YouVersion Logo
Search Icon

Векалийн 2

2
Делан Са доссар
1 # Ӏамалъяр 23:15-21; Карлабаьккхинарг 16:9-11. Жуьгтийн «ШавуӀот» цӀе йолчу ялта чудерзоран дезачу дийнахь массо а векал цхьаьнакхийтира. 2ЦӀеххьана, чӀогӀа хьаькхначу махах тера а йолуш, стигалара цхьа гӀовгӀа хезира. Цо уьш чохь болу дерриг а цӀа дуьзира. 3Йогучу цӀеран алунех тера долу меттанаш гира векалшна. Уьш, декъа а делла, кхарна хӀоранна тӀехула севцира. 4Делан Синах а буьзна, Цо шайна деллачу похӀмица тайп-тайпана меттанаш дийца буьйлабелира векалш.
5Ярушалаймехь цу хенахь дуьненан массо а халкъашна юкъара схьаихна жуьгтий бара. Уьш къаьсттина чӀогӀа Делах тешаш а, Цунах кхоьруш а бара. 6И гӀовгӀа яьлча, дукха нах гулбелира. Массо а цецваьлла виснера, хӀунда аьлча хӀоранна а векалша буьйцу шен-шен къоман мотт хезара. 7Инзарбевлла, цара хоьттура вовшашка: «И адамаш массо а галилайхой дац? 8Вайна хӀоранна а муха хеза, цара вайн ненан мотт буьйцуш? 9Вайна юкъахь бу парпанхой а, мадайхой а, Ӏейламхой а, Месопатамера бахархой а, ЯхӀуд-махкара а, Каппадокера а, Понтера а, Асиара а, 10Пхьаргера а, Пампилара а, Мисарара а, Ливин Къурина-гӀалин йистера адамаш а, римхой а, 11(жуьгтий а, жуьгтийн дин керла тӀеэцнарш а), Крит-гӀайренан бахархой а, Ӏаьрбихой а. Ткъа вайна массарна а хеза вешан меттанашкахь цара Делан сийлахьчу гӀуллакхех лаьцна дуьйцуш!» 12Цец а буьйлуш, хиллачух ца кхеташ, вовшашка хоьттура цара: «Ванах, хӀара хӀун ду?» – бохуш.
13Цхьаболчара бохура, бийла а буьйлуш: «Цара алсам мерза чагӀар мелла».
Кипас ШавуӀот-дийнахь дина къамел
14Кипас, вукху цхьайтта векалца дӀа а хӀоьттина, аз айдеш, элира нахе: «ЯхӀудхой а, Ярушалайман бахархой а! Пурба ло суна дерриг а шайна дийцийта. Дика соьга ладогӀалаш! 15ХӀара нах, шуна ма-моттара, бехна бац, хӀинца Ӏуьйранна исс сахьт бен ма ца даьлла. 16Ткъа Юал-пайхамаро дийцинарг ду хӀара.
17 # Юал 2:28-32 (Грекийн). „ТӀаьххьарчу деношкахь, – боху Дала, – Аса Сайн Синан Ӏаь тухур ю дерриг а адамна тӀе.
ТӀаккха шун кӀентий а, мехкарий а, шайга пайхамаралла а доьссина, Делера болу хаамаш беш хир бу.
Кегийнаш Делера долу тамашийна суьрташ шайна хьалха хӀуьттуш хир бу,
ткъа баккхийнаш Делера долу гӀенаш гуш хир бу.
18Сайн ялхошна тӀе, божаршна я зударшна делахь а, Сайн Синан Ӏаь тухур ю Аса цу деношкахь,
тӀаккха цаьргахь пайхамаралла хир ду.
19Аса стигалан Ӏаьрчашкахь а,
лаьтта тӀехь а тамашийна хӀуманаш гойтур ду:
цӀий, цӀе, кӀуьран мархаш.
20Везачу Элан сийлахь де тӀекхачале
малхах бода хир бу,
баттах цӀий хир ду.
21Амма массо а Везачу Эле кхойкхуш верг
кӀелхьарвоккхур ву“.
22Исраилхой, ладогӀалаш соьга: Назартара Ӏийса адам делахь а, Дала Иза шуна хьалха къобалвира. ХӀунда аьлча шуна ма-хаъара, Дала Цуьнгахула шуна юкъахь тамашийна хӀуманаш а, билгалонаш а кхочушйора. 23#Маттай 27:35; Марк 15:24; Лака 23:33; Яхьъя 19:18. Ӏийса Делан лаамца а, Цунна хьалххе гуш ма-хиллара а, шун кара дӀавелира, ткъа аша дин доцучу нахе, жӀарах дӀа а тохийтина, вейтира Иза. 24#Маттай 28:5, 6; Марк 16:6; Лака 24:5. Амма Дала веллачуьра денвира Иза, Ӏожаллин багара а ваьккхина. Ӏожаллин ницкъ ца кхечира Иза шен карахь сацо. 25#Забур 15:8-11 (Грекийн). Дауда олура Цунах лаьцна:
„Суна гуттар а гора Веза Эла сайна хьалха.
Иза суна аьтту агӀор ву, со воха ца вохийта.
26Цундела сан дог а сакъералуш ду,
сан багара мотт а самукъадаьлла бу.
Сан дегӀ а ду сатуьйсийлах дуьзна.
27ХӀунда аьлча Ахь эхартахь со вуьтур вац.
Хьайна тешаме волчунна вахкавалар гойтур дац.
28Ахьа бакъдолчу дахаран некъ суна гайтина,
Хьуна уллохь хиларна хазахетарх со вузор ву Ахь“.
29Вежарий, аса билггала бакъдерг дӀахоуьйту шуна: вайн тайпанан да Дауд вала а велла, дӀа а воьллина. Цуьнан каш таханлерчу дийне кхаччалц лаьтташ а ду. 30#Забур 131:11; Дауд 7:12, 13. Иза пайхамар вара. Дала цунна чӀагӀо йинера, цуьнан тӀаьхьенах стагана паччахьалла лур ду Ша аьлла. 31Хиндерг хууш, Дауда дийцинера Дала леррина Къобалвинарг денлург хиларх а, Иза кошахь вуьсург ца хиларх а, Цуьнан дегӀана дахкадалар гург ца хиларх а лаьцна. 32Дала Ӏийса денвира, вай Цуьнан тешаш а ду. 33Иштта Делан аьтту куьйга хьалаваьккхинчу Цо Дегара Шена лур ду аьлла Делан Са схьаийцира. Ӏийсас кхочушдира тахана шуна гуш а, хезаш а дерг. 34#Забур 109:1. Дауд стигала хьалаваьлла вацара, амма цо элира:
„Вайн Везачу Эло аьлла Хьалдолчу Эле:
‘Суна аьтту агӀор охьахаа,
35Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц’, – аьлла“.
36Цундела, берриг а исраилхой, хаалаш: аша жӀарах дӀатоьхна Ӏийса – Дала Цунах Веза Эла а, Къобалвинарг а вина шуна».
37И дешнаш хезча, эхь хетта, нехан дегнаш лелхадохкура. Цара хоьттура Кипе а, кхечу векалшка а: «Вежарий, хӀун дан деза оха?» – бохуш.
38Кипас элира цаьрга: «Шух хӀора а Далла тӀе а верзий, шаьш хих чекхдахийта Ӏийсан дуьхьа, шайн къиношна гечдайтархьама. ТӀаккха шуна совгӀат санна Делан Са лур ду. 39И совгӀат дукха хенахь дуьйна а лур ду аьлла дара шуна а, шун берашна а, шуна тӀаьхьабогӀучу, Дала Шена тӀекхойкхун болчу массарна а».
40Кипас, цаьрга дӀа а хьедеш, дехарца бохура: «КӀелхьардовлалаш хӀокху телхинчу адамех». 41Цуьнан хьехам тӀеоьцучара шаьш хих чекхдохуьйтура. Цу дийнахь Ӏийсан мурдийн тоба кхин кхаа эзар стагана совъелира.
Ӏийсах тешачеран дахар
42Уьш гуттар а векалийн хьехаме ладугӀуш а, вовшех дагабовлуш а, бепиг дохош а, доӀанаш деш а бара. 43Берриш а Делах кхоьруш бара. Дала дуккха а тамашийна гӀуллакхаш дора векалшкахула. 44#Векалийн 4:32-35. Ӏийсах тешаш берш цхьаьна бара, церан массо а хӀума юкъахь дара. 45Шайн керташ а, долахь дерг а дӀа а духкуш, шайна юкъахь дӀасадоькъура цара, хьанна хӀун оьшу хьаьжжина. 46ХӀора дийнахь цхьаьна Делан цӀийнан кертахь бара уьш. ЦӀеношкахь цара хазахетарца а, даггара а, кег а деш, бепиг дуура, 47Далла хастамаш а беш. Гонах болчара а уьш лорура.
Везачу Эло хӀора денна совйоккхура кӀелхьарбохучийн тоба.

Currently Selected:

Векалийн 2: CHE

Tõsta esile

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in