Делан Сино элира Пилапе: «Цу гӀудалкха тӀе а гӀой, улло а хӀоттий, дӀагӀо», – аьлла. ГӀудалкхана тӀеваханчу Пилапна хезира цхьаммо ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула Делера болу хаам боьшуш.
«Айхьа доьшучух кхетий хьо?» – хаьттира Пилапа.
«Цхьаммо кхетош ца хилча, со муха кхетар ву?» – элира эфиопхочо. ТӀаккха Пилапе, хьала а валий, шена юххе охьахаа аьлла, дийхира цо.