Лака 17
17
Къа латадайтарх, гечдарх, тешамах, декхарх лаьцна
(Маттай 18:6, 7, 21, 22; Марк 9:42)
1Ӏийсас элира Шен мурдашка: «Стаге къа латадойтуш долу хӀума тӀе ца догӀуш дуьсур дац. Амма декъаза ву ша бахьана долуш нахе къа латадайтина стаг. 2Делах тешаш болчу лахара болчех цхьаьнга къа латадойтучул, хьеран тӀулг, коча а оьллина, ша хӀорда чу кхоссийтар гӀоле ю цу стагана. 3#Маттай 18:15. Шаьш ларлолаш! Нагахь хьан вашас къа латадахь, бехк баккха цуьнгара, амма иза дохковалахь, гечде цунна. 4Нагахь хьан вашас дийнахь ворхӀазза хьуна дуьхьал къа латадахь, амма ворхӀаззе а хьо волчу а веана: „Со дохковаьлла“, – алахь, гечде цунна».
5ТӀаккха векалша элира Ӏийсага: «Алсамбаккхахьа тхан тешам», – аьлла.
6Ӏийсас элира: «Нагахь санна шун тешам жимачу буьрттигал а белахьара, аш оцу комарийн дитте ала тарлора: „Орамашца схьа а далий, хӀорда чу догӀало!“ Цо аш бохург дийр дара.
7Масала, шун цхьаннан охуш я жа дажош ялхо ву. Иза арара балхара цӀа веача, хьан эр ду аш цуьнга: „Схьавола, хӀокху метте агӀорвалий, хьайна хӀума яа“? 8Мелхо а, аш цуьнга эр ду: „Суна яа хӀума кечъе, юкъ а ехкий, сан гӀуллакхе хьажа со йиина а, мелла валлалц, тӀаккха – айхьа а яа а яа, мала а мала“. 9Шена тӀедиллинарг ялхочо кхочушдича, цунна баркалла хьан эр ду аш? 10Иштта аша а, шаьш дан деза гӀуллакх кхочушдай, ала: „Тхо хьакъ доцу ялхой бен дац – оха тхайна тӀедиллина гӀуллакх кхочушдина“».
Чкъуран цамгар йолу итт стаг туовар
11Ярушалайме воьдуш, Шамранан а, Галилайн а шина мехкан дозанехула схьавогӀуш вара Ӏийса. 12Иза цхьана юьрта чувулуш, Цунна дуьхьалкхийтира дӀа ца йоьрзу чкъуран цамгар йолу итт стаг. Геннахь севцина, 13маьхьарий хьаькхира цара: «Ӏийса! Устаз! Къинхетам бехьа тхох!» – аьлла.
14 #
Ӏамалъяр 14:1-32. Уьш гиначу Ӏийсас элира: «Даха а гӀой, динан дайшна шаьш гайта», – аьлла.
Цомгуш нах, дӀабоьлххушехь, новкъахь шайн цамгарх цӀинбелира. 15Царах цхьаъ, ша товеллий а хиъна, мохь туххуш Далла хастам а беш, вуха вирзира. 16Ӏийсана хьалха гора а воьжна, Цунна баркаллаш баха хӀоьттира иза. Иза шамранхо вара. 17ТӀаккха Ӏийсас хаьттира: «Итт стаг ца товелла цамгарх? Важа исс мичахь ву? 18Далла хастам бан веанарг кхечу къомах волу хӀара стаг бен ма вац?» 19ТӀаккха цу шамранахочуьнга элира Цо: «ХьалагӀатта, дӀавало. Хьан тешаро цамгарх кӀелхьарваьккхи хьо».
Делан олалла тӀекхачар
(Маттай 24:23-28, 37-41)
20Цкъа парушхоша хаьттира Ӏийсага: «Делан Олаллин де тӀе маца кхочур ду?» – аьлла.
Цо жоп делира: «Шуна гучу кепехь догӀур дац Делан Олалла. 21Цхьаьнгге а алалур дац: „Иза кхузахь ду“ я „ДӀогахь ду“, хӀунда аьлча Делан Олалла шуна юкъахь ду».
22ТӀаккха Шен мурдашка элира Цо: «Цхьа хан йогӀур ю Адамийн КӀентан денойх цхьа де гина а, ган шу сатесна долуш, амма шуна и де гур дац. 23Шуьга эр ду: „Иза кхузахь ву“, я „ДӀогахь ву“, амма И гур вара алий, шу дӀа ма хьовда. 24Ерриг а стигал цхьана йистера вукху йисте кхаччалц серлаяьккхина, стелахаьштиг санна, хир ву Адамийн КӀант Шен дийнахь. 25Амма и де тӀекхачале, дуккха а баланаш лан дезар ду Цуьнан. ХӀокху адамийн тӀаьхьено эккхор а ву Иза. 26#Доладалар 6:5-8. Нохьа-пайхамаран деношкахь ма-хиллара хир ду Адамийн КӀентан деношкахь а. 27#Доладалар 7:6-24. Нах дууш, молуш, зударий балош, маре оьхуш бара Нохьа-пайхамар хӀордкеманна чу валлалц. Амма цул тӀаьхьа хи а хьаьдда, и берриг нах хӀаллакьхилира. 28#Доладалар 18:20–19:25. Изза дара ЛутӀа волчу деношкахь а: дуура, молура, оьцура, духкура, дӀадоьра, гӀишлош йора. 29Амма ЛутӀа Седамера араваьллачу дийнахь стигалара, догӀа санна, деанчу цӀеро а, саьмгало а дерриг а адам хӀаллакдира. 30Иштта хир ду Адамийн КӀант гучувоккхучу дийнахь а.
31 #
Маттай 24:17, 18; Марк 13:15, 16. Оцу дийнахь тхов тӀехь нисвелларг шен хӀуманаш схьаэца цӀа чу ма гӀо. Эрна арахь верг цӀа юха ма верза. 32#Доладалар 19:26. Дагадаийта шайна ЛутӀин зудчух хилларг. 33#Маттай 10:39; 16:25; Марк 8:35; Лака 9:24; Яхьъя 12:25. Шен са лардечо иза хӀаллакдийр ду, ткъа са дӀалочо иза Ӏалашдийр ду. 34Билггала боху шуьга: цу буса цхьаьна дӀабийшинчех цхьаъ дӀаоьцур ву, ткъа важа вуьтур ву. 35КӀа оручу шина зудчух цхьаъ дӀаоьцур ю, важа юьтур ю»#17:35 Цхьадолчу тептарш тӀехь – Маттай 24:40 – кхузахь, 36-гӀа аят санна, тӀетоьхна ду: Шиъ аренгахь болх беш хир ву. Царах цхьаъ схьаоьцур ву, ткъа важа вуьтур ву..
37«Мичахь хир ду иза, Эла?» – аьлла, хаьттира Цуьнан мурдаша.
Ӏийсас элира: «Дакъа долчу хьаргӀанаш а гуллур ю».
Zur Zeit ausgewählt:
Лака 17: CHE
Markierung
Teilen
Kopieren
Möchtest du deine gespeicherten Markierungen auf allen deinen Geräten sehen? Erstelle ein kostenloses Konto oder melde dich an.
© Институт перевода Библии, 2012