яхьъя а, Искандар а, динан коьртачу ден доьзалхой а, кхиболу гергара нах а бара цигахь. 7Кипий, Яхьъяй юккъе а ваккхийтина, цаьрга барт хатта буьйлабелира уьш: «Муьлхачу ницкъаца а, хьенан цӀарах а дара аша динарг?» – бохуш.
8Делан Синах вуьзна волчу Кипас жоп делира: «ЛадогӀалаш, халкъан тхьамданаш а, баккхий нах а! 9Нагахь санна цомгуш волчу стагах бинчу къинхетамах аша тахана тхоьгара жоп дехахь, 10дӀахаалаш шуна а, дерриг Исраилан халкъана а: аша, жӀарах дӀа а тоьхна, вейтинчу, Дала веллачуьра денвинчу, Назартарчу, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсан дуьхьа товина волу хӀара стаг шуна хьалха лаьтташ ву! 11#Забур 117:22. Ӏийса – Иза, „гӀишлошъечу пхьераша дӀа а кхоьссина, сонан йисте дӀахӀоьттина болу тӀулг“ бу. 12Кхин цхьаьнггахь а кӀелхьардовлар дац, хӀунда аьлча стигал кӀелахь кхин цӀе яц адамашна кӀелхьардовла елла».
13Барт хоттуш берш цецбевллера Кипин а, Яхьъян а доьналлех. ХӀара шиъ дешна а воцуш, мискачу нахах ма вара. Юха кхелахошна хиира хӀорш Ӏийсаца хиллий. 14Амма царна уллохь лаьтташ товина стаг а гуш, дуьхьал ала хӀума дацара кхелахойн. 15Юха векалшка, коьртачу кхеташонера арадовла аьлла, омра а дина, барт бан хӀиттира уьш.
16«ХӀун де вай оцу нахана? – бохура цара. – Ярушалайман бахархошна гина цара дина тамашийна хӀума. Вайга иза дайалур дац. 17Амма хиллачух лаьцна хабар нахана юкъахь ца даржийта, вай дехка деза царна Ӏийсан цӀарах хьехам бар».
18Юха а Кипий, Яхьъяй чу а валавайтина, омра дира цара, Ӏийсан цӀе а ма яккха, Цунах лаьцна хьехамаш а ма бе аьлла. 19Амма Кипас а, Яхьъяс а жоп делира: «Ойла ейша шаьш а, нийса дуй Далла хьалха, Делал хьалха шуьга ладогӀар? 20Цундела тхайна гинарг а, хезнарг а ца дуьйцуш тхо Ӏалур дац».
21Ткъа вукхара, кхерамаш а тийсина, дӀахийцира Кипий, Яхьъяй, кхарна хӀун таӀзар дийр ду а ца хиъна. Хиллачунна Далла хастамаш беш дара дерриг а халкъ. 22ХӀунда аьлча и тамашийна дарба хиллачу стеган шовзткъа сов шо дара.
Делах тешачийн доӀа
23Шаьш дӀахецча, Кипас а, Яхьъяс а, шайн накъостий болчу а веана, шайга динан коьрта дайша а, баккхийчу наха а баьхнарг дӀадийцира. 24#Арадаккхар 20:11; Нахьми-ЯхӀу 9:6; Забур 146:6. И дерриге а шайна хезча, Делах тешаш берш цхьаьний аз айдина доӀа дан хӀиттира:
«Хьалдолу Эла! Ахьа стигал а, латта а, хӀорд а, царна чохь мел дерг а кхоьллина!
25 #
Забур 2:1, 2 (Грекийн). Ахьа аьлла Хьайн ялхо волчу тхан ден а Даудан багахула Делан Синца:
„Хийрачу мехкашкара нах карзах хӀунда буьйлу?
Цахиндерг халкъаша дага хӀунда лаьцна?
26Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу,
лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу,
Везачу Элана дуьхьал а бевлла,
Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара“.
27 #
Лака 23:7-11;
Маттай 27:1, 2; Марк 15:1; Лака 23:1; Яхьъя 18:28, 29. Билггала, хӀокху гӀалахь ХӀарод а, Понти Пулат а кхечу къаьмнийн нахаца а, Исраилан халкъаца а цхьаьнакхийтира Хьан Везачу а, Ахьа къобалвинчу а Ялхочунна Ӏийсана кхел ян. 28Ахьа Хьайн лаамца а, куьйгаца а тӀедиллинарг кхочушдира цара. 29ХӀинца а, Веза Эла, хьажахьа цара туьйсучу кхераме. Тхуна, Хьайн ялхошна, ницкъ лохьа ерриге а майраллица Хьан дош кхайкхо, 30ткъа Ахьа Хьайн Везачу Ялхочун Ӏийсан цӀарах дарба дан а, тамашийна хӀуманаш а, инзаре гӀуллакхаш а гайта а кховдадо Хьайн куьг!»
31Цара доӀа чекхдаьккхича, уьш лаьтташ болу меттиг егийра, цу сохьта берриш а Делан Синах буьзира. Цул тӀаьхьа цара майрра кхайкхадора Делан дош.
Массо а хӀума юкъахь хилар
32 #
Векалийн 2:44, 45. Делах тешнарш дегнашца а, хьекъалца а цхьаьна бара. Цхьаммо а ца бохура шен долахь дерг шен бен дац. Шайн мел дерг юкъахь доькъура цара. 33Векалша боккхачу ницкъаца тоьшалла дора Ӏийса-Эла денваларх лаьцна. Дала а къобалбора уьш. 34-35Латта а, цӀенош а долчу наха, уьш дӀа а духкий, схьадеана ахча векалийн когашка охьадилларна, цхьа а къен стаг вацара царна юкъахь. И ахча цунна оьшучуьнга хьаьжжина лора. 36Масала, Кипр-гӀайре тӀера Юсуп цӀе йолчу, Леви тайпанах волчу стага (векалша цунах Бар-Нааб а олура, ткъа иза «синтеман кӀант» бохург ду) 37шен латта дӀа а доьхкина, схьадеана ахча векалийн когашка охьадиллира.
Currently Selected:
Векалийн 4: CHE
Tõsta esile
Share
Kopeeri
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012