1
Марк 11:24
Делан Йозанаш
Цундела боху шуьга: дерриге а шайн доӀан тӀехь аш мел доьхург делла хиларх тешаш хила – тӀаккха аш доьхург лур ду шуна.
Compare
Explore Марк 11:24
2
Марк 11:23
Аса баккъалла а боху шуьга: нагахь цхьаммо хӀокху ломе олу-кх: „Хьала а балий, хӀордана чу кхоссало“, – шен даг чохь шеко а йоцуш, ткъа ша аьлларг билггала хирг хиларх теша а тешаш и хилча, хир ду цунна цо аьлларг.
Explore Марк 11:23
3
Марк 11:25
Шаьш доӀа дечу хенахь шайн даг чохь цхьанна вас елахь, къинтӀера довла цунна, шайн къиношна а Стигаларчу Дега гечдайтархьама».
Explore Марк 11:25
4
Марк 11:22
Ӏийсас жоп луш, элира цаьрга: «Делах тешар хила!
Explore Марк 11:22
5
Марк 11:17
Ӏийсас хьехамаш бора царна: «Яздина дац: „Сан цӀа доӀанаш ден цӀа олуш хир ду, массо а къаьмнашна лерина долу“? Ткъа аша кхунах „зуламхойн бен“ бина».
Explore Марк 11:17
6
Марк 11:9
Хьалха бевлла а, тӀаьхьа хӀиттина а богӀучара чӀогӀа маьхьарий деттара: «„ХӀашанна!“ „Декъала ву Везачу Элана цӀарах вогӀуш Верг!“
Explore Марк 11:9
7
Марк 11:10
Декъала ю тӀейогӀур йолу вайн ден Даудан пачхьалкх! ХӀашанна! Хастам стигалшкара Веза Воккхачу Далла».
Explore Марк 11:10
Home
Bible
Plans
Videos