Марк 2
2
Ӏийсас дегӀан дола ца далуш волу стаг тово
(Маттай 9:1-8; Лака 5:17-26)
1Масех де даьлча, Ӏийса Къапарнаме юхавирзира. Иза цӀа вирзина аьлла, хабар даьржира. 2И волчу дукха адам гулделира, неӀарехула чувала меттиг а ца юьсуш, ткъа Ӏийсас царна хьехамаш бора. 3Баьхкинчарна юкъахь шен дегӀан дола ца далуш волу стаг айина вахьаш веана виъ стаг вара. 4Амма адам тӀех дукха хиларна, уьш Ӏийсана тӀе ца кхачалора. ТӀаккха цара, Ӏийса чохь волчу цӀенна тӀехула болчу тхов тӀе а бевлла, тховх Ӏуьрг а даьккхина, цомгушниг шен мотт-гӀайбица чу а воссийна, Ӏийсана хьалха охьавиллира. 5Церан Шех тешар гича, цомгушчуьнга Ӏийсас элира: «Сан кӀант, хьан къиношна гечдина».
6Цигахь хиъна Ӏаш масех Ӏелам стаг вара. Шайн дагахь цара бохура: 7«Иза хӀун ду те хӀокху стага дуьйцург? Цо ма Ӏеса къамел до. Къиношна гечдан хьенан бакъо ю, цхьа Дела воцучун?»
8Цу сохьта, церан дог-ойла хууш, Ӏийсас цаьрга элира: «ХӀун ойланаш ю аша йийраш? 9Цомгушчуьнга ала хӀун ду атта: „Хьан къиношна гечдина“, я: „ХьалагӀатта, хьайн мотт-гӀайба а эций, дӀагӀо“? 10Амма Суна лаьа шуна хаийта Адамийн КӀентан дуьнен тӀехь къиношна гечдан олалла дуйла». ТӀаккха цомгушчуьнга Ӏийсас элира: 11«Ас боху хьоьга! Хьала а гӀаттий, хьайн мотт-гӀайба схьа а эций, цӀа гӀуо!»
12Важа, сихха хьала а гӀаьттина, шен мотт-гӀайба а эцна, массарна а гуш аравелира. Чохь болчара чӀогӀа инзарбевлла, Далла хастамаш беш, бохура: «Тхуна цкъа а ца гина хӀуманаш ду-кх хӀорш!»
Левига тӀекхайкхар
(Маттай 9:9-13; Лака 5:27-32)
13Юха а Ӏоман берда тӀе веара Ӏийса. Цунна тӀе дукха адам деара, ткъа Ӏийса царна хьехамаш бан волавелира. 14Юххехула чекхволуш, Цунна ХӀалпайн кӀант Леви гира, ял схьагулъеш болчеран бун чохь хиъна Ӏаш. Ӏийсас элира цуьнга: «Суна тӀаьххье схьавола!» Леви, хьала а гӀаьттина, Цунна тӀаьххье дӀавахара.
15Цхьана дийнахь Ӏийса Левин цӀахь хӀума юуш вара. Дуккха а ял йоккхурш а, къинош летийна болу нах а бара Цуьнца а, Цуьнан мурдашца а, хӀунда аьлча Ӏийсана тӀаьхьахӀиттинарш алссам бара. 16Къинош летийна болчу нахаца а, ял йоккхуш болчаьрца а Ӏийсас хӀума юуш а гина, парушхойн юкъара Ӏеламчу наха хаьттира Цуьнан мурдашка: «Ял йоккхуш болчу а, къинош летийна болчу а нахаца хӀума хӀунда йоу Цо?» – аьлла.
17Ӏийсас, и хезна, элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен. Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга бен».
Марха кхабарх лаьцна
(Маттай 9:14-17; Лака 5:33-39)
18Оцу хенахь Яхьъян мурдаш а, парушхойн мурдаш а марханаш кхобуш бара. Цкъа масех стага, тӀе а веана, хаьттира Ӏийсага: «И хӀун ду? Яхьъян мурдаша а, парушхоша а марха кхобу, ткъа Хьан мурдаша цкъа а марха кхобуш ма ца го?!»
19Ӏийсас жоп делира царна: «Масала, зуда ялийна меттиг хилча, зуда ялош волчун накъосташа и зуда ялош верг шайна юкъахь мел ву, марха кхобур дуй, шаьш гӀайгӀане хилар гойтуш? И стаг шайца мел ву, церан марха кхаба йиш яц. 20Ткъа цхьа хан йогӀур ю, и зуда ялийнарг дӀа а вигна, тӀаккха цара марха а кхобуш, уьш сингаттаме а хуьлуш».
21ТӀаккха Ӏийсас кхин а цхьа хьекъале дустар далийра царна: «Ширачу духар тӀе, керлачу кӀадих а яьккхина, йома латор яц цхьаммо а, хӀунда аьлча и йома тӀеттӀа а яхана, бедар тӀе а оьзна, и Ӏуьрг кхин а доккха хир ду. 22Я цхьаммо а керла чагӀар ширачу пӀаьлдиг чу ца дутту, хӀунда аьлча и пӀаьлдиг а бетӀар бу, чагӀар а Ӏенар ду. Керла чагӀар керлачу пӀаьлдиг чу дутту».
СадоӀучу шоьтан дийнахь буьртигаш схьадахар
(Маттай 12:1-8; Лака 6:1-5)
23 #
Карлабаьккхинарг 23:25. Цкъа шоьтан дийнахь кӀа дийначу арахула чекхволуш вара Ӏийса. Цуьнан мурдаша цигахула бовлуш кӀен кенаш схьадохура. 24ТӀаккха и гиначу парушхоша хаьттира Цуьнга: «Хьажахь, Дала кхоьллинчу шоьтан садоӀучу дийнахь дан мегаш доцу гӀуллакх хӀунда до цара?» – аьлла. 25Ткъа Ӏийсас жоп делира царна: «Аша ца дешна, Дауд-паччахьо ша а, шен накъостий а мацбелча, динчух лаьцна? 26#Шамъал 21:1-6. Иза, динан коьрта да Абу-ЯтӀари волчу хенахь, Делан цӀа чу а вахана, Далла къобалдина долу бепиг схьа а эцна, ша а диина цо, шеца болчу накъосташна а делла. Ткъа и бепиг динан дайшна бен даа мегаш ца хилла».
27КхидӀа а Ӏийсас элира цаьрга: «Шоьтан де адамашна кхоьллина ду, амма адам кхоьллина дац шоьтан денна. 28Цундела Адамийн КӀант Дала кхоьллинчу шоьтан денна тӀехь а Эла ву».
Currently Selected:
Марк 2: CHE
Highlight
Share
Copy

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012