Малъаки 4
4
1«Гур ду шуна, Аса бекхам бо де тӀекхочур ду, ткъа иза йогу пеш санна хир ду. ТӀаккха кураллаш еш берш а, харцонаш лелош берш а – берриш а ча санна хир бу, уьш тӀедогӀун долчу дийно багор бу, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – церан я орам, я гаьннаш дуьтур дац. 2Ткъа Соьга ларамах дуьзна долчу шуна тӀехула нийсо тӀейоуьйту малх гӀоттур бу, цуьнан зӀаьнаршкахь дарба хир ду. Шу, божала чуьра арахецна долу эсий санна, кхиссалур ду. 3Ӏесанаш аша хьоьшур бу, Ас бекхам бечу дийнахь шун когаш кӀел уьш чан санна хир болу дела», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло.
ДӀахьедар а, чӀагӀо яр а
4«Дагахь латтабелаш Сан ялхо волчу Муса-пайхамаран товрат-хьехам – Хьарибехь Ас цуьнга дӀаделла долу парзаш а, тӀедехкинарш а, уьш Исраилан дерриг а халкъе кхочушдайтархьама.
5 #
Маттай 11:14; 17:10-13; Марк 9:11-13; Лака 1:17; Яхьъя 1:21. Ас шуна тӀе Эли-ЯхӀу-пайхамар воуьйтур ву, сийлахь а, къемате а долу Везачу Элан де тӀекхачале. 6Цо дайн дегнаш берашкахьа дерзор ду, ткъа берийн дегнаш дайшкахьа дерзор ду, Со, дӀа а ваийтина, Соьга шайн мохк дӀа а къастабайтина, иза кхоччуш хӀаллак ца байтархьама».
Currently Selected:
Малъаки 4: CHE
Highlight
Share
Copy
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012