YouVersion Logo
Search Icon

Маттай 2

2
Ӏийса волчу хьекъалчаш богӀу
1Ӏийса ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалахь вина. Иза яра ХӀарод-паччахь олаллехь волу зама. Ӏийса дуьнен чу ваьлла жимма хан яьлча, Ярушалайм-гӀала баьхкира малхбалехьара хьекъалчаш. 2Цара адамашка хоьттура: «Мичахь ву хӀинцца дуьнен чу ваьлла волу жуьгтийн къоман паччахь? Тхуна къеггина схьакхетта#2:2 Къеггина схьакхетта болу Цуьнан седа – я иштта: малхбалехьа йолчу агӀонгахь болу Цуьнан седа. болу Цуьнан седа гира. Цундела, Цунна хьалха гора а хӀуттуш, корта тоха даьхкина тхо». 3Иза шена хезча, ХӀарод-паччахь синтем байна хьаьвзира, ткъа цуьнца ерриг а Ярушалайм-гӀала сингаттаме хилла дӀахӀоьттира. 4ХӀарода ша волчу кхайкхира шен махкара динан коьрта дай а, Ӏелам нах а. Цо цаьрга хаьттира: «Муьлхачу меттехь дуьнен чу вала везаш вара Дала леррина Къобалвинарг?» – аьлла.
5Цара цуьнга жоп делира: «ЯхӀуд-махкарчу Байтлахам-гӀалара, хӀунда аьлча шен йозанна тӀехь пайхамаро аьлла ду:
6 # Мика-ЯхӀу 5:2. „Хьо а, ЯхӀуд-махкара Байтлахам-гӀала,
ЯхӀудан махкарчу сийлахьчу гӀаланаш юкъахь лахара яц.
Хьан махкара вер ву,
Сан Исраилан къоман куьйгалхо хилла дӀахӀуттун верг!“»
7ТӀаккха ХӀарода къайлаха шена тӀе схьакхайкхира малхбалера баьхкина болу хьекъалчаш. Цаьргара цунна хиира, маца гучубаьлла стигалахь керла седа. 8Байтлахам-гӀала уьш дӀахьажош, цо царна тӀедиллира: «ДӀа а гӀой, цу берах лаьцна доллу хӀума а хаа хьовса. Шайна иза карийначул тӀаьхьа соьга хаам бе, цига ваха а вахана, соьга а Цунна Ӏибадат дайта».
9Паччахьо шайна тӀедиллиначуьнга ла а доьгӀна, уьш новкъа бевлира. Царна къеггина схьакхетта гина болу седа#2:9 Я иштта: Царна малхбалехьа йолчу агӀонгахь гина болу седа., хьалха а баьлла, меллаша стигалахула дӀабоьдуш бара. ТӀаьххьара а иза сецира нийсса и бер долчу меттигна тӀехула. 10Шайна и сурт гича, хьекъалчаш чӀогӀа хазахетта хьаьвзира. 11Шаьш цӀа чу а дахана, шайна и Бер а, Цуьнан нана Марем а гича, цара, гора а хӀиттина, кортош охьа а таӀийна, Цунна Ӏибадат дира. ТӀаккха Цунна совгӀаташ а делира: деши а, хаза хьожа йогӀу еза хӀума а, деза хьакхар а. 12ТӀаьхьо царна гӀенах Дела дуьхьалтесира. Цо цаьрга ХӀарод-паччахь волчу юха ма гӀо элира. Цундела уьш кхечу новкъахула шайн махка дӀабахара.
Мисар-махка дӀабовдар
13Хьекъалчаш дӀабахча, Юсупна гӀенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Цо элира: «ХьалагӀатта, схьаэца бер а, цуьнан нана а, Мисар-махка, вадий, дӀагӀо. Аса шайга хаам баллалц, цигахь Ӏе, хӀунда аьлча ХӀарод-паччахь и бер лохуш ву, иза ден гӀерташ а ву».
14Юсуп, сама а ваьлла, бер а, Марем а схьа а эцна, буьйсанна Мисар-махка ведда дӀавахара. 15#ХӀушаӀ 11:1. ХӀарод-паччахь шен Ӏожаллех кхалххалц, уьш цигахь Ӏийра. Иштта кхочушхилира Везачу Эло пайхамарехула аьлларг: «Мисар-махкара аравалийтархьама схьакхайкхина Аса Сайн кӀанте».
Бераш дайар
16Хьекъалчаша ша левинийла хиъча, ХӀарод-паччахь чӀогӀа оьгӀазвахара. Цо сихонца омра делира, Байтлахам-гӀалахь а, цунна гонах йолчу ярташкахь а шина шарера далаза долу божабераш дайа аьлла. Цу берийн хан цо билгалъяьккхина хьекъалчашца шен хиллачу къамелехула. 17Цу тӀехь кхочушхилла Ярми-ЯхӀу-пайхамарехула хилла болу хаам:
18 # Ярми-ЯхӀу 31:15. «Аз хеза Рами чохь,
инзаре мохь, тийжар хеза.
Рахьал йоьлху шен берашна,
амма цхьаммо а шен дог оьцийла цунна ца лаьа,
хӀунда аьлча цуьнан бераш дийна дац».
Мисар-махкара юхаверзар
19ХӀарод-паччахь веллачул тӀаьхьа Юсупна Мисар-махкахь юха а Делан малик дуьхьалтесира. 20«Хьала а гӀаттий, – элира цо, – бер а, цуьнан нана а схьа а эций, Исраил-махка дӀагӀо, хӀунда аьлча бер ден гӀиртинарш белла».
21Бер а, Марем а схьа а эцна, Исраил-махка дӀаваха новкъа велира Юсуп. 22Шаьш цига дӀакхачале, цунна хиъна, ХӀарод-паччахь кхелхинчул тӀаьхьа цуьнан дарже дӀахӀоьттинарг паччахьан кӀант Архул вуйла. Иза цига дӀаваха ца хӀоьттира. Амма цунна гӀенах юха а малик дуьхьалтесира. Цо Юсупна цигара дӀаваха тӀедожийра. ТӀаккха Юсуп Галилай-махка дӀавахара. 23#Марк 1:24; Лака 2:39; Яхьъя 1:45. Уьш Назарт-гӀалахь ба̄ха хевшира. Иштта кхочушхилира Дала пайхамарехула аьлларг: «Цунах назартхо эр ду».

Currently Selected:

Маттай 2: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in