YouVersion Logo
Search Icon

Лака 2

2
Ӏийса дуьнен чу валар
(Маттай 1:18-25)
1Оцу деношкахь Август цӀе йолчу паччахьера омра делира, Рим-пачхьалкхера массо а адам дӀаязде аьлла. 2Сири-махкахь Куьрна-мехкан куьйгалхо волчу хенахь, адамийн дуьххьарлера дӀаяздар дара иза. 3Цундела хӀора а ша схьаваьллачу гӀала вахара дӀаязвала.
4Юсуп а вахара Галилайн махкарчу Назарт-гӀалара ЯхӀуд-махка Дауд-паччахь винчу Байтлахам-гӀала, хӀунда аьлча иза Даудан цӀийнах схьаваьлла вара. 5Иза, доьзалхочух йолу а, шеца захало дийцина йолу а Марем а эцна, дӀаязвала воьдуш вара. 6Уьш Байтлахамехь болуш доьзалхо дуьнен чу волу хан тӀекхечира. 7Марема кӀант вира, шен дуьххьарлера доьзалхо. Цо иза, дӀа а хьарчийна, шаьш чохь долчу божалан хьаьвди чу виллира, хӀунда аьлча царна хьешан цӀа чохь меттигаш ца кхаьчнера.
Ӏуй а, маликаш а
8Оцу махкахь арахь буьйсанна шайн жаш лардеш Ӏуй бара. 9ЦӀеххьана царна хьалха Везачу Элан малик хӀоьттира, Везачу Элера долчу нуьраца уьш серла а бохуш. ЧӀогӀа кхерабелира Ӏуй. 10Малико элира цаьрга: «Кхера ма лолаш! Со шуьга массо а адам даккхийден долу хаза кхаъ бахьаш деана! 11Тахана Даудан гӀалахь дуьнен чу ваьлла шу кӀелхьардохург, Веза Эла волу Дала леррина Къобалвинарг. 12ХӀара билгало ю шуна: ДӀахьарчийна Бер карор ду шуна хьаьвди чохь».
13ЦӀеххьана маликана улло стигалара вуно доккха маликийн эскар доьссира. Цара, Далла хастамаш а беш, бохура:
14«Лакхарчу стигалшкахь Далла хастам бу!
Дуьнен тӀехь Дела реза волчу адамашна машар бу!»
15Маликаш стигала хьаладевлча, Ӏуша вовшашка элира: «Байтлахаме а дахана, цигахь хӀун хилла хьовса деза вай, вайга Везачу Эло баийтинарг хӀун хаам бу».
16Уьш цига сихонца бахара. Царна карийра Марем а, Юсуп а, хьаьвданахь Ӏуьллу Бер а. 17Бер гиначу цара дийцира, Цунах болу шайга бинчу хаамах лаьцна. 18Массо а ладугӀуш верг цецваьллера Ӏуша дийцинчунна. 19Ткъа Марема дерриг а хезнарг шен даг чохь латтадора. 20Ӏуй юхабирзира, Далла хастам а беш, хӀунда аьлча царна хезнарг а, гинарг а малико цаьрга ма-аллара хиллера.
Ӏийса Далла хьалха хӀоттар
21 # Ӏамалъяр 12:3; Лака 1:31. БорхӀалгӀачу дийнахь кӀант хадо везаш вара. Цуьнан цӀе Ӏийса тиллира. И цӀе цунна малико, иза ненан кийра а вале, тиллина яра.
22Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тӀехь яздина ма-хиллара, церан цӀена хуьлу Ӏадатан хан тӀекхаьчча, Марем а, Юсуп а, Ӏийса а эцна, Ярушалайме деара Иза Везачу Элана хьалха хӀотто. 23#Арадаккхар 13:2, 12. ХӀунда аьлча Везачу Эло товрат тӀехь тӀе-ма-диллара: «Муьлхха а дуьххьарлера боьрша бер Везачу Элана лерина хила деза». 24#Ӏамалъяр 12:6-8. Цул сов, ши къоркхокха я ши кхокха, бен а бейтина, сагӀа даккха дезара, Везачу Эло товратехь ма-аллара.
25Цу хенахь Ярушалаймехь ШамӀа цӀе йолуш цхьа стаг вара. Иза чӀогӀа Делах кхоьруш а, дика лелаш а, Исраилан халкъана синтем хиларе сатуьйсуш а стаг вара. Делан Са а дара цуьнца. 26Цунна Делан Синера хаам бара, Везачу Эло леррина Къобалвинарг галлалц, иза лийр вац аьлла. 27Делан Сино валийра иза Делан цӀийнан керта. Мареммий, Юсуппий, жима Ӏийсай цига баьхкича, Ӏийсана тӀехь, Дала товратахь тӀе-ма-диллара, гӀуллакх дан, 28ШамӀас, Ӏийса куьйгаш тӀе схьа а эцна, Далла хастам а беш, элира:
29«ХӀинца, Айхьа ма-аллара, садалар атта долуш,
Хьайн лай волу со дӀахецахьа, Хьалдолу Эла,
30хӀунда аьлча сан бӀаьргашна гира адамаш кӀелхьардоху дерг,
31Ахь массо а халкъашна хьалха кечдина долу.
32 # ЕшаӀ-ЯхӀу 42:6; 49:6; 52:10. Иза кхечу къаьмнашна Дела гучуваккхаран серло а ю,
Хьан Исраилан халкъан сий а ду!»
33Дай-наний чӀогӀа цецдаьллера шайн кӀантах лаьцна ШамӀас дийцинчух. 34ШамӀас Деле дийхира, уьш къобалбе аьлла. Беран нене Мареме цо элира:
«ХӀара бер Дала къобалдина ду,
Исраилан халкъана юкъара дукхахберш
хӀаллакьхилархьама а, кӀелхьарбахархьама а.
ХӀара Бер Дала елла билгало хир ю,
амма Кхунна резабоцурш а хир бу.
35Иштта, дукхачу адамийн дагахь дерг гучудер ду.
Амма хьан дог, тур чекхдаьккхича санна, баланехь хир ду».
36Кхузахь яра Ашаран цӀийнах а йолуш, шегахь Делера хаам болуш йолу Пануалан йоӀ Ӏайнаъ. Иза вуно къанъелла яра. Майрачуьнца ворхӀ шо бен цхьаьна даьккхина яцара иза. 37Важа йолу хан йисина Ӏаш яьккхинера цо. ХӀинца цуьнан дезткъе диъ шо дара. Иза, Делан цӀийнан кертара дӀа ца йолуш, дийнахь а, буса а Далла марханашца а, доӀанашца а гӀуллакх деш яра. 38Оцу хенахь царна тӀееана, цо, Далла баркалла а бохуш, Ярушалайм паргӀатъяккхаре сатуьйсучу нахе оцу Берах лаьцна дуьйцура.
39 # Маттай 2:23. Юсуп а, Марем а Везачу Эло тӀедиллина гӀуллакх дина а даьлла, шайн Галилай-махкарчу Назарт-гӀала юхадирзира. 40Ткъа Бер, де дийне мел дели, синца чӀагӀлуш а, хьекъал тӀекхеташ а, кхуьуш дара, Делан дика а дара Цуьнца.
Жима Ӏийса Ярушалаймехь
41 # Арадаккхар 12:1-27; Карлабаьккхинарг 16:1-8. ХӀора шарахь цуьнан да-нана Пасахь#2:41 Пасахь – жуьгтийн дезачу денош юкъахь лоруш долу цхьа де ду иза. И де Дала уьш Мисар-махкахь леш болчуьра кӀелхьарбахар дагадоуьйту де ду. олучу дезачу дийнахь Ярушалайме доьдура. 42Иштта КӀентан шийтта шо кхаьчча а, дезчу дийнахь Ярушалайме, лам тӀе хьалабевлира уьш, шайн Ӏедалехь ма-хиллара. 43Дезде чекхдаьлча, уьш цӀа богӀуш, Ӏийса Ярушалаймехь висира. Дений-нанний иза ца хиира. 44Царна моьттура Иза кхечаьрца схьавогӀуш ву. Цхьана дийнахь некъ бинчул тӀаьхьа, Иза гергарчаьргахь а, бевзачаьргахь а леха буьйлабелира уьш. 45Иза ца карийча, Ярушалайме юхабаьхкира уьш, Иза лоьхуш. 46Кхо де даьлча, карийра царна Иза Делан цӀийнан кертахь. Ӏеламчу нахана юкъахь Ӏаш вара Иза, цаьрга ладоьгӀуш а, хеттарш деш а. 47Массо а ладугӀуш берш цецбуьйлура Цуьнан кхетамах а, Цо лучу жоьпех а. 48Да-нана цецдаьллера, Иза цигахь а гина. Нанас хаьттира Цуьнга: «КӀант, хӀара хӀун ду ахь тхоьца деш дерг? Хьан да а, со а чӀогӀа сагатдеш, Хьо лоьхуш лелаш ма ду».
49«Аш хӀунда лоьху Со? – хаьттира Цо. – Шуна ца хаьара, Со Сайн Да волчохь хила везаш вуйла?» 50Амма уьш ца кхийтира Цо аьллачу дешнех.
51Иза цаьрца Назарте схьавеара. Цара бохург деш, царна муьтӀахь вара Иза. Ткъа нанас дерриг а хилларг шен даг чохь латтадора. 52#Шамъал 2:26; Кицанаш 3:4. Ӏийса воккха хуьлуш а, хьекъалца совволуш а вара. Цунна Дела а, нах а реза бара.

Currently Selected:

Лака 2: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in