Лака 20

20
Ӏийсан олалла шеконе диллар
(Маттай 21:23-27; Марк 11:27-33)
1ТӀаьхьо, Ӏийса Делан цӀийнан кертахь хаза кхаъ кхайкхош волуш, Цунна тӀебаьхкира динан коьрта дай а, Ӏелам нах а, баккхий нах а. 2«Муьлхачу бакъонца ду Ахь деш дерг? Хьан елла Хьуна и бакъо?» – аьлла, хаьттира цара.
3Ӏийсас жоп делира: «ХӀинца Аса а дийр дара шуьга цхьа хаттар: 4Яхьъяна хих нах чекхбаха елла бакъо стигалара яра я адамашкара яра?»
5ТӀебаьхкинарш вовшийн барт бан хӀиттира: «Нагахь вай: „Стигалара яра“, алахь, Цо хоттур ду: „Цунах хӀунда ца тийшира шу?“ – аьлла. 6Амма нагахь: „Адамашкара яра“, – алахь, наха вайна тӀулгаш кхуьссур ду, хӀунда аьлча уьш тешна бу Яхьъя пайхамар хиларх». 7Цара жоп делира: «Ца хаьа тхуна», – аьлла.
8Ӏийсас элира: «ТӀаккха Ас а эр дац шуьга, муьлхачу бакъонца деш ду Айса деш дерг».
Кемсийн беш лелорхочух лаьцна хьекъале дийцар
(Маттай 21:33-46; Марк 12:1-12)
9 # ЕшаӀ-ЯхӀу 5:1. Юха Ӏийсас нахана цхьа хьекъале хӀума дийцира: «Цхьана стага кемсаш йийна хилла. Уьш лело белхалошка дӀа а елла, дуккха а ханна цӀера ваьлла хилла иза. 10Кемсаш хуьлучу хенахь шен ялхо вахийтина цо белхалошна тӀе, гулбинчу стоьмех цхьа дакъа да шена аьлла. Амма белхалоша ялхо, етта а йиттина, ваьсса цӀа хьажийна. 11ХӀусамдас кхин цхьа ялхо а вахийтина, амма цара, етта а йиттина, сийсаз а вина, хӀумма а ца луш, дӀахьажийна иза а. 12Цо кхозлагӀа ялхо вахийтина. Белхалоша йиттина, цӀийх а вуьзна, эккхийна иза а. 13ТӀаккха хӀусамдас аьлла: „ХӀун дан деза ас? Сайн хьоме кӀант вахийта веза ас, цуьнга мукъана а ларам хир бац теша церан?“ 14Амма шайна тӀевеана и кӀант гича, белхалойн сацам хилла: „Иза хинволу хӀусамда ву. Вай иза вен веза, тӀаккха цуьнан бахам вайна буьсур бу“. 15Кемсийн бешара ара а ваьккхина, вийна цара иза.
Ткъа хӀинца хӀун дийр ду царна хӀусамдас? 16Ван а веана, и белхалой байа а байина, кхечаьрга дӀалур ю-кх кемсийн беш».
ЛадугӀучара элира: «Иза иштта ма хуьлийла!»
17 # Забур 117:22. Ӏийсас, леррина цаьрга а хьаьжна, элира: «ХӀун маьӀна долуш ду Делан Йозанан дешнаш:
„ГӀишло еш пхьераша дӀакхоьссина тӀулг
цӀийнан сонан йистехь коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина“?
18Муьлхха а оцу тӀулга тӀе охьавоьжнарг аталур ву, ткъа и тӀулг цхьанна тӀе боьжча, цо хьошур ву».
19И дийцар шайна дуьхьал далийна дуй кхетта, цу сохьта Ӏийса лаца аьтто лоьхура динан дайша а, Ӏеламчу наха а. Амма уьш нахах кхоьрура.
Паччахьна ял яларх лаьцна
(Маттай 22:15-22; Марк 12:13-17)
20Цара Ӏийса леррина тергалвора, Цунна тӀе шайн мотт бетта нах а оьхуьйтуш. Муьлххачу даша тӀехь ваьлла а Иза галвалахь, мехкан куьйгалхочун Ӏедале дӀаваларе сатуьйсуш, и мекара нах гонах хьийзара Цунна, шаьш диканаш бу а моттуьйтуш. 21Цкъа хаьттира мотт беттачара: «Устаз! Хьан дешнаш а, хьехамаш а нийса буй хаьа тхуна. Стаге ца хьожуш, Ахь нийса хьоьху Далла лууш дерг. 22Алахьа, нийса дуй те римхойн паччахьна ял ялар я дац?»
23Церан мекарло гуш, Ӏийсас элира: 24«Схьагайтал Суна дато динари-ахча. Хьенан сурт ду кху тӀехь диллинарг, хьенан цӀе ю язйина?»
«Римхойн паччахьан ю-кх», – элира цара.
25ТӀаккха Цо жоп делира цаьрга: «Делахь, паччахьна паччахьна доггӀург дӀало, Далла – Далла доггӀург».
26Нахана хьалха цхьана а хӀуманна тӀехь Иза лаца а ца велла, Цуьнан жоьпах цецбевлла, дӀасевцира мотт беттарш.
Денваларх лаьцна
(Маттай 22:23-33; Марк 12:18-27)
27 # Векалийн 23:8. Ӏийсана тӀе садукъой баьхкира. Уьш ца тешара велла стаг денваларх. Цара хаьттира Цуьнга: 28#Карлабаьккхинарг 25:5. «Устаз! Муса-пайхамаро яздина вайна, нагахь стаг велча, цуьнан зуда доьзалхо воцуш йисахь, веллачун вашас и зуда яло еза шен вешин тӀаьхье меттахӀотто. 29ВорхӀ ваша хилла. Хьалхарчо зуда ялийна, амма и лечу хенахь доьзалхо ца хилла цуьнан. 30Иштта хилла шолгӀачу вешина а. 31КхозлагӀчо ялийна иза, иштта ворхӀе а велла уьш, цхьа а бер доцуш. 32Эххар и зуда а елла. 33Масала, уьш денбелча, хьенан зуда хир ю иза, ворхӀангахь а иза марехь хилла хилча?»
34Ӏийсас жоп делира: «Кху дуьнен чохь зударий а балабо, маре а боьлху. 35ТӀейогӀучу хенахь беллачуьра денбала хьакъ берш зударий балош я маре боьлхуш хир бац. 36Деллачуьра ден а делла, уьш Делан бераш ду. Маликех тарделла, уьш кхин лийр дац. 37#Арадаккхар 3:6. Ткъа белларш билггала денлург хилар Муса-пайхамаро гайтира коканийн колл йогучу хенахь. Мусас Везачу Элах „ИбрахӀиман а, Исхьакхан а, Якъубан а Дела“ аьлла. 38Амма Дела беллачеран Дела вац, дийначеран Дела ву, хӀунда аьлча Цунна гергахь массо а дийна ву!»
39И хезча, цхьаболчу Ӏеламчу наха элира: «Дика жоп делира Ахь, Устаз!» – аьлла. 40Кхин цхьа а Цуьнга хаттар дала ца хӀуттура.
Дала леррина Къобалвинчух лаьцна хаттар
(Маттай 22:41-46; Марк 12:35-37)
41Юха Ӏийсас хаьттира: «Дала леррина Къобалвинарг Даудан КӀант ву хӀунда олу? 42#Забур 109:1. Дауда забура тӀехь ша ма-аллара:
„Везачу Эло сан Хьалдолчу Эле аьлла:
Суна аьтту агӀор охьахаа,
43Аса Хьан мостагӀий Хьан когашка охьабахккалц“.
44Нагахь Дауда Цунах „Хьалдолу Эла“ аьлча, цуьнан кӀант муха хуьлу Иза?»
Ӏеламчу нахах ларвалар
(Маттай 23:1-36; Марк 12:38-40)
45Массо а Ӏийсага ладугӀуш вара, ткъа Цо Шен мурдашка элира: 46«Ӏеламчу нахах ларлолаш. Уьш деха духарш духий лела, базаран майданашкахь шайга маршалла хоттуш хазахета царна, гуламан цӀа чохь а, той долчохь а баьрччехь Ӏан лаьа царна. 47Цара бисина Ӏан зударий шайн цӀенойх а боху, шаьш гайтархьама деха доӀанаш а до. Амма иштта болчарна луьра таӀзар хир ду».

Zur Zeit ausgewählt:

Лака 20: CHE

Markierung

Teilen

Kopieren

None

Möchtest du deine gespeicherten Markierungen auf allen deinen Geräten sehen? Erstelle ein kostenloses Konto oder melde dich an.