Векалийн 8:29-31
Векалийн 8:29-31 CHE
Делан Сино элира Пилапе: «Цу гӀудалкха тӀе а гӀой, улло а хӀоттий, дӀагӀо», – аьлла. ГӀудалкхана тӀеваханчу Пилапна хезира цхьаммо ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамарехула Делера болу хаам боьшуш. «Айхьа доьшучух кхетий хьо?» – хаьттира Пилапа. «Цхьаммо кхетош ца хилча, со муха кхетар ву?» – элира эфиопхочо. ТӀаккха Пилапе, хьала а валий, шена юххе охьахаа аьлла, дийхира цо.