Доладалар 3
3
Адамо дуьххьара къа латадар
1 #
Довзийтинарг 12:9; 20:2. Везачу Дала кхоьллинчу акхарошна юкъахь уггаре а хӀилла долуш лаьхьа бара. Цо оцу зудчуьнга элира: «Бакъ дуй и, хӀокху бешара цхьанна а дитта тӀера Дала шуьга стом ма баа аьлла бохург?»
2Зудчо жоп делира лаьхьане: «Дитташ тӀера стоьмаш даа мега тхуна, 3амма ялсамане юккъехь цхьа дитт ду, цу тӀера стом а ма баа, хьакха а ма ло цу диттах аьлла Дала тхоьга, тхо дала ца далийтархьама».
4ТӀаккха лаьхьано зудчуьнга элира: «ХӀан-хӀа, лийр дац шу, 5амма Далла хаьа, аша оцу дитта тӀера стом биинчу дийнахь дуьйна шун бӀаьргаш дӀабеллалур буй, дика-вон а девзаш, шу Цуьнга дӀатарлур дуй!»
6Зудчунна и дитт хаза хилар а, цунна тӀера стоьмаш даа тамехь хилар а гира. Уггаре а хазделира цунна цу дитто кхетам алсам болуьйтург хилар. Зудчо дитта тӀера стоьмаш а баьхна, ша а биира, шена юххехь волчу майрачуьнга а белира. Вукхо а уьш биира. 7ТӀаккха дӀаделладелира церан шинне а бӀаьргаш. Шаьшшиъ дерзина дуй хиъна, инжиран диттан даккхий гӀаш а даьхна, уьш вовшах а тегна, цаьрца дӀахьулдира цара шайн догӀмаш.
8Дийнан йовхо лагӀъеллачу хенахь бешахь лелаш волчу Везачу Делан аз а хезна, адам а, цуьнан зуда а бешан дитташна юккъехь къайладелира Цунах. 9Ткъа Веза Дела кхайкхира адаме: «Хьо мичахь ву?» – аьлла.
10Стага жоп делира: «Цу бешахь Хьан аз а хезна, Хьох кхера а велла, со верзина волу дела, дӀалечкъира со».
11Везачу Дала хаьттира: «Хьо верзина ву хьан аьлла хьоьга? Аса баа мегар дац аьллачу дитта тӀера стом бииний-те ахьа?» – аьлла.
12Адамо жоп делира: «Ахьа суна еллачу зудчо цу дитта тӀера даьхна стоьмаш делира соьга, ткъа аса уьш диира», – аьлла.
13 #
2 Коринтхошка 11:3; 1 Тимапига 2:14. ТӀаккха Везачу Дала зудчуьнга элира: «И хӀун ду ахь динарг?»
Зудчо жоп делира Цуьнга: «Лаьхьано, хӀилла а дина, Ӏехийра со, ткъа аса и стоьмаш диира», – аьлла.
14ТӀаккха Везачу Дала лаьхьане элира:
«И вон ахь дарна, хьуна а хир ду вон.
НеӀалт кхайкхадо хьуна массо а даьхнина а,
ерриге а аренан акхарошна а хьалха.
ХӀинца дуьйна хьо баллалц текхар бу хьо гай тӀехь, чан а юуш.
15 #
Довзийтинарг 12:17. ХӀинца дуьйна, хьуна а, зудчунна а юкъахь а,
хьан тӀаьхьенна а, цуьнан тӀаьхьенна а юкъахь
а мостагӀалла хир ду.
Зудчун тӀаьхьено хьан коьртах чов йийр ю,
ткъа ахьа цуьнан когах чов йийр ю».
16Ткъа зудчуьнга Везачу Дала элира:
«Хьо доьзалхочух йолуш лазарш чӀагӀдийр ду хьан,
лазаршца доьзалхо а хир ву хьан.
ТӀаккха майрачуьнга сатуьйсуш хир ю хьо,
ткъа иза хьуна тӀехь олалла деш хир ву».
17 #
Ӏебархошка 6:8. Адаме#3:17 Адаме – кхузахь деша мега «адаме» я «Адаме». Везачу Дала элира: «Аса аьллачуьнга ла а ца дугӀуш, хьайн зудчо бохург а дина, ма баа аьлла стом ахьа баарна,
хьо бахьанехь неӀалт кхайкхадо Ас кху лаьттана а.
Хьо валлалц халонца а, къинхьегамца а лохур ду
ахьа хьайна напха.
18КӀохцалш а, яраш а евр ю цу лаьтта тӀе,
аренан ораматех хир ю хьуна юург.
19Хьацарлахь доккхур ду ахьа хьайн бепиг,
юха а, хьо схьаваьллачу лаьтта чу хьо верззалц.
Ас хьо лаьттан ченах вина волу дела,
юха а чан хир ю хьох».
20ТӀаккха Адама шен зудчунна «Дахар луш ерг» (Ӏебархойн маттахь: Хьава), аьлла цӀе тиллира, хӀунда аьлча иза лаьттахь мел дехачу адамийн нана хир йолу дела.
21ТӀаккха Везачу Дала Адамна а, цуьнан зудчунна а неӀаран духар дира, иза царна тӀе а духуш. 22#Довзийтинарг 22:14. Везачу Дала элира: «ХӀинца адам а Вайх цхьаъ хили, дика а, вон а девзаш. ХӀинца, шайн куьйгаш а кховдийна, дахаран дитта тӀера стом а баьккхина, иза биина, хедар доцучу дахаре ма кхочийла уьш».
23Цул тӀаьхьа Адам Ӏедан-бешара дӀаэккхийра Везачу Дала, цуьнга ша схьаваьлла волу латта леладайтархьама. 24Иза дӀа а эккхийна, Ӏедан-бешана малхбалехьа агӀор, чу волучохь, Везачу Дала дӀахӀоттийра дахаран диттана Ӏуналлина каруб-маликаш. Оцу диттана тӀе ца гӀортийта, цӀе санна къеггина догуш а, меттахъхьеш а долу тур а хӀоттийра.
Actualmente seleccionado:
Доладалар 3: CHE
Destacar
Compartir
Copiar
¿Quieres tener guardados todos tus destacados en todos tus dispositivos? Regístrate o inicia sesión
© Институт перевода Библии, 2012