Векалийн 1
1
Делан Са лур ду алар
1 #
Лака 1:1-4. Лоруш волу Теапил,
сайн хьалхарчу жайни тӀехь ас яздинера хьоьга Ӏийсас дан а, хьеха а долийначу дерригенах а лаьцна, 2Шен векалшна Делан Синехула омра а дина, стигала Иза хьалаваьккхинчу денна тӀекхаччалц. 3Хала баланаш а, кхалхар а лайра Цо. Юха, ден а велла, цу векалшна тӀевеара Ӏийса, царна Ша гойтуш. Цо дукхазза а Ша денвалар билгал бакъ хилар гойтуш долу тоьшаллаш делира. Ӏийсас, кхин а шовзткъа дийнахь царна хьалха а хӀуттуш, Делан Олаллех лаьцна дуьйцура.
4 #
Лака 24:49. Цкъа, векалш шуьне гул а бина, Цо омра дира цаьрга: «Ярушалайм-гӀалара дӀа а ма довла, Аса шуна дийцинчу, Дадас шуна лур ду аьллачу дикане сатуьйсуш а хила. 5#Маттай 3:11; Марк 1:8; Лака 3:16; Яхьъя 1:33. ХӀунда аьлча Яхьъяс шу хих чекхдехира, ткъа масех де даьлча, шу Делан Синах дузур ду».
Ӏийса стигала хьалаваккхар
6Мурдаша, гул а белла, хаьттира Ӏийсага: «Эла, Ахьа Исраилан пачхьалкх юха меттахӀоттайо хан тӀе ца кхаьчна?» – аьлла.
7Цо жоп делира: «Дадас Шен бакъонца ехкина хенаш а, денош а хаар шун гӀуллакх дац. 8#Маттай 28:19; Марк 16:15; Лака 24:47, 48. Амма шуна тӀе Делан Са а доьссина, шуьга ницкъ беача, Сан тешаш хир ду шу Ярушалаймехь а, берриг ЯхӀуд-махкахь а, Шамранан махкахь а, дуьненан йисте кхаччалц а».
9 #
Марк 16:19; Лака 24:50, 51. Иза а аьлла, церан бӀаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Ӏийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира. 10Мурдаш леррина стигала хьоьжуш лаьттара Иза хьалахьочу хенахь. ЦӀеххьана царна хьалха кӀайн духар тӀехь долу ши стаг дӀахӀоьттира. 11«Галилай-мехкан бахархой, – элира цара, – шу хӀун деш лаьтта, стигала а хьоьжуш? Шу долчуьра Ӏийса стигала хьалавоккхуш шуна гина ма-хиллара, Иза иштта юха а вогӀур ву».
ЯхӀудан метта векал харжар
12Цул тӀаьхьа векалш, Зайт-диттийн лам тӀера чу а биссина, Ярушалайме баьхкира. И лам Ярушалаймана уллохь бара, садоӀучу шоьтан дийнахь бан магийначу некъан барамехь хиллал. 13#Маттай 10:2-4; Марк 3:16-19; Лака 6:14-16. ГӀала а баьхкина, уьш лакхарчу цӀа чохь гулбелира. Векалийн цӀераш яра: Кипа, Яхьъя, Якъуб, Ӏандар, Пилап, ТӀама, Барталамай, Маттай, ХӀалпайн кӀант Якъуб, Якъубан кӀант ЯхӀуд, ШамӀа, ша тӀелаьцнарг тӀевирззина кхочуш дан гӀертарг#1:13 Грекийн тептар тӀехь: ШамӀа-зилатхо. Зилатхо: Риман Ӏедална дуьхьал къийсам латтош йолчу жуьгтийн динан тобанан декъашхо.. 14Уьш гуттар а цхьаьна гуллора доӀанаш дан. Масех зуда а яра цаьрца, иштта Ӏийсан нана Марем а, Ӏийсан вежарий а бара.
15Цкъа уьш гулбеллачу метте бӀе ткъа гергга динан ваша веара. Кипас, хьала а гӀаьттина, элира: 16«Вежарий! Делан Йоза кхочуш ца хилча ца долу. Ӏийса лоцуш болчарна тӀехь куьйгалла дина волчу ЯхӀудах лаьцна хиндерг Делан Сино Даудехула аьлла дара оцу Йозан тӀехь. 17ЯхӀуд вайх цхьаъ вара, вай Далла гӀуллакх дечу хенахь вайца дакъа а лецира цо».
18 #
Маттай 27:3-8. Ӏийсана йинчу ямартлонах шена деллачу ахчанах цо латта эцнера. Цу лаьтта тӀехь велла карийна иза, даьттӀачу гай чуьра араяьлла чоко а йолуш. 19Ярушалаймехь массарна а хаьара оцу хиллачух лаьцна, цундела шайн маттахь цара «ХӀакал-дама» аьллера цу лаьттах. Иза «ЦӀийн латта» бохург ду.
20 #
Забур 68:26;
Забур 108:8. «Забур тӀехь цхьанхьа яздина ду:
„Цуьнан керт дӀатесна хуьлийла,
цигахь цхьа а кхин ма вехийла“,
вукхунхьа:
„Далла гӀуллакх дечохь цуьнан меттиг кхечо дӀалоцийла“.
21 #
Маттай 3:16; Марк 1:9; Лака 3:21;
Марк 16:19; Лака 24:51. Цундела вайна оьшу гуттар а вайца Ӏийсана уллохь а хилла, 22ткъа иштта Яхьъяс нах хих чекхбохуш хиллачул хенахь дуьйна, Ӏийса вай долчуьра стигала хьалаваккхалц хилла волу стаг. Иза, вай санна, Ӏийса денваларан теш хила а веза».
23Шиъ билгалваьккхира: шех Бар-Сабба я «Юст» олу Юсуп а, Маттахьи а. 24Векалша доӀа дира: «Веза Эла! Хьуна хӀораннан а дог девза, гайтахьа тхуна 25ша ваха веззачу метте дӀаваханчу ЯхӀудан метта, Айхьа векал а вина, гӀуллакх дан хаьржинарг». 26Юха цара кхаж тесира. И кхаж Маттахьин белира. Иза, шийтталгӀа векал а хилла, вукху цхьайттаннах дӀакхийтира.
Currently Selected:
Векалийн 1: CHE
Highlight
Share
Copy
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012