Доладалар 1

1
Дуьненан кхолладалар
1Юьхьанца Дала кхоьллира стигалшший, латтий. 2Ткъа латта даьсса а, кегарин а дара, гобаьккхина кӀорга хи а, Ӏаьржа бода а бара, ткъа Делан Са хиш тӀехула лелаш дара.
3 # 2 Коринтхошка 4:6. Дала элира: «Хуьлийла серло». ТӀаккха серло хилира. 4Дела хьаьжча, Цунна и серло дика хийтира. ТӀаккха Дала серло боданах къастийра. 5Серлонах Дала «де» элира, ткъа боданах «буьйса» элира.
Иштта суьйре а дӀаелира, Ӏуьйре а еара. ДӀаделира цхьа де.
6 # 2 Кипин 3:5. Дала элира: «Хи юккъехула а доькъуш, дуькъа хӀаваъ хуьлийла». 7Иштта хилла дӀахӀоьттира: Дала дуькъачу хӀавааца хи шина декъе дийкъира. Цхьа дакъа хӀаваана тӀехула хуьлуш, важа дакъа бухахь дуьсуш. 8Цу дуькъачу хӀаваах Дала «стигал» элира.
Суьйре а хилира, Ӏуьйре а тӀееара. ДӀаделира шолгӀа де а.
9ТӀаккха элира Дала: «Стигалан бухахь долу хи дерриг цхьаьна а кхетийла, екъа меттиг а хуьлийла». Иза иштта хилира. 10Екъачу меттигах Дала «латта» элира, ткъа цхьаьнакхеттачу хих «хӀорд» элира. И дерриге гича, Далла иза дика хийтира.
11Цул тӀаьхьа Дала элира: «Лаьтта тӀехь йолийла сийналла а, буц а, ялта а, шайна чохь хӀу а долуш, стоьмаш ло дитташ а, шайна хӀора стоьма чохь хӀуш а долуш. Оцу хӀух юха а изза тайпа ораматаш а хуьлуш». Иштта хилла дӀахӀоьттира. 12Латто сийналла а елира, буц елира, ялта а кхиира, шайн-шайн тайпана хӀу а луш, уьш юха а йовлуш. Стоьмаш ло дитташ а хьаладевлира, шайна чохь хӀуш а долуш, царех кхин а цу тайпана дитташ а довлуш. Иза а, хьаьжча, Далла хазахийтира.
13Юха а суьйре дӀаелира, Ӏуьйре а еара. Чекхделира кхозлагӀа де а.
14Дала элира: «Хуьлийла стигалахь серлонаш! Лаьтта тӀе билгалонаш лойла цара, де буьйсанах а къастош, хенан заманаш а йоькъуш, денош а, шераш а доькъуш. 15Лаьтта тӀе шайн серло а лойла цара». Иштта хилла дӀахӀоьттира. 16Цу тайпана кхоллаелла шиъ коьрта серло, царех йоккхачо дийнан, ткъа жимочо буьйсанан Ӏуналла а деш. Седарчий а кхолладелла стигалахь. 17Уьш Дала дӀанисдина стигалахь, лаьтта тӀе шайн серло ялийта а, 18дийнан а, буьйсанан а Ӏуналла дан а, серло боданах къасто а. Дела хьаьжча, Цунна и дерриге а хазахийтира.
19Суьйре а еара, Ӏуьйре а тӀекхечира. ДоьалгӀа де а дӀаделира.
20Юха Дала элира: «Хуьлийла хи чохь дуккха а, массо а тайпана садолу хӀуманаш. ХӀаваэхь тӀема довлийла дуккха а тайп-тайпана олхазарш а».
21Иштта кхоьллира Дала Ӏаламат хӀордан дийнаташ а, массо а тайпана хи чохь йолу садолу хӀуманаш: яккхий а, кегий а. ХӀаваэхь тӀема девлира дуккха а массо а тайпана олхазарш. Дела, хьаьжча, Ша кхоьллинчунна реза хилира. 22Цо, уьш декъалдеш, элира: «Дебийла шу, тӀаьхье беркате а хуьлуш, хӀордаш хих дузуш. Дуккха а олхазарш кхуьийла дуьнен чохь».
23ТӀееара суьйре, хилира Ӏуьйре а. ДӀаделира пхоьалгӀа де а.
24Юха Дала элира: «Хуьлийла лаьтта тӀехь массо а тайпана садолу хӀуманаш а, даьхни а, текхаргаш а, лаьттан акхарой а, шайн-шайн тайпанашца». Иштта хилла дӀахӀоьттира. 25Тайп-тайпана акхарой а, даьхни а, лаьттан текхаргаш а, ерриге тайпанашца кхоллаелира. Хьаьжча, Далла иза а хазахийтира.
26 # 1 Коринтхошка 11:7. ТӀаккха Дала элира: «Кхуллур Вай адам, Вешан аматехь а, вастехь а долуш. Хуьлийла уьш олалла деш дуьнен чу мел кхоьллинчу са долчу хӀуманашна тӀехь: хи чуьра а, лаьтта тӀера а дийнаташна тӀехь а, лаьттан текхаргаш тӀехь а, хӀаваэра олхазаршна тӀехь а, дерриге лаьтта тӀехь а».
27 # Маттай 19:4; Марк 10:6. Иштта кхоьллира Дала адам. Стаггий, зудий кхоьллира Цо Шен аматехь.
28Уьш декъалбеш, Дала элира: «Дебийла шу, тӀаьхье стам а луш, дузийла аш латта, шайн дола доккхийла аша иза. Олалла дойла аш массо а хи чуьра чӀерашна тӀехь а, хӀаваэра олхазаршна тӀехь а, дерриге а лаьтта тӀера дийнаташна тӀехь а».
29Юха а элира Дала: «Шуна ло Аса дерриге а лаьтта тӀера массо а хӀу тосу ораматаш а, массо тайпана стом ло дитташ а, шайна чохь оццу диттийн хӀу а долуш. Царех хир ю шуна юург. 30Ткъа ерриге а садолчу хӀуманна а ло Аса массо а тайпана гӀа-буц. Ерриге а лаьтта тӀера акхарошна а, массо а стигалара олхазаршна а, хӀора лаьттан текхаргана а юург хир ю иза». И дерриге а хилла дӀахӀоьттира.
31Оцу Ша мел кхоьллинчуьнга Дела резахиларца хьаьжира. Иштта еара суьйре а, Ӏуьйре а хилира. ЯлхалгӀа де а дӀаделира.

Valgt i Øjeblikket:

Доладалар 1: CHE

Markering

Del

Kopiér

None

Vil du have dine markeringer gemt på tværs af alle dine enheder? Tilmeld dig eller log ind