YouVersion Logo
Search Icon

Доладалар 36

36
Ӏесаван тӀаьхье
(1 Шерашкахь 1:34-37)
1Ӏесаван (я кхечу тайпана аьлча Эдоман) тӀаьхье хӀара ю. 2#Доладалар 26:34. КанаӀан-махкара зударий балийра Ӏесава: Ӏада а, АхӀлибам а, Басамат а. Ӏада яра хьетахочун Эйлонан йоӀ. АхӀлибам яра Ӏанин йоӀ а, хьаьвихочун ЦӀибӀонан кӀентан йоӀ а. 3#Доладалар 28:9. Ткъа Басамат яра ИсмаьӀалан йоӀ а, Набуятин йиша а. 4Ӏадас Ӏесавана Элипаз вира, Басамата РаӀал вира. 5АхӀлибама ЕӀуш а, ЯӀлам а, Кхорахь а вира. КанаӀан-махкахь Ӏесавана бина кӀентий бара уьш.
6Шен зударий а, кӀентий а, йоӀарий а, цӀахь болу ялхой а, даьхни а, КанаӀанахь гулбина бахам а эцна, шен ваша Якъуб волчуьра кхечу метте дӀавахара Ӏесав. 7Цу шиннан дуккха а хьал а, даьхни а дара. Уьш тӀебаьхкина Ӏаш болчу лаьтта тӀехь дӀатарвала а, ваха а царна хала дара. 8Иштта, дӀавахна, СеӀир-махкахь ваха хиира Ӏесав (я Эдом).
9СеӀир-лаьмнашкахь Ӏийначу эдомхойн ден Ӏесаван тӀаьхье хӀара ю. 10Ӏесаван кӀентийн цӀераш яра:
Ӏесаван зудчун Ӏадин кӀант Элипаз а, Ӏесаван зудчун Басаматан кӀант РаӀал а.
11Элипазан кӀентий: Теман, Омар, Цепа, ГаӀтам, Кхеназ. 12Ӏесаван кӀентан Элипазан ТамнаӀ цӀе йолуш ялхо яра. Цо Элипазана Ӏамалекх вира. Уьш Ӏесаван зудчун Ӏадин берийн бераш дара.
13РаӀалан кӀентий бара Нахьати, Зерахь, Шама, Миза. Уьш Ӏесаван зудчун Басаматан берийн бераш дара.
14Ӏесаван зудчо, Ӏанин йоӀа, ЦӀибӀонан кӀентан йоӀа АхӀлибама Ӏесавана бина кӀентий бара ЕӀуш, ЯӀлам, Кхуорахь.
15Ӏесаван тӀаьхьенах баьччанаш бара хӀорш:
Ӏесаван дуьххьарлерачу кӀентан Элипазан кӀентий: баьччанаш Теман, Омар, Цепа, Кхеназ, 16Кхуорахь, ГаӀтам, Ӏамалекх. Уьш Эдомехь Элипазах схьабевлла баьччанаш бара. Иштта Ӏадин берийн бераш а дара уьш.
17Ӏесаван кӀентан РаӀалан кӀентий бара: баьччанаш Нахьати, Зерахь, Шама, Миза. Уьш Эдомехь РаӀалах схьабевлла баьччанаш бара. Иштта Ӏесаван зудчун Басаматан берийн бераш а дара уьш.
18Ӏесаван зудчун АхӀлибаман кӀентий: баьччанаш ЕӀуш, ЯӀлам, Кхуорахь. Ӏесаван зудчо, Ӏанин йоӀа АхӀлибама, бина баьччанаш бара уьш.
19Уьш Ӏесаван (Эдоман) кӀентий а, церан баьччанаш а бара.
Эдомехь Ӏийначу СеӀиран тӀаьхье
(1 Шерашкахь 1:38-42)
20Ӏесав вале Эдомехь Ӏийнера хьорихо СеӀир. Цуьнан бара кӀентий: Лутани, Шубали, ЦӀибӀон, Ӏана, 21Дишон, Эцар, Дишан. Эдомехь болу СеӀиран и кӀентий хьорихойн баьччанаш бара.
22Лутанин кӀентий: Хьори а, ХӀейма а. ТамнаӀ Лутанин йиша яра.
23Шубалин кӀентий: Ӏалван, Манахьат, Ӏейбал, Шапи, Онам.
24ЦӀибӀонан кӀентий: АяхӀу, Ӏана. Шен ден ЦӀибӀонан варраш яжош, яьссачу арахь довха хи карийна Ӏана вара иза.
25Ӏанин бераш: Дишон а, Ӏанин йоӀ АхӀлибам а.
26Дишонан кӀентий: Хьемдан, Эшбан, Итран, Керан.
27Эцаран кӀентий: БилхӀан, ЗаӀван, Ӏакхан.
28Дишанан кӀентий: ӀуцӀа, Арани.
29Хьорихойн баьччанаш бара Лутани, Шубали, ЦӀибӀон, Ӏана, 30Дишон, Эцар, Дишан. Уьш СеӀир-махкахь шайн-шайн тобанашкахь хьорихойн баьччанаш бара.
Эдом-мехкан паччахьаш
(1 Шерашкахь 1:43-54)
31Исраилан махкахь паччахьаш хилале Эдомехь хӀара паччахьаш бара:
32БеӀаран кӀант БулаӀ. Цуьнан гӀалин цӀе ДинхӀаба яра.
33БулаӀ велча, цуьнан метта Бацар-гӀаларчу Зерахьан кӀант Ябаб паччахь хилира.
34Ябаб велча, цуьнан метта теманхойн махкара Хьушам паччахь хилира.
35Хьушам велча, цуьнан метта Бедадан кӀант ХӀадад паччахь хилира. Муаби-махкахь маданхошна тӀехь толам баьккхина вара иза. Цуьнан гӀалин цӀе Ӏавит яра.
36ХӀадад велча, цуьнан метта Масрекха-гӀалара Самла паччахь хилира.
37Самла велча, цуьнан метта хина йистера Рехьабат-гӀалара Шаул паччахь хилира.
38Шаул велча, цуьнан метта Ӏахбаран кӀант БаӀал-Хьанан паччахь хилира.
39Ӏахбаран кӀант БаӀал-Хьанан велча, цуьнан метта ХӀадад паччахь хилира. Цуьнан гӀалин цӀе ПаӀу яра. Мезахьабан йоӀан Матарадан йоӀ Ма-ХӀайтӀабал яра цуьнан зуда.
40ХӀорш ю Ӏесаван тӀаьхьенах болчу баьччанийн цӀераш, церан тайпанашка а, лаьттанашка а хьаьжжина: ТамнаӀ, Ӏаьлви, Етат, 41АхӀлибам, Эла, Пинан, 42Кхеназ, Теман, Мубацар, 43Магдаал, Ӏирам.
Эдомхойн ден Ӏесавах схьабевлла баьччанаш бара уьш. Шайн долахь долчу лаьтта тӀехь шайн-шайн тайпанашца Ӏаш бара уьш.

Currently Selected:

Доладалар 36: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in